ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бжезински: Нохчийчоьнан хаттар ца къастийча дер дац


Бжезински Збигнев
Бжезински Збигнев

Стигалкъекъа-беттан 26-чу дийнахь Вирджини штатехь Inova Fairfax Hospital олучу дарбанан хIусамехь кхелхина 89 шаре ваьлла Iамеркан политик, политолог Бжезински Збигнев

Бжезински воккха доттагI вара нохчийн къоман.

Нохчий тIеман баланех кIелхьарбаха гIерташ 1999-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь "Нохчийчохь Машар ХIоттабаран Iамеркан Комитет" кхоьллира дуьненна а вевзаш а, лоруш а волчу политико.

2003 шо чекхдолуш Вашингтонехь, Нохчийчохь боьдуш болу тIом бийца, гулъеллера леррина конференци. Оцу гуламехь коьрта къамел динера Нохчийчохь Машар ХIоттабаран Iамеркан Комитетан гIантдас Бжезински Збигнева. Бжезинскица къамел динера тхан корреспондента Аюбов Аслана.

Тахана Бжезински кхалхарца доьзна и артикл карлайоккху оха.

Вашингтонехь ГIура-беттан 10-чу дийнахь хилла конференци адамийн бакъонийн дийнахь дIаяьхьна хилар ларамаза дацар. Нохчийчохь дIадаханчу исс шарахь мел йохийна йолу бакъо, мел лелийна йолу харцо а, мел дина зулам дийцича, маситта стомма тептар язлур дара.

ХIинца а дац хийцаделла хIума а итталгIачу шаре баьллачу тIама тIехь. Йина кхел а йоцуш, я биллина бехк а боцуш, бойъуш нах бу вен кхел дIаяьккхина ю бохучу пачхьалкхехь. ТIепаз бовш нах а бу, дийнна ярташ а ю ягош.

Конференцехь дакъа лаьцначарна юкъахь цхьаболу нах а бара адамийн бакъонашца гергара уьйр йолуш. Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Картер Джиммин администрацехь ша Къоман Кхерамазаллин Хьехамча волуш хенахь, Бжезински Збигнева, масала, дукха къахьийгира ХIелсинки чIагIамаш кечбеш а, адамийн бакъонийн идей дуьнеаюкъарчу политикина юкъайоккхуш а.

Хабарш хилла диссина а ца Iаш, йоккха тIаьхьало хилира цо бинчу белхан. Оцу идейх шен политикин бух бира, Коммунизм йохош, боккха кхиам хиллачу Президента Рейган Роналда.

Бжезинскис, пачхьалкхашна юкъахь машар беш а, хьегна шортта къа. Ур-аттала и цкъа а хир бу, аьлла, ца хеттачохь а. Кхиндерг ца дийцича, цо лелийна юкъарло бахьанехь Мисар-пачхьалкханий, Израилний юкъахь хIоьттина машар тоьар бу хьахийча.

Цхьа а Iедалан дарж шен карахь дацахь, Бжезински политикина юккъера дIа ца ваьлла. Я и саннарш дIаболуш ца хуьлу цу юккъера. Демократи йолчу пачхьалкхашкахь Iедал цкъа а ца хуьлу цхьана меттехь гулдина, тоталитарийн пачхьалкхашкахь санна. Цо аьлла долу дош а, дина къамел а терго йоцуш ца дуьсу Iамеркан политикин дахарехь.

Оццул сий а, ларам а дуьненан уггар ницкъ болчу пачхьалкхехь шен хилча, Нохчийчохь Машар ХIоттабаран комитетан гIантда и вахаран цхьа ша-тайпа бахьана хила деза. Ша конференцехь динчу къамелехь Бжезинскис дийцира ша бен ца хеташ хIунда вац Нохчийчохь лелош дерг.

« Со бен хеташ ву и дерриг, со 20чу бIешерийн шоллагIчу декъан бер

1944-чу шарахь Нохчашна тIедеанчуьнга хьаьжча, цхьана бIе шарахь хьийзича ца тоьаш, дерриг къам хIаллакдан Iалашонца, мел верг шайн махкара а вохийна, пана махка дIабигар жуьгташна а, цигонашна а хиллачух тера догIуш ду...

долу дела. Суна шерра хууш ду, 20-чу бIешарахь санна дукха, цкъа а дайъина дацар адам ерриг исторехь. Леррина цхьацца коьртачохь хьийзинчу ойланийн дуьхьа байъина бара уьш», элира Нохчийчохь Машар ХIоттабаран комитетан гIантдас.

«Мел верг вагарвича, оцу цхьана бIешарахь алсамо нах байъина, цул хьалха дIаяханчу массо а заманахьчул. Инзарвоккхуш статистика ю и. Уггар дедоцучу нахана Iаламат яккхий къизаллаш гайтина бIешо дара и кхин а. И дерриг зийначарна дукха хIума Iамийна зама яра и.

Мила вара уггар баккхий баланаш хьегнарг тIаккха? Уьш цхьана могIара дIахIиттийча, уьш жуьгтий а бу. Массо а жуьгти хIаллакван билгалваьккхина вара, мел верг ца вийнехь а.

ШозлагIа, цигонаш а бу. Уьш а массо вен билгалваьккхина вара, массо ца вийнехь а.

КхозлагIа, нохчий бу. Нохчий! ХIунда аьлча, 1944 шарахь царна тIедеанчуьнга хьаьжча, цхьана бIе шарахь хьийзича ца тоьаш, дерриг къам хIаллакдан Iалашонца, мел верг шайн махкара а вохийна, Iаьнан уггар шийлачу баттахь пана махка дIа а вигина, ах гергга къам новкъахь дала а леш -- божарий, зударий, бераш а -- царна хилларг жуьгташна а, цигонашна а хиллачух тера догIуш ду.

Беллачеран статистике хьаьжча а, ду и тера догIуш. Ах гергга нах белла. Цхьа эзар исс бIе доьзткъалгIа шерашкахь кхин а масане белла уьш? Гергарчу хьесапехь, къоман доьалгIа дакъа хIаллак хилла там бу. И нах, некъан хьовзам хилла, я мохк бегийна, я мацалла хIоьттина, ца белла; уьш нехан карах белла, нехан лаамца.

Муха белла уьш тIаккха? Уьш цигонашший, жуьгтий санна белла, дуьнено кхин дош а ца олуш, шаьш цхьаьна, наггахь цхьамма шабарш а деш "хилийта йиш ма яц и", амма, и ца хилийта, кхин башха деш хIума а доцуш», бохуш билгалдаьккхира Бжежинскис.

Iамеркан Iедалийн Нохчийчоьнан хьокъехь йолчу позицина реза вац Бжезински. Цигахь лелош дерг ца хаар дац церан, боху цо, юкъа гIорта ца лаар ду:

«Нохчийчохь итт шо хьалха дуьйна таханлера де тIекхаччалц хиллачун хьокъехь Iамеркан политике хьаьжча, вайна гIехьчул баккхий хийцамаш гина. Хьалха Iедална хууш хIумма а дацара цунах лаьцна, ткъа хIинца, шайна хууш хIума доллушехь, бен ца хеташ Iа и. Хьалха Iедална хIумма а ца хаар гучуделира хьалхалерчу президента Нохчийчохь йоьдуш йолу конфликт Iамеркехь хиллачу махкахойн тIамах тарйича. Амма хIинца, шайн гIуллакх хилчхьана, Нохчийчохь хIуъа а хилча, бен ца хеташ Iа Iедал.

ХIинца волчу президентана дикка хаьа, хIун ду цигахь хуьлуш дерг. Цо мел лелош дерг гIуллакх ца довзарца доьзна дац, шена хIокху сохьта пайдехь хеташ долчуьнца доьзна ду. Ши эзар хьалхарчу шеран ГIадужу-беттан 11 дийнахь Iамеркана терроран тIелатар динчул тIаьхьа, и хаттар нораца палс кIел хьекхар хетара цунна пайдехь. Цигахь дерг хIун ду шена хуушшехь. ХIун дан деза ма хаьа вайна, амма деш дац-кх вай и», тIечIагIдеш элира Бжезинскис.

Iамеркана ГIадужу-беттан 11 дийнахь дина терроран тIелатар шайна пайде дерзо хиира Кремлана, бохуш вара кхин а Бжезински Збигнев. Цара бохучух теша сихабелира Iамеркан куьйгалхой а, цо дийцарехь:

«Оьрсийн куьйгаллина ГIадужу-беттан 11 де хиллачул тIаьхьа дика хиира и гIуллакх шайгахьа дерзо. Церан метта буьххьехь гуттар цхьа фраза, гуттар цхьа дош ду: терроризм, терроризм. Павловс шен жIаьлешкара йоккхуш хилла реакци санна.

Цара дикка лела а дина, лелош а ду и дош хIинца а, вайн бюрократаша шайн осалалла гойтуш лаьтташехь. Аса цхьана лакхарчу даржехь волчу Iедалстагаца къамел динера хьастагIа. Терроризм йийца волавелира и. Ас элира, хIаъ, терроризм ирча хIума ю, и емал ян езаш а ю.

Амма хIун до вай тIаккха, эзарнаш маьрша нах байъа, шайна дуьхьал лаьтташ болчеран деганаш чу кхерам болла, Соьлж-гIаличу кхиссинчу бомбанашна а, тIейиттинчу яккхий тоьпашна а. Террор яц и? Цхьажимма ойла а йина боху цо тIаккха: "И террор яц, иза шен ницкъахь пайда эцар ду". Со-м ца кхийти оцу башхаллех.»

Лелош харцо а гуш, IадIар оцу харцонна декъахь хилар санна хуьлу наггахь, боху президент Картеран Администрацехь Къоман Кхерамазаллин Хьехамча хиллачу Бжезинскис. Путинна товш дерг деш дуй-те вай, боху цо:

« Суна гергахь, оцу гIуллакхо цхьа хIума Iамадо вайна, цхьана хIуманна са а гатдойта. Цхьа а дегайовхо йисина йоцучу нахана луур дуй лартIехь дерг а, лартIехь доцург а къесто. Вай-ваьш дуй те нохчий экстремизмехьа тоьттуш? Путинна лууш дерг деш дуй-те вай?

20-чу бIешаро ца хьехна те вайна, вист ца хуьлуш IадIар наггахь зуламана юкъахь хилар санна дуьйла. И хаттар шена хIотто деза, аьлла, хета суна, тахана вай вешах тешам хилийта лууш делахь. Вай принципаш дуьхьа, догIа а доьгIна, латта дезаш ду», элира шен къамелехь Iамеркера Бжезински Збигнева.

Нохчийн тIамо Оьрсийн пачхьалкхана беш болу ницкъ бахьанехь бу шена оцу тIамца бала, элира кхин дIа Бжезинскис. Ша, Алжир паргIатъяьккхина волу Фарансин президент Де Голл санна, сийлалла долуш стаг велахьара, Путина дIадерзор дара Нохчийн гIуллакх, бохуш вара и.

« Кхин а кхолгIа бахьана ду, суна нохчийн гIуллакхашца бала хIунда бу, нехан а и бала хIунда хила беза. И дера бу Нохчийчоьно Оьрсийн пачхьалкхана деш долчуьнца боьзна. Сантименташ Iад а йитина, геополитике хьаьжча, Нохчийн хаттаро, суна схьахетарехь, Оьрсийчоь хийцаяла ца юьту, импери йоьхнехь а. Хийцаяла-м хьовха, кIегартоьтту и.

Нохчийчоьнан хаттар цхьаццанхьа тера догIу Алжиран хаттарах, хIунда аьлча, Алжиро цхьана хенахь дикка новкъарло йора Фарансехь модернизаци, демократизаци, европеизаци чекхъяккха. Хаттал аш шайга, стенгахь хир яра Фаранси тахана, цо Алжиран хаттаран йист ца яьккхинехьара, и хIинца а охьатаIийна цо латтийнехьара; Фаранси махкахоша хIинца а, Алжир Фаранси ю а бохуш, чIагIонаш еш елхьара, Алжирхой Фарансхой бу бохуш белхьара», хоьттуш вара Бжезински.

«Доккха сий долуш стаг ийшира и гIуллакх къасто а, и шад баста а, шира тептарш Iад а дитина, Фарансин кханенна оьшуш болу сацам тIеэца. Де Голл сий долуш стаг вара массо а агIор. Путин сий долуш стаг вац. Иза

20-чу бIешаро ца хьехна-те вайна, вист ца хуьлуш IадIар наггахь зуламана юкъахь хилар санна дуйла...

сий кIезга долуш стаг ву, шен махкахойн кийрахь мел долчу вочу хIуманах пайда эца гIерташ, диканиг тергал а ца деш.

Дан ма ду диканиг Оьрсийчохь а. Оьрсашна юккъехь а ма-бара майра нах, вай даьхьар доцучохь а, шайн принципийн дуьхьа дукха хIума дина. Царна хьалха декхарийлахь ду вай. Уьш -- Оьрсийчоьн кхане ю. Церан цIераш шуна хууш а хир ю.

Амма тахана Оьрсийчохь вайна гуш кIегардерза гIерташ автократин Iедал ду, мехкдаьтта а духкуш, дехаш, гонах мел долу хIума духуш-дахкалуш лаьтташехь. Уггар кхераме зуламаш даьржинчу пачхьалкхашна юкъахь ю и хIинца.

Гонах долчуьнга, ма-дарра, хьажа бIарзбелла бIаьргаш а болуш, шаьш даьккхинчу туьйранах теша уьш: ахь дуккха а латтанаш хьайн куьга кIел латтадой, хьайниг сий долуш пачхьалкх хуьлу, моьтту царна. Доккха гIалат ду и. Таханлерчу заманахь иштта къастош яц къоман сийлалла, иштта къастош бац къоман Iаткъам, иштта къастош бац къомехь болу ницкъ.

И туьйра чIогIа ду хIинца а Оьрсийн политикийн психологехь. Цо Оьрсийчоь кхиамаш баха ца юьту. И хийцалург хиларх теша со. Путинан режим Советан замано дохуш долу тIаьххьара синош ду. КГБ-н ишколера дешархойн тIаьххьара класс ю и.

Амма цхьа итт шо далале, кхин лидер гур ву вайна Оьрсийчохь. Иза Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь бизнес-ишкол чекхяьккхина хила там болуш хир ву. Министрийн Кабинет а хир ю Малхбузера Университеташ чекх яьхначарах хIоттаелла. Политикан элита а хир ю, кхечу пачхьалкхашкахь санна», аьлла шен тешам бовзийтира Бжезинскис.

Дуьненан юкъараллин Нохчийчохь хила езаш йолу Iалашонаш а йийцира конференцехь гуллабелчарна Нохчийчохь Машар ХIоттабаран Iамеркан Комитетан гIантдас Бжезински Збигнева:

«Оьрсийчоьнан дакъа хила лууш доцу халкъ делахь, хьекъалехь хIун хир дар хьуна аьлча, цхьа кхечу тайпа юкъаметтигаш тасар оцу халкъаца. Вайн Iалашо хIун хила еза аьлча, и хилийта, гIо дар. Вайн и гIуллакх даима дуьненаюкъарчу политикехь дийца деза. Палс кIел дIахьакха хаттар дац и.

ТIейогIучу заманан стратегин юьйцуш елахь, вайн дуьненчохь долу дакъа а, вайн принципаш а юьйцуш елахь, вайн оьрсашца йолу юкъаметтигаш а, кханалерчу дуьненан система а билгалъйоккхуш елахь, Нохчийчоьнан хаттар ца къастийча дера дац.

Гуттар билгал даккха деза, Оьрсийчоь Малхбузенан дакъа хила лууш елахь, шен империн салпалца ян йиш яц цуьнан Малхбузе.

Ши хIума дан дезаш ду. Уггар хьалха, гуттар хьехо деза Нохчийн къоман кеп-куц а, цунна чохь дисина долу са а лардарехь дуьненаюкъара жоьпалла хила дезаш дуйла. ХIунда аьлча, цунна еш йолу геноцид бахьанехь, дуьненчура дIадала там бу и. Ма-далло, дуьнено гIо дан деза цунна. Оьрсаша и тIеоьцуш дацахь, дIакховдо деза и гIо. Сталинс 1944-чу шарахь долийнарг тахана чекх ца даккхадалийта, дан дезаш ду и.

ШозлагIа, гуттар билгал даккха деза, Оьрсийчоь Малхбузен дакъа хила лууш елахь, шен империн салпалца цхьаьна цуьнан Малхбузе ян йиш ца хилар. Кхузахь меттиг яц, колониалистийн политика а, геноцид а дIакхоьхьучу пачхьалкхашна. Вай нийсса дIаала дезаш ду вайн дагахь дерг.

Вайн-вешан дуьненчохь долу дакъа лардан вай лууш делахь, вай Оьрсийчоь хийцаяла лууш делахь, вай-ваьш муха нах ду бохучу хаттарца вайн бала белахь, вайна хуур ду вай дан дезаш дерг», чIагIдеш элира Нохчийчохь Машар ХIоттабаран комитетан гIантдас.

Бжезинскин къамел чекх даьлча, Маршо Радионан аьтто белира цуьнга кхин а хаттарш дала. Таханлерчу Оьрсийн Iедалшна, массо билгалонашца, лууш дац Нохчийчохь боьдуш болу тIом машарца дIаберзо. Царна и сацо лууш бацахь, муха яккхалур ю нохчийн проблемин йист, аьлла, хаьттира оха кхин а цуьнга. Бжезинскис элира:

«ХIара проблема къаьстира ю, Оьрсийчохь керла куьйгалла хIоьттича. Керла догойла а йолуш, ханна кегий а болуш, Советан элитера схьадаьллачу Путинан Iедалх тера а боцуш. Путин Iедалехь а волуш, хийцамаш хуьлуш белахь, дуьнено тешо веза иза а, цуьнан Iедал а, Нохчийн гIуллакх къастор царна шайна пайдехь дуйла. И дуьненаюкъарчу тIегIан тIе ца даккхахь, Путинна цкъа а луур дац и дIадерзо».

Iамеркан Iедалан Нохчийн кризисан хьокъехь йолчу позицина критика йира ахь. Хийцаяла йиш йолуш мукъане юй те цуьнан политика тIейогIучу заманахь, аьлла, тIаьххьара хаттар делира оха Бжезински Збигневга.

«Суна хетарехь, Iамеркан политика кхета йолалуш ю, Оьрсийчоьнан чоьхьара эволюци галайолуш йоьдуш юйла. Цуьнца доьзна, Нохчийн трагедино Оьрсийчоьнан демократина а, Оьрсийн, Малхбузенан юкъаметтигашна а беш болу вон Iаткъам дико ган йолалуш а ю и», аьлла дIадерзийра Бжезинскис шен къамел.

(ХIара программа дуьххьар эфире яьллера 2003-чу шарахь)

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG