ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн ТIамо Ша-тайпа Эшарш Кхоьллина


Оьрсийчоь -- Оьрсийн салтий бу Соьлж-гIалахь, Нохчийчура Дуьххьара тIом, 1995
Оьрсийчоь -- Оьрсийн салтий бу Соьлж-гIалахь, Нохчийчура Дуьххьара тIом, 1995

Нохчийчохь боьдуш болчу тIамо дикка хаалуш болу Iаткъам беш бу ерриг Оьрсийн юкъараллина. И Iаткъам политикан дахарехь а, адамашкара дIайохуш йолчу паргIатонашкахь а, Iедало зорбан гIирсийн хедочу маьршоне хьаьжча а, хаабелла ца Iаш, тIаьхьа-тIаьхьа аттала исбаьхьаллехь а гучуболуш бу.



ТIом боккха бохам бу, нехан дерриг дахар тIекIелдоккхуш. И санна баккхий бохамаш даима буьсу халкъийн иэсехь, церан туьйранашкахь а, локхуш йолчу эшаршкахь. Нохчийн дуккха а бан дезна тIемаш шайн исторехь. Тахана а хаало Нохчийн фолклорехь оцу заманийн билгалонаш. Наха даьхна долу Дади-Юрт Яккхаран Илли, я Таймин Биболатан Илли, я Девлитгирин-Эвла Йоккхуш Даьккхина Илли историн бакъдолу документаш санна тIеоьцу наха тахана а.

Нохчийчохь хIокху тIаьххьарчу итт шарахь гергга боьдуш болу тIом а бу эшаршкахь а, иллешкахь а шен меттиг йолуш. И эшарш тIех дукха хиларна, соьга церан цхьа жимма дакъа бен хьахалур дац хIокху йоцачу программехь. Нохчийн эшарш-лакхархоша, масала, дийнна цхьа жанр кхоьллина тIоммий, цо беана болу балий буьйцуш. И тайпа эшарш лекхар кхераме дуйла а хиина нахана, Алимсултанов Имам вийча. И хьа вийна хIинца а къаьстина дац, амма массо билгалонашца и вер бахьана цо лоькхуш йолчу эшарийн чулацамца доьзна дар. Алимсултанов да лара мегар ду Нохчийчохь хьалакхиинчу бардийн чкъуран.
Нохчийн эшарш-лакхархоша дийна цхьа жанр кхоьллина тIоммий, цо беана болу балий буьйцуш...

<Алимсултановн йиш>

ДIадаханчу шеран гурахь, ГIалгIайн махкахь Iедалша базаршкара дIаяха йолийра Муцураев Тимуран эшарш тIехь йолу видео а, аудио а кассеташ. Нохчийчохь цуьнан эшарш паргIат юхкуш а, лоькхуьйтуш йоллушехь -- ур-аттала Оьрсийн блокпосташкахь а -- ГIалгIайн махкахь мах лелочарна дихкинера Муцураевн эшарш йохка а, лекхийта а. Омра дохийнчуьнгара дIаяккхара аппаратура а, 30 туьма гIуда а тухура. Зязиковн Iедална ца тайна хир дара ГIалгIайн кегийчу нахана а, Нохчийн мухIажаршна а Муцураевн зурманаш езаш хилар

<Муцураевн йиш «Сан Нана-латта»>

Шайн агIор оьрсаша а йоху эшарш, шаьш Нохчийчохь беш болу тIом буьйцуш. ДогIуш ма-хиллар, оцу эшаршкахь оьрсаша беш болу тIом хазбина а, кIайнбина а буьйцу. И тайпа кхолларалла дика карадирзина цхьамогIа эшаршлакхархошна а, тобанашна а. Масала, "Нохчийчоь цIергахь" боху тоба Нохчийчоьнах лаьцна бен эшарш лоькхуш а яц.

<"Чечня в огне" тобанан йиш>

ТIом зенаш доцуш ца хуьлу. Нохчийн эшаршлакхархоша наггахь бохам массарна цхьатерра хуьлуш бу, бохуш, буьцуш белахь, оьрсийн артисташа шайн салтийн хуьлуш долу кхалхар дуьйцуш бен ца хезна суна. ДДТ-н тобанан куьйгалхо Шевчук Юри ву локхуш

<ДДТ тобанан йиш «Пацаны»>

Нохчийн снайперша Оьрсийн салташна деш долу зенаш къаьсттина дукха хьехадо оьрсийн авторша язъечу эшаршкахь. Нохчийн снайперша бойуш берш кIайн месаш а йолуш, довха деганаш а долуш Оьрсийн кегийн нах хуьлу. Александр Маршал: "Снайпер"

<Маршал Александран йиш «Снайпер»>

ТIом атта богIуш бац оьрсийн эскаршна а. Нохчийчура дIавоьду зама тIееача, хазахеташ дIабоьлху салтий а, эпсарш а. Урале а, Сибрех а
Оьрсийн авторша язъечу эшаршкахь Нохчийн снайперша бойуш берш кIайн месаш а йолуш, довха деганаш а долуш Оьрсийн кегийн нах хуьлу ...
дIавахар, дийцарехь, гIолехь ду Нохчийчохь вуьсучул. "Мазлаке доьду ши беркема" боху йиш локху "Сийна береташ" цIе йолчу тобано

<"Сийна беретийн" йиш «Две вертушки на Моздок»>

Кхин а цхьа тема ю дукха а эшаршкахь хьехош: Соьлж-гIала. Иза а юьйцу шинне агIора шайна ма-тов. Йоха-м йоьхна и, амма жаIар ца хилла цунах, боху Шевчукс.

<ДДТ тобанан йиш «Грозный»>

Шен схьавалар Соьлж-гIалара долчу Ацаламов Артура жоьжахати санна юйцуш ю и. ХIинца Москох Iаш волчу Ацаламовс шен эшаршкахь дукха буьйцу шан Нохчийчохь лайна бу бохуш болу баланаш

<Мёртвые дельфины тобанан йиш «Мертвый город»>

Ацаламовс Соьлж-гIала жоьжахати санна йийцахь а, Умарова Лизина аьрзу санна кура а, ломара йоI санна хаза а хета и. Цхьа гIала сел цхьатерра ца гар тамашийна хIума а ду. Цхьана хIуманна тIетан мегар ду Умарован эшарехь: Соьлж-гIала баккъал турпал гIала ю.

<Умарова Лизин «Город-герой»>

Чекхъели Маршо Радион Нохчийн маттахь йолу программа. И кечйинарг а, дIаяьхьнарг Аюбов Аслан вара. Ас шу Iадикайо, амма шуьца вуьсуш ву Юрт-Да

<Юрт-Да тобанан йиш>


(ХIара программа дуьххьар эфире яьллера 2004-чу шарахь.)

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG