«Лаьттан кийрахь валлахь а, оьзда а, гIиллакхе а хила веза стаг»
(Вевзаш воцу хьекъале)
Маршо радио: Халхаволуш цхьа лоруш волу стаг хилча, цуьнан сий деш санна, бола юкъа ахча кхуссуш массарна а гина хир ду. Амма гIургIезан амалца халха йолуш йогIучу йоIанна кара ахча кхийдош, дуьххьара хааделлера. Нохчийн гIиллакхашца муха юкъаметтигаш ю-те цу гIулкхан аьлла, хаттар а луш долийра оха вевзаш волчу Нохчийчурча яздархочуьнца а, поэтаца а Уциев Абуца вайнехан гIиллакхех а, оьздангаллах а лаьцна долу къамел.
Уциев Абу: Нохчийн гIиллакхехь и ахча хьанна тосуш хилла аьлча, ловзарга богIуш хилла, хIинца ахьа дийцинчу ловзарга богIуш, хьан доттагIий хилла: луларчу мехкашкара элий а, шовхалш а, бекаш а. Шайн-шайн къаьмнийн ма-хиллий уьш, нохчийн хилла бац элий, нохчийн къонахий хилла. Цхьана къонахчу дикане, цо динчу ловзарга кхайкхина богIуш хилла и элий а, шовхалш а, бекаш а.
Уьш схьабаьхкича и ловзар кхаъа дийнахь а, кхаъа бусий а, я ворхI дийнахь а, ворхI бусий а лаьтташ хилла. И ловзар шайна гIелделла аьлла хеттачу хенахь (оцу баьхкинчара лай а ма-хиллий шайца балош, божарий а, зударий а) и лайш шишша стаг а, зуда а юкъадоккхуш хилла, къовсуш хилла, халхар деш хьайниш дика бовлий, сайниш дика бовлий, олий.
Уьш гайта, цхьаний мах хадо атта хилийта, пхи эла велахь а къовсуш верг, ялх велахь а, оцу ялхий а... цера ялх йоI, ялх къант а юкъадоккхуш хилла. Иштта бен, шишша волуш, халха бевлла а бац нохчийн ловзаргахь. ТIаккха царах дика халха бовлучарна, оцу хьоьжуш болчара ахча тосуш хилла тIе.
Лайшна бен тосуш а ца хилла ахча. ХIокху лай-йоIана а, хIокха кIант-лайна а хIоккхул дукха ахча тесна олий, оцу дукха ахча тасарехь хьалхара меттиг къастош хилла. Нохчийн йоIана тIе, нохчийн ловзаргахь тIе ахча тесна дац.
Лайшна бен тосуш а ца хилла (иза). И ахча схьагулдеш хилла. ХIокху лай-йоIана а, хIокха кIант-лайна а хIоккхул дукха ахча тесна олий, оцу дукха ахча тасарехь хьалхара меттиг къастош хилла. Церан дайша диллина долу совгIат толам баьккхинчарна дIалуш хилла. Иштта, нохчийн йоIанна тIе, нохчийн ловзаргахь тIе ахча тесна дац.
Маршо радио: Нохчийн ловзарехь, я синкъерамехь йоI халхайолуш цуьнах хьакхаваларх ларлуш хилла бола юкъахь верг а, го а бина, халха волучунна тIараш детташ берш а. Цундела, йоIа кара ахча таIор цхьана а кепара догIуш дац цу гIиллакхашца.
Уциев Абу: Кара-м диццане а ма дийца хьайна, цуьнах геннара дуьйна чоа хьакхаделчи а, гIовтал Iоттайелчи а, и тIам дIабоккхуш хилла, йоIах хьакхабелла болу! ТIаккха, цуьнан кара ахча муха таIор ду ахьа, куьг ца хьакхалуш, я оцу ахчанна тIехула ца Iотталуш?!
Нохчийн ловзарехь, нохчийн къант а, нохчийн йоI а халхадаларан шен гIиллакх хилла. Шен тIехьийзачу кIантаца, я хьешаца, я къонахчуьнца, я ловзаран инарлица, я баьхкинчу баккхийн къаношца ... цаьрца бай йоI халха йолуш ца хилла, шен щича-маьхчица, шечуьнца бен.
Къант (халха) волуш ца хилла шен тIехьийза йоI яцахь ловзаргахь, я шен доттагIчуьнан бехке нах балахь ловзаргахь цуьнан йоIаца, я шича-маьхчица бен. ТIехьийза йоI йоцург ваьккхича бен волуш ца хилла. Инарлас а, кхечара а дика халха волу аьлла дехчий бен.
Маршо радио: Уциев Абус дийцарехь, халхаваларан а хилла шен зил. Таханлерачу денна санна, массарна а ша кIорда а вайтина, дIавала ца кхеташ, сетташ а ца хилла юкъаваьлла стаг, шен леларан сурт лардеш а хилла цо.
Уциев Абу: Кхо го бен боккхуш а ца хилла, иза милла а велахь а. Хьалхара го. ЙоIа а, къанта а ловзаргахь болчу нахана, шайн гIиллакх а, оьздангалла а гайтаран го хилла иза – хьала гIовттаран а, дIадоладаларан а, вовшен ларам баран а, йоI юккъе кхайкхаран а.
ШолгIачу гонехь, (шена) йезаш йолу йоI кегийрачу нахана а, ловзаран дайшна а, массарна а (иза мел хаза ю, мел хаза халхайолуш ю, мел куц долуш ю, мел гIиллакхехь халхайолу ...оьзда, гIиллакхе) иза гойтуш, цуьнан го хилла.
КхозлагIниг, наггахь йоI а хьовзош, къанта кIенташна бухь а бугIуш... и го къентан болар а, къентан доьналла а, къентан яхь гойтуш го хилла. Кхо го бен бокхуш а ца хилла, цкъа бен къант халхаволуш а ца хилла, цкъа хьалагIаьттича.
Маршо радио: Ловзаран гIиллакхех долу цхьа гIиллакх хилла бохь богIар. Цуьнан а шен кеп хилла.
Уциев Абу: И бохь богIар... тIаьххьара бохь...хьан-хьанна а хьалха бугIуш ца хилла. Инарлина хьалха бохь богIа бакъо ца хилла, къонахчуьний а, лораш болчу къанойн а, хьешийн а бен. Иза чIогIа деза лаьрра. Шен гонна хьалха богIа безаш хилла бохь. Жимчустага тахана, ваха а воьдий, инарлина а, хьанна а хьалха бохь бугIу. Иза ца ларар ду, иза гIиллакх ца хаъар ду.
Шен гонна хьалха бохь бугIуш хилла цо. Къонахчунна хьалха а, инарлина хьалха а бохь богIа, къонах хила кхи а а кхиина, шен гIиллакхца а, оьздангаллица а, доьналлица а, гоь ваьлла нахалахь, хьанна хьалха а бохь богIа таро йолуш хилла иза. ТIкъа хьешанна хьалха бохь богIар иза гIиллакхехь хилла. Иштта деза а, сийлахь а хилла вайн дайша лелийна долу гIиллакхаш.
Маршо радио: Хена йохалла хийцалуш ду цхьадолу нохчийн гIиллакхаш. Иштта, цхьаболчара луларчу къамнийн амалш схьаоьца, тIкъа вукхерна мьтта шаьш леллийнарг нохчийн гIиллакх ду.
Уциев Абу: Тахана ярташкахь, дукха а наха лар а до и гIиллакхаш. ТIкъа цхьаболчара, цахуучара, и гIиллакхаш талхош меттигаш йогIа. Кхечу, лула-куларчу, къаьмнийн гIиллакхаш схьаэцнарш а бу. ТIкъа цхьаберш -гIиллакхаш шайна ца хиича, шаьш дIалеллийнарг гIиллакх ду моьтташ хуьла.
Амма нохчийн гIиллакх лело, иза чIогIа хала хилла, чIогIа деза а хилла, сийлахь а хилла иза лелийча. Иштта шен-шен тидам болуш а, шен-шен агIо йолуш а хилла нохчийн халхар а, тIаккха и бохь богIар а... Ши стаг тIаьхьий-хьалхий, тахана хIу ду ца хууш, ши-кхо стаг цхьане юкъа волу, ши-кхо йоI а юкъайоккху.
Нохчийн гIиллакх лело чIогIа хала хилла, чIогIа деза а хилла, сийлахь а хилла иза лелийча.
Цу хенахь, вай юьхьенца билгал ма-даккхара, элаша а, бекаша а, къонахаша а шайн лай муьлхарниг дика халха вола аьлла къовсачу хенахь юкъабохуш хилла уьш, ловзар гIел ца далийта. Оцу ловзаран сийлалла айъа а, неха самукъадаккхар даздан а.
Маршо радио: Нохчийчохь тахана цхьамоггIа белхаш дIахьуш ду вайнехан гIиллакхаш а, оьздангалла а ларъйан. Цу юкъахь хьахо мегар ю, Уциевс кху деношкахь зорба тоха кечъйеш йолу книга а.
Уциев Абу: Вайн къам а, вайн гIиллакх а, вайн гIуллакх а, вайн оьздангалла а чIагIйеш белахш бу тахана беш, республикехь дIахьуш. ТIаккха цу агIора, дерриг а нисдеш, тодала гIерташ а, дайн орамаштIе юхакхийдаш хилча, хIунда аьлча оцу ормашаца йолу зIе хаьдна хилча и къам делла ду, муьлхха а дит а, синтар а, шен орам хаьдча, иза дакъалой дIадолу.
Оцу (вайн) дайн орамашка юха а гIерташ бен, дахар хир дац, кху лаьтта тIехь ца хедаш долу. И дахар ца хадуьйтуш къахьоьгаш хилча, тахана цунна тIе, юхадерза деза. ТIкъа и юхадерзаран белхаш республикехь дIахьуш бу. Тахана и карла а доккхуш, цу тIехь болх бича, иза ду баккъалла а къомах хиндерг лардар а, къам шен хиндолчунна тIехь дисар а, ца леш дуьненехь даха.
И вай билгаладаьхна долу гIиллакхаш тIехь а долуш, зорбане кечъйеш ю сан и рогIера книга, «Шерийн зераш» аьлла йолу. Цу тIехь поэзи а ю, цу тIехь артикалш а хир ю, цу кепара. ГIиллакхца йоIа чIаба яр а, ши къажар яр а, тIаккха оцуьнан гIиллакх а. ЙоIа ловзаргахь къонахчуьнга дехаран кад кховдор а. ТIаккха, хуьла-кх хьуьнаран кад кховдабар а. ТIаккха, массо а шен-шен агIора муха хIун ду, иза билгал а доккхуш. Нохчийн халхар а, халхаран гIиллакхаш а. Шуьнан гIиллакх а, нохчийн шун ларар а.
Маршо радио: ЦIеххьана дага а деана, нохчийн гIиллакхех а, оьздангаллах а яздича хIун дара-те ша аьлла, кечъйина дац яздархочо шен кхоллар. Дуккха а хан хилла цо цу тIехь болх бен.
Уциев Абу: Жима волуш дуьйна, вайн республикан массо а ярташкахула, ширчу ярташкахула чекхваьлла (со). Цигахь баккхийчу нахаца а, лораш болчу къаношца а, зударшца а, хьалхалера, вайн дайшна юкъахь лелла долу, гIиллакхаш а, гуллакхаш а, ламасташ а, уьш лардеш, цу агIора къахьоьгаш болчерца а, тIаккха, ширчу иллешалархошца а (къамелаш дина аса).
Къоман барткхоллараллехь ма-яьхний уьш, дукхах ерш. Советан Iедало некъ ца беллера царна цхьана хенахь, «социалистический» юкъараIойлехь кхечу кепара хила деза дахар бохуш. Цундела, хьалхе дуьйна кечбина хилла и белхаш цхьацца агIора, финансийн агIора а, кхеча агIора а таронаш йолуш а, йоцуш а, нисделлера уьш шен хенахь зорбане ца бовлар.
Тахана цу тIехь и болх беш кхоллар кечйина ю. ТIаккха, боккъалла а долу нохчийн иллеш... Гелдагинахь вара цхьа бIаьрзен илланча, Галаев Бута бохуш. Цо дIаолуш дIаяздина иллеш а ду. Жайна хир ду-кх иза, зорбане долуш.
Маршо радио: 50 шаре ваьлла волу Уциев Абу яздархо а, поэт а хилла ца Iаш, поэт-пародист а ву. Цуьнан кхолларалла йевзаш болчу наха бехк буьллур бара тхуна, нагахь къамелехь цуьнах лаьцна вай ца хьахийча.Уциев Абу пародиш язъян волавелла дуккха а хан ю. Уггара хьалхара пароди шен накъоста Хатуев Iабдулхьамида язйинчу цхьана байтана язъйира цо, иза гIур ваций шена оьгIаз аьлла. Амма тахана Уциев Абус пароди язъяр, цо дешнаш схьаэцна волчу поэтан кхиам санна лара мегар ду.
Уциев Абу: Пародин жанр вайн литературехь таханлерачу дийнахь уггара чIогIа оьшуш йолу жанр ю. Критика мелла а гIелъйелла. Иза профессионалаш [говзанчаш] ца хилар дац, кху хенан чолхалле диллина (ду). Хьаьнг-хьаьнга а лан ца ло, шена аьлла долу критикан бакъдолу дош. Цундела, нахана новкъарло ца ян я халацахетийта, тIамо хетийтина долу хала а, тIамо даздина долу во а, бала лайначу нахана мелла а цатам ца бан а, дешца гIело ца ян а, хала ца хетийта а Iад Iа критикаш. Амма пароди цхьана дашна а, ледара аьлла долчу дашна дуьхьала хилла ца Iаш, дикачу байташна а, дикачу произведенешна а, шен кепара реклама а ю.
Пародин жанр вайн литературехь таханлерачу дийнахь уггара чIогIа оьшуш йолу жанр ю. Критика мелла а гIелъйелла.
Масала, Рашидов Шаидан:
Кхура къелла хьаьдира вайша, юх-юххе хIоьттира дIа,
Хьан куьг, сан куьга тIе даьхьна, дуьххьара лецира схьа.
ЦIий йелла йогура беснеш, бIаьргаша йира со йох.
Пароди.
Йет лаха яханчохь Тайша, дара иза я бIаьста, я Iай.
«ДогIано дашадо вайша», -аьлла сан куьг лецира ахь.
Эхь моьттуш йогура беснеш, бIаьргаша йира со йох.
ТIехбовла бевлча вайн бегаш, IаьтIкъина ахь биъна хох,
Дицделла «Дирол» схьадаккха, оьккхуьйтуш хьан лерех «тIох»,
Сан тIара кхийтира, тIаккха хьо а соьца велира вох.
Гапураев Хьасанна язйина ю (аса) пароди «Ца моьттург» аьлла.
«ЭхI, и муха нисделира, тидам бан ца кхии со.
Дагахь доцуш и хилира суна йезаялар хьо.
Пароди.
ЭхI, и муха нисделира, маж яша ца кхииншшехь.
ЭхI, ас хьога бIаьрг таIийра, юьхь йиланза воллушехь.
Книга буйнахь гойту вари, хьо кхочур юй хиинехь.
Хечий когаш цIандийра дарий, эхI, хьо бохам,эхI, хьо эхь!
Базарахь со хьуна гира, джинсаш карахь, кетарш гехь.
БIаьргашца со дIавийхира, дагар дийца милицехь».
Ахмадов Мусан стихотворени ю «Ма хилахьа!»аьлла.
«Ма хилахьа массарна а хаза, массара а доккха хаза заза.
Ма хилахьа массарна а дика, дагахь хир ву массо а хьо йига».
Пароди.
Ма хилахьа Iамар-заза, со а ма-вац хьо саннарш ганза.
Ма хилахьа эмкалелла йеза, хьоьх да ваххала там бала беза.
Ма гIертахь массеран а коча,
Юсург хьо хилча эххар сан кочахь...,
аьлла яра и Ахмадов Мусан произведенина (язйина пароди).
Маршо радио: Нохчийн республикан халкъан поэт ву Хатуев Iабдулхьамид.
ХIара хьалхарчу, волалучу хенахь язйинчу, пародех ю. Цуьнан лирикан дика стихотворени ю «Доцца аьлча» аьлла.
«Соьх цхьаъ хила доьгIна делахь, шийла къастар ма хилийта. Ши дог вовше дезаш далахь, вовшех делла ца делхийта» аьлла.
Пароди.
Соьх цхьаъ хила доьгIна делахь, сийна гижо ма хилийта.
Реза воцу критик валахь, салат йина ца ваийта.
Соьх цхьаъ хила доьгIна делахь, базехь «завсклад» ма хилийта,
Ца торручехь гIалат валахь, со сайн зудчух ца ваккхийта.
Соьх цхьаъ хила доьгIна делахь, ма хилийта мох, я хох.
Доцца аьлча, тарлуш далахь, хилийтийша поэт соьх.
Маршо радио: ХIара, Шайхиев Iалвадис язйина цхьа байт ю. Цу тIехь боху
«IатIкъам бита, IатIкъо IатIкъам IатIкъаме.
ЛатIкъам бита, латIкъо латIкъам латIкъаме».
Пароди.
Кхардам бита, кхардо кхардам кхардаме.
Къамкъарг йита, къекъо къамкъарг къамкъарге.
Эхь а дита, эхь хетийта аэвхьаза а.
Мотт а бита ма тов бетта маьттаза.
Уьш аш дитахь, со-м муххале а вуьтур ву,
ТIаккха къера шу ас хьера дохур ду.
Нохчийн гIиллахех а, оьздангаллах а лаьцнарг шен чакхе йоцу къамел ду. Цундела тIейогIучу хенахь вай дуккхазза а йийцаре йийра ю и тема. ТIкъа хIара программа йерхзош юха а дага даийта лаьа цхьана хьекъал долчу стага аьлла долу хIара дешнаш: «Лаьттан кийрахь валлахь а оьзда а, гIиллакхе а хила веза стаг».
Иза вайна, хIоранна а тIехь а ду.
(ХIара программа эфире яьлла 25-чу Апрелехь 2010-чу шарахь).