ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьоладайн Ахча Дагардина «Форбс» Журнало


Оьрсийчоь- Оьрсийчура «Форбс» журнал, 16ОХАН2009
Оьрсийчоь- Оьрсийчура «Форбс» журнал, 16ОХАН2009

Кху дуьнентIехь уггара хьал долчу нехан рогIера цIе-йоза зорбане даьккхина шен агIонаш тIехь «Форбс» олучу Iамеркин журнало. Цуьнца а догIуш, уггара дукха рицкъ долу стаг ву вехаш Мексикехь. Оьрсийчурча миллиардерийн терахь шозза алсам даьлла, кху тIаьхьарчу цхьана шарахь.Ткъа вайнахах уггара хьал долуш верг ву Гуцериев Минкаил.

«Форбс» журнало бинчу хаамца, долларш хиларца, 100 сов миллиардер ву кху дуьнентIехь вехаш. Ткъа уггара дукха ахча долу стаг хIоьттина кху шара Мексикера телекоммуникацийн магнат Слим Карлос. Цуьнан бахаман барам бу 53 миллиард 500 миллион доллар.

«Форбсо» 2009-чу шарахь хIоттийначу рейтингехь Слим кхоалгIа вара. ТIкъа хIинца цо шолгIачу метте охьатеттина «Майкрософт» кампани кхоллина волу Гейтс Билл. Гейтса ду 53 миллиард доллар.

Iамеркин инвестор Баффет Уоррен стохка шолгIачу меттехь вара, ткъа кху шара цо дIалаьцна кхоалгIа меттиг. Баффета ду 47 миллиард доллар.

«Форбсан» эксперташ билгалдоккха, дIадаханчу шарахь Гейтсан а, Баффетан а хьал тIекхетна хилар, цхьаьнна - I3, вукхунна I0 миллиард доллар барамехь. Цулсовнаха, цара чIагIдарехь, нагахь цаьршима сагIийна а, гуманитаран Iалашонашна а ахча луш ца хиллехьара, церан бахам кхин а алсам хир бара. Гейтсан хир дара 80 миллиард доллар. Ткъа Баффетан активаш хир яра 55 миллиард доллар мах болуш.

«Форбс» журнало бинчу хаамца, Оьрсийчохь ву тахана 62 миллиардер. Стохка уьш 32 бен вацара. Журналан эксперташна хетарехь, уьш тIекхетар доьзна ду гIеххьа охьадевлла долу мехкадаьттан мехаш, юха а шозза хиллала хьаладовларца.

Иштта, Оьрсийчохь уггара дукха рицкъ долу стаг лаьрра «Форбсо» «Новолипецкий Метталургический комбинат» карахь йолу Лисин Владимир. Цуьнан бахам бу 15 миллиард 800 миллион долллар мах болуш. Дуьненерачу рейтингехь Лисин ву 32-чу меттехь. «Форбсо» ларарехь, Оьрсийчоь санна, дукха миллиардераш болуш пачхьалкх яц Европехь.

Оьрсийчурча миллиардерашна юкъахь шолгIачу меттехь ву «ОНЭКСИМ» тобанан президент волу Прохоров Михаил. Цуьнан ду 13 миллиард 400 миллион доллар.

КхоалгIачу меттехь ву «ТНК-БП» олучу мехкадаьттан компанин куьйгалхо Фридман Михаил. Иштта, Оьрсийчурча миллиардерашна юкъахь ву Абрамович Роман -11 миллиард 200 миллион доллар, Дерипаска Олег­­-10 миллаирод 700 миллион доллар , Аликперов Вагит -10 миллиард 600 миллион доллар, иштта дIа кхин а.

Оьрсийчоьнан милллиардерашна юкъахь ю цхьа зуда а. Иза ю, Москохан мэр волчу Лужков Юрийн хIусамнана, Батурина Елена.

Хьал долчу вайнехах лаьцна аьлча, уггара боккха бахам болуш ву царах Гуцериев Минкаил. «Форбс» журнало далийначу терахьашца цуьнан ду 2 миллиард 20 миллион доллар. Иза ву кху дуьнентIехь уггара хьал долчу нахана юкъахь 437-гIа меттиг дIалоцуш.

Оьрсийчурча «Форбсо» санна талламаш бечу «Фианас» цIе йолчу журнало ялочу рейтингаца, уггара хьал долчу Оьрсийчурча бизнесхошна юкъахь ву «Альянс» олучу мехкадаьттан тоба кхоьллина волчу Бажаев Зиявдийн кIант Бажаев Дени а, цуьан вежарийн Муса а, Мовлид а. Денин а, Мусан а бахаман мах бу хIоранний а 600 миллион доллар. ТIкъа Мовлида ду 460 миллион доллар. Оццу журнало дагардарца, Байсаров Русланан ду 110 миллион доллар.

Цу цIе-йозанна юкъахь вацахь а, цхьацца болчу хаамашца Садулаев Маликан бахам бу 500 миллон доллар мах болуш.

XS
SM
MD
LG