ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадов Вийна Пхи Шо Даьлча А,Чолхе Дуьсуш Ду Къилбаседа Кавказера Хьал


Нохчийчоь- Нохчийн президент Масхадов Аслан а, нохчийн тIемалойн буьйранча Басаев Шемил а. 1999
Нохчийчоь- Нохчийн президент Масхадов Аслан а, нохчийн тIемалойн буьйранча Басаев Шемил а. 1999

Нохчийчоьнан президент а, тIемалойн куьйгалхо а хилла волу Масхадов Аслан вийна 5 шо кхаьчна. Иза вер коьрта гIуллакх лоруш дара Оьрсийчоьнан Iедалша. Масхадов дIаваьккхича аьттто бера бу аьлла хетара цаьрна, Къилбаседа Кавказера хьал шайн кара эца. Амма тахана а, цигара хьалх чолхе дуьсуш ду.



Пхи Шо Кхьчна Масхадов Вийна

Нийсса 5 шо хьалха, 2005-чу шарахь, 8-чу Мартехь, Оьрсийчоьнан Iедалша хаам бира, тIеман тасадалерехь Нохчийчоьнан президент а, нохчийн дуьхьалонан боламан куьйгалхо а волу, Масхадов Аслан вийна шаьш, аьлла.

Иза хилале ши-кхо къира хьалха Масхадовс дIахьедар динера, шайн агIора цхьана ханна герзаца тIелетарш дар сацадо шаьш,аьлла. Масхадов сатесна вара ша и дича, эзарнаш нах а бойъуш, хилла болу тIом дIаберзош машаран дийцарш дIадоло аьтто хир бу, аьлла.

Амма Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир, шел хьалха хилла волу Ельцин Борис хиллехь а, дагахь вацара, цо санна машар а бина, эскарш Нохчийчура ара даха. Мелхо а, иза лууш вара массо а нохчийн тIемало хIаллак ван. Цу хенахь цо буьрса дIахьедарш дора, тIаьххьара террорахо виссалц, уьш бойур бу ша, уьш миччахь кара бахь а бохуш. Амма цIена тIеман гIирсах пайда эцар кхиам болуш ца хилира.

Масхадовн стратеги

Ша веле масийтта де хьалха, Маршо радионна интервью луш, Масхадов Аслана элира, Оьрсийчоьнан куьйгалхой машаран дийцарш дIадахьа реза ца хиларо дIасабаржийна тIом, йерриг Къилбаседа Кавказерачу, хьалха машаран хиллачу республикашкахула,аьлла.

Тахана гуш ма ду... Дагестанехь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь а, ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, массанхьа а дIабоьдаш тIом бу-кх

«Нохчийчура тIом сихха саца ца бахь, и тIом кху вайн нохчийн махкара ара баьлла хьесап ду. Ша ара болуш бу-кх и тIом, цхьаммо а ца баьккхича а. Тахана гуш ма ду... Дагестанехь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь а, ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, массанхьа а дIабоьдуш тIом бу-кх».

Амма и процесс дIайолаеллера I999 шарахь, Оьрсийчоьнан Iедалша шайн эскарш юха а Нохчийчу хьажа дале. Ша зеделларг долу тIеман буьйранча хиларе терра, Масхадовс шор йира тIаманна юкъаозийна йолу территори. Цо керла фронташ кхоьллира ГIалгIайчохь а, ГIебартойн Балкхаройчохь а, Дагестанехь а. Цигара тIеман куьйгалхой бара Нохчийчоьнан дуьхьалойн боламан куьйгаллина къеллахь.

Машаре Кхийкхар


Амма Масхадовс даиман а кхайхкамаш бора шен нахе, маьрша адам ларде шайн ка ма доллу бохаш. Къилбаседа Кавказера ара а бевлла тIелетарш дар а дихкинера цо шен тIемалошна. Масхадовна тIаьхьа баьхкина болчу куьйгалхоша ларбеш бац и биллам.

2006-чу шарахь Масхадовн метта президентан декхарш дан хIоьттина волу Садулаев Iабдул-Хьаьлим вийначулла тIахьа цуьнан дарж шен кара эцна волчу Умаров Доккас, юха метта хIоттийра Басаев Шемила кхоьллина йолу балархойн «Риядус Салахьин» олуш йолу тоба. Цу тобан декъашхоша тIелетарш дан долийра милцошна, маьрша нах уллехь бу-бац бохучунна терго а ца йеш.

Умаровн куьйга къеллахь болчу тIемалоша цхьамоггIа тIелетарш дира Оьрсийчурча кхечу регионашкахь а. Иштта, цара шайна тIелецира стохка Августехь Сибрех электроэнерги йоккху станци эккхийтар а, Ноябрь-баттахь Москохара ПетербургIе йоьдуш йолу цIерпошт эккхийтар а.

Москох Iедалша бакъ дира хьалхарниг, амма дIатеттира Саяно-Шушенскехь йолу электростанцехь йинарг теракт ю бохург.

Москох дийцарш дIа а даьхьна, Москохца барт бан лууш вара Масхадов Аслан, Нохчийчоь мелла а йозуш йоцу демократин кеп йолу республика санна кхиийта. ТIкъа Умаровс джихIад дIакхайхкийра, йерриг а Къилбаседа Кавказ маьрша яккха дагахь ву ша, аьлла.


Масхадовн Амал

Оьзда а, къеда а стаг волчу Масхадовс, шен карьера дIайолийра Советан армехь. Шен 40 шо кхочуш, полковник цIе а йолуш, яккхийчу тоьпийн дивизионан куьйгалхо вара иза.


I994-чу а, I995-чу шерашкахь Нохчийчохь долчу Оьрсийчоьнан эскаран буьйранча хилла волчу Трошев Геннадис шен дагалецамашкахь дикачу агIора мах хадабо Масхадов Асланан, иза шен гIуллакх хууш а, шегахь къепе йолуш а стаг вара бохуш.

Соьлжа-гIала схьайоккхуш хилла йолу операци дIахьуш, дай герз а бен доцучу масийтта бIаь цо куьйгалла дечу тIемалочо гор хIоттийра дуккха а алсам ницIкъ болу Оьрсийчоьнан тIеман ницIкъаш, масийтта сахьт далале

I99I-чу шарахь, Советан пачхьалкх йоьхча, Нохчийчу цIа а вогIий, Дудаев ДжовхIара кхуллуш долчу эскаран коьрте хIутту Масхадов Аслан. Цо куьйгалла до Нохчийчоьнан дуьхьалонан боламна I994-чу а, I996-чу а шерашкахь хьалхара тIом боьдаш. I996-чу шарахь Август баттахь, Соьлжа-гIала схьайоккхуш, куьйгалла деш вара Масхадов Аслан.


Маршо радион Къилбаседа Кавказан сервисан директор Дукаев Аслан Соьлжа-гIалахь шен бIаьргашна гина ву цу деношкахь хилларг. Масхадовс вовшах тоьхна йолу тIеман операци лаккхара мах хадош юйцу цо.

«Масхадов, цхьа а шеко а йоцуш, похIма долу тIеман стратег вара. I996-чу шарахь, Соьлжа-гIала схьайоккхуш хилла йолу операци дIахьуш, дай герз а бен доцучу масийтта бIаь цо куьйгалла дечу тIемалочо гор хIоттийра дуккха а алсам ницIкъ болу Оьрсийчоьнан тIеман ницIкъаш, масийтта сахьт далале».

ЦултIаьхьа кхо-диъ кIира далале Масхадов Аслана а, цу хенахь Оьрсийчоьнан

Кхерамазаллийн Кхеташонан секретарь хилла волчу Лебедь Александра а барт бира тIом бар сацош.

Масхадов Нохчийн Президент

1997-чу шарахь Январь-баттахь, дуьненаюкъаралло тергам а беш, дIабаьхьна болчу харжамашкахь, Масхадов хаьржира Нохчийчоьнан президент. Оццу шарахь, Май-баттахь, Масхадовс барт бира Оьрсийчоьнан президентаца Ельцин Борисаца, кхин дIа йолчу ханна шина пачхьалкхан юкъаметтигаш дIанисйийра ю дуьненаюкъарчу низмашца аьлла. Иза (гуш дара) уггара лакхара кхиам бара Масхадовс шен карйерехь баьккхина болу.

Дукха хан яляле иза Iедал къийса волавелира и Iедал цуьнгара дIадакха гIерташ болчу мелла а радикалан ойланаш йолчу шен хиллачу накхъосташца, уггара хьалха Басаевца. Цу наха IатIкъам бар бахьана долуш, Нохчийчоьнан территории тIехь шарIан низмаш юкъадоху ша аьлла, I997 шарахь хаьржина йолчу, шена накъосталла деш йолчу, Парламентера бакъонаш дIайохуш цхьамоггIа омраш арахицира Масхадовс.

Нохчийчохь кху сохьта хIоьттина долу сурт, цаьрна ма гар а дац, я цаьрна ма диццара а дац. Я цаьрна, церан куьйгалхошна, церан политикашна и гуш дац, я иза (шайна) гуш дац цара моттуьйта

I999-чу шарахь, аьхка Басаевс Дагестане а вахана дIахьедар дира, йозуш йоцу Къилбаседа Кавказан бусулба пачхьалкх кхуллу ша аьлла. Москох жоп делира Нохчийчоьнна тIе бомбанаш а йиттина, Октябрь-баттахь цига эскарш а хьажош. Масахадовс кхайкхамаш бора дуьненаюкъаралле, Москох машар дийцарш дIадахьаре кхайхка бохуш.

Путинна Хаац Ма-дарра Нохчийчохь Дерг...


Оьрсийчоьнан президентана Путинна Нохчийчохь ма-дарра хуьлуш дерг хIу ду ца хаъа, бохуш чIагIдора Масхадов Аслана, ша веле масийтта де хьалха, ша Маршо радионна йеллачу интервьюхь.

«Нохчийчохь кху сохьта хIоьттина долу сурт, цаьрна ма гар а дац, я цаьрна ма диццара а дац, я цаьрна церан куьйгалхошна, церан политикашна и гуш дац, я иза (шайна) гуш дац цара моттуьйта. Вай цаьрга и бакъдерг дийца кийча ду-кх. Такхха и бакъдерг шена хиича, шен кхета аьтто белахь кхетар хир ву-кх иза, хIара тIом сацор цунна эзурз пайдехь дуй».

Машаран дийцарш дар метта, Путин Владимира Соьлжа-гIаларчу Iедалан коьрте хIоттийра Нохчийчоьнан муфти Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Цу сацамо эххара а аьтто бира, хIинца йерриг а Къилбаседа Кавказехь ницIкъ болу стаг а хилла дIахIоьттинча волчу, Кадыров Рамзана Iедале ван.

Кадыровн Векал А, Закаев А


Даханчу шарахь, аьхка Кремло бакъо йелира Кадыровн векалшна Нохчийчоьнан махкал арахьа долчу Iедална куьйгалла деш волчу Закаев Ахьмадца дагадовларш дIадахьа. Амма, Масхадовн агIончийн а, Соьлжа-гIалахь йолчу режиман а барт беш, Февраль-бут чекхболуш хир ю, аьлла, йолу дуьненера нохчийн конгресс дIатеттина цхьана ханна. Иза маца хир ю хууш дац.


Дукха хан йоццуш Оьрсийчоьнан президенто Медведев Дмитрийс Хлопонин Александар хIоттийра Къилбаседа Кавказанна тIехь тергам бан. И сацам бар доьзна ду цигара чолхе лаьтташ долу хьал дIадерзо гIортарца. Амма, хIора денна чIагIлуш лаьтташ гIаттамхой а болуш, хан Медвдевгахьара яц.

(ХIара материал язйина Маршо радион аналисто Фуллер Лизас. Иза гоч а йина, эфире кечйина Шамаев Руслана).

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG