Ларлуш дийцахь а, Стигалкъекъа-беттан 31-чу дийнахь а, Мангалан беттан 1-чу дийнахь а хилла йолу Евробарт-Оьрсийчоь саммит юьхь хила мега церан юкъаметтигаш тоярехь, аьлла хеташ бу Брюсселера дипломаташ.
И саммит кхиаме яра, аьлла, хеташ болчу Евробертан лаккхара куьйгалхоша билгалдоккху Ростох Медведевн лелар мелла а конструктиван кеп йолуш хилла хилар. И саммит чекхяьлла дукха хан ялале (Мангалан беттан 5-6чу деношкахь) немцойн гIалахь Мезебергехь Медведев цхьанакхийтира Германин канцлерца Меркел Ангелица.
Ткъа Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн векалша Брюсселехь дийцаре деш долу хаттар цу цхьанакхетаран жамI ду. Евробертан коьрта гIала лоруш йолчу Брюсселехь хуьлург дика кхаъ санна тIеоьцуш ду. Схьагарехь, Оьрсийчоь лууш йолчух тера ду шен Евробертаца йолу юкъаметтигаш тоян.
Ростохарчу саммитехь Евробертан векалш цец а бохуш, Медведевс хаийтира шаьш кийча хилар, хIинццалц къийсаме лоруш долчу йохка-эцарца а, энергетикица а, шуьйра реформаш ярехула а долчу хаттаршкахь, маслаIат карон.
Ткъа Меркелца шен хиллачу цхьанакхетарх пайда а эцна, Оьрсийчоьнан президенто юха а кхайкхам бира Евроберте, ша хьалха йийцина йолу Европехь кхерамазалла хилийтаран система, юкъаяккхарна реза хилахьара аьлла.
Мезебергехь Меркелс а, Медведевс а тIеэцначу меморандумца кхолла мегаш ю керла комитет. Медведевца хилла цхьанакхетар дIадирзича, Меркел Ангелас элира, Евробертан штаб-хIусамехь комитет ю Евробертан а, Оьрсийчоьнан а кхерамазаллин хаттаршна тIехьожуш, аьлла.
И комитет шорян мегар дара, элира цо, цу юкъа Евробертан а, Оьрсийчоьанан а арахьарачу гIуллакхийн министарш а бахийтина. Цу комитетана куьгалла дийра ду аьлла ду Евробертан векало Эштон Кэтрина а, Оьрсийчоьнан арахьарачу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс а.
Меморандумехь иштта аьлла ду, Евробертан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш тояро, аьтто бан магара цьацца кризисаш дIайерзош, масала, дуккха а шерашкахь Евробертан коьртан лазар долу Молдовах дIакъаста гIерташ йолчу Днестр хица йолчу республикица йоьзна йолу кризис даерзош.
Юьхьарлаьцна йолу план кхочуш йийр ю, аьлла, гаранти ю Германи. КIиран-дийнахь Меркел Ангелас шен политикан ницкъ тIеберзийра и план кхочушъярна. Ша сатесна ю и гIуллакх дика тIеоьцург хиларх массо а Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхаша, аьлла.
«Оьрсийчоьнца цхьанакъахьегар алсамдаккхаро аьтто бийр бу тIе йогIучу хенахь Iитталур йолу халонаш мелла а атта дIаяха»,- элира Германин канцлеро.
Делахь а, Оьрсийчоьнан дезар ду, ша юхьарлаьцнарг НАТО гIелъян гIертар дац бохучух цхьайолу пачхьалкхаш тешо.
Цуьнах кхеташ волчу Медведевс, Ростохахь ша вист хуьлуш, дIахьедар дира шен план НАТО гIелъян Iалашо йолуш кечъйина яц аьлла. Цигахь Медведевс хаам бира, доза хадош чу а, ара а волуш таллам беш шеца барт бина йолу, Казахстан а, Белоруси а Iад а йитина, Дуьненаюкъарчу йохка-эцаран организацина юкъаяха кийча ю Оьрсийчоь,аьлла.
Медведевс иштта дIахьедар дира, энергетикан хартина юкъа даха реза ду шаьш, аьлла. Нагахь санна иза хилахь, цо гаранти лур ю энерги юхкучу а, иза оьцуш йолчу а пачхьалкхашна берташ боха а ца беш, тешаме юкъаметтигаш лело. Ткъа иза вуно дика гIуллакх хета Евробертан куьйгалхошна.
Цул совнах, Медведев Дмитрийс элира, Оьрсийчоьнна модернизаци еш Евроберто кховдор долу некъаш дийцаре дан кийча ву ша, аьлла.
Кхин цхьа хIума а ду. Оьрсийчоьно мелла а собаре жоп делира Евроберто хьала айъинчу адамийн бакъонаш ларъярх лаьцна долчу хаттарна. ХI инццалц, и хаттар хьахийча, духьала тийсалуш хилара Москох, Балтин пачхьалкхашкахь оьрсийн мотт буьйцуш болу нах хьийзош бу, бохуш. ТIаьххьарчу хенахь иза дIатесна Оьрсийчоьно.