ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муха ТIеIаткъам Бийра Бу Косово Хьокъехь Дуьненаюкъарчу Кхело Бинчу Сацамо Дуьненерачу Сепаратистийн Боламашна


22-чу Июлехь (Товбецан-баттахь) Цхьанакхетначу Къаьмнийн Организацин Дуьненаюкъарчу Кхело сацам бира Косовоно ша йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхор низмашца догIаш дара аьлла. Цу кепара кхело тидаме а ца оьцуш дитира Сербино а, цунна тIехIиттина йолчу пачхьалкхаша а цу сацамо дуьнентIехь сепаратизм яржор а ю аьлла дина долу дIахьедар. Цаьрна юкъахь Оьрсийчоь хиллехь а, Москох а пайда эца гIерташ ю цу сацамах. ТIкъа муха тIеэцна и сацам Нохчийчоь йозуш йоцуш хила йеза аьлла болчу ницIкъаша?!


2008 шарахь I7 Февралехь (Чиллан-баттахь) Косовоно дIакхайкхийра ша йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла. Сербин дехарца и сацам дуьненаюкъарчу низмащца богIуш бу-бац къастор тIедиллинера ХIаагерачу кхелана Цхьанакхетначу Къаьмнийн Организацин Инарлан Ассамблейно.

Цу хенахь дуьйна Цхьанакхетначу Къаьмнийн Организацин Дуьненаюкъарчу Кхело ладуьйгIира 27 пачхьалкхана хетачуьнга. Церах шийтта пачхьалкх, шайна юкъахь Оьрсийчоь а, Испани а, Китай а, Кипр а, Аргентина а, Румыни а, Азербайджан а, Белоруси а, Боливи а, Бразили а, Венесуэла а, Вьетнам а йолуш, ойла йолуш яра Косово ша йозуш йоцу пачхьалкх дIахкайкхор догIаш дац дуьненаюкъарчу бакъонашца аьлла.

Йисинчараа, шайна юкъахь Iамерки Цхьанатоьхна Штаташ а, дош лелаш йолу Евроберта юкъайогIуш йолу пачхьалкхаш а йолуш, дIакхайкхира иза бакъонца дина ду аьлла.

Цу къовсамах дерг къасто дезаш яра 22-чу Июлехь (товбецан-баттахь) Дуьненаюкъара Кхел. Цо бина сацам цхьана низмашна тIе а тоьвжина бина ца Iара. Политикан агIора схьаэцча, кхело харжам бира бакъонна а, машарна а юкъахь. Косовоно шен маршо дIакхайкхор низамашца догIаш дара аьллла сацам бича, цу гIулкхо, нисса дIа ца дахь а, къобул дора дуьненаюкъара низамаш дохор. Нагахь Косово низмашца йогIуш яц аьлла жамI дича цо юха а ара бохур бара албанхой тIаме.

Уггара чIогIа цу кхелан кхеташонна кечлуш яра цу юкъаозийна йолу ши агIо.

Сербийн президенто Тадич Бориса варе дора, нагахь Дуьненаюкъара Кхел Косовоно бинчу сацамна тIехIоттахь, дуьнентIехь керла пачхьалкхаш дIакхийкхош процесс йолалур ю, бохуш. ТIкъа цу гIулкхо къепе йохор ю динна регионашкахь, бохуш чIагIдора Тадича.

Шен агIора Сербийн патриархо Иренийс омра дира, массо а сербийн керстан килсашкахь горгалеш бека бе, кхело шен сацам дIакхайкхочу пхеъа минотехь, аьлла. И де тIекхаччалц доIанаш деш вара иза, дикачу агIора Косовон статусах доьзна долу хаттар дIадерзор доьхаш.

Косовора албанхой цу хаттарна мелла а кхеча агIора тIебахара. Церан лидерша юх-юха а дIахьедарш дора, Косово йозуш йоцуш хилар чекхдаьлла гIуллкх ду, иза маьрша хилар 69 пачхьалкха къобул дина, бохуш.

ТIкъа Косовон коьртачу гIалахь Приштинехь Iедалша хьалххе кечам бинера кхело бина сацам базбан, стигала цIеран уьйгаргаш а оьхуьйтуш, махкахь ловзарш а деш.


Цхьанакхетначу Къаьмнийн Организацин Дуьненаюкъарчу Кхелан сацам дIакхайкхийра цуьнан гIантдас Овада ХIисасис. Цуьнан коьрта чулацам иштта бара: Косово йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла дIакхайкхор морзах долуш дац дуьненаюкъарчу низамийн барамашца. Цу кепара, Дуьненаюкъара Кхел, цхьа а шеко а йоцуш, тIехIоьттира Косово йозуш йоцу пачхьалкх хиларна.

Сербийн арахьарачу гIуллакхийн министро Еремич Вука ХIаагера хаам кхаьчнача дIахьедар дира, цу сацамо меттах бохур бу кху дуьнетIера берриг а сепаратистийн боламаш, аьлла. Иза бакъ хила а мега, бохуш, билгалдоккха аналисташа.

Ша аьлча, Евроберта юкъайогIучу 27 пачхьалкхах дукхах йолчу пачхьалкхаша Косово къобул йинехь а, иза ца дина масалла Испанино а, Словакино а, Кипро а, Румынино а. Иза кхеташ а ду. Цу пачхьалкхийн шайн а ю сепаратисташца йоьзна йолу проблемаш, масалла баскашца а, каталонцашца а йоьзна йолу Испанин проблема санна йерш.

Ша-тайпачу хьолехь ю Оьрсийчоь. Косовоца хилларг хьахош, сихха дага йогIа Нохчийчоь. ЦIкъа далахь, Оьрсийчоь дуьхьала ю Нохчийчоь шех дIакъаьстина хиларна. Вукха агIора, цо къобул йеш ю Абхазин а, Къилба ХIирийчоьнан а сепаратизм.

Москохе хаьттича Нохчийчоьнца доьзна долу хаттар дIадирзина лоруш ду. Цигахь рефрендум а хилла, нохчаша къхобул а дина Оьрсийчоьнна юкъахь шаьш хилар. Иштта лоруш ду Кремлехь.

Iамерки НАТО-хь хилла волчу векло Волкер Курта дийцарехь, Косово йозуш йоцуш хиларна дуьхьала йолу коьрта пачхьалк Оьрсийчоь ю. Волкера билгалдаккхарехь, Оьрсийчоь ша Сербийн верас хеташ ю. Цундела Белградана тIе хIоьттина хила лууш ю Москох. ШоззлагIа далахь, Косовох лаьцна болу сацам Оьрсийчоь юкъаозийна а йоцуш бина бу. Цундела дега баам бина ю Кремл. КхозлагIа далахь, Оьрсийчохь дехаш дуккха а къаьмнаш ду. Цигахь а бу сепаратистийн боламаш, бохуш дуьйца Волкера.

Амма Цхьанакхетначу Къаьмнийн Организацин Кхело бинчу сацамах пайда эца хьожур ю Москох, аьлла, хета цхьаболчу аналисташна. Дуьненаюкъарчу Кхело шен сацам бинчу дийнахь Никарагуахь а, Венесуэлехь а визит дIахьуш хиллачу Абхазийн куьйгалхочо Багапш Сергейс дIахьедар дира «Цхьанакхетначу Къаьмнийн Организацин Дуьненаюкъарчу Кхело бинчу сацамо юха а даре дина Абхазин а, Къилба ХIирийчоьнан а дIакъаста бакъо хилла хилар», аьлла. Багапшана хетарехь, цу сацамо иштта гайтина шаьш дозаш доцуш хилар къобул динчу Оьрсийчоьно динарг нийса дина хилар.

Цундела, хIинца Малхбузено Сухумера а, Цхинвалера а сепаратисташ къобул бина, аьлла, шайна тIехтохахь, Москох йиш ю Дуьненаюкъарчу Кхело Косово хьокъехь бина болу сацам дуьхьалтоха, бохуш билгалдоккха аналисташ.

Дукхах болчу дуьненаюкъарчу эксперташна хетарехь, Дуьненаюкъарчу Кхело бинчу сацамо сигнал яхьийтина дерриг а дуьненна, дуьненаюкъарчу низамаша доьхкаш дац, цхьана агIора къомо ша дозуш доцуш хилар дIакхайкхор, аьлла.

Цундела ХIаагерачу кхело бинчу сацамо меттах бохур бу сепаратистийн ницIкъаш, аьлла, хета цаьрна.

ТIкъа хьакхалуш дуй-те и нохчийн сепаратийстийн боламах аьлла оха зIене ваьккхира дукха хенахь дуьйна Ичкерийн Iедалан агIонча а волуш, карарчу хенахь цу Iедалехь махкал арахьа бехачу махкахойшца уьйраш латторан департаментан куьйгалхо волу Ибрагимов Висита.

«Вай дуккха а хан яьккхина, йозуш йоцуш йолу пачхьалкх а йолуш. Кхара юха оккупаци яллалц, нах шайн йозуш йоцучу пачхьалкхехь Iийна. Тахана а и адамаш долуш ду. Тахана нохчийн къоман шен лаам дIакхайкхо йиш ца хилар бахьана долуш, хIоьттина сурт иштта ду. ГIазакхаша йина йолу оккупаци нохчаша къобул йеш санна хетало. ХIунда аьлча, цара нуьцкъала, наха дакъа ца лаьцнехь а, референдум йой, харжамаш бой бохуш цхьа сурт ма-хIоттийний-ц. Амма нехан ойла хийца ца йелла. Делахь а и нах кхерийна бу. ХIунда аьлча, цIахь йеш чIогIа репрессиш ю и хIума луучунна а, и коьртехь долчунна а. Арахь болу нах, шайн лаамехь болу нах тахана а цхьа а хийцам а боцуш, шаьш лаьцначу ойланна тIехь лаьтташ бу. Тахана Европехь 300 000 адам ду. Европа йоцучу меттигашкахь а ара даьлла лелаш (вайнах) адам а ду тахана. Европехь болчу нехан ойланаш хаа суна. Со нохчийн Iедалехь департаментан куьйгалхо ву бохуш ву. Вахар а, вар а хуьлу сан. Тахана а дуккха а пачхьалкхашка кхочуш а ву со. Неха ойла хийцайелла яц. Косовохь дерг вайна гуш ду. Заманан исторехь дукха хан яц I0 шо а, I5 шо а. Вай цуьнах толам оьцур бу. ТIаккха Россис вайна тIехь ницкъ бахь а, цо Къилба ХIирийчохь динарг вайна гуш ду. Абхазина динарг а вайна гуш ду. Эцца ахчанаш а, паспорташ а дIа-схьа а декъна, шайн махкахой бу аьлла, низамца долу Iедал доха а дина, тахана цига шайн марионеткаш дIахIиттийна. Царна йозуш йоцу пачхьалкхаш хила бакъо йелла, дуьненаюкъара бакъо лелачехь Косовона а йелла иза. Ткъа нохчийн лаам дIакхайкхийна бу I990-чу шерашкахь. Тахана тхан Iалашо ю Iедал лардар. Кхана Iуьйринна исторехь мича-хIу леллера аьлча, кхузахь конгресс а хиллера, кхузахь Нохч-ГIалгIайн Лаккхарчу Кхеташонан харжамаш а бинера, цултIаьхьа Парламент хьокъехь къастам а бинера, нохчийн къомо шен лаам дIа а кхайкхинера, оккупаци хилча махкал арахьа 300 000 адамо цу гIулкхана дола деш а ду, цунна сагатдеш а ду, Iедална дола деш а ду аьлла бух бу-кх иза».

Ала деза, Дуьненаюкъарчу Кхело бинчу сацамо дIоггара тIеIатIкъм бийра бу аьлла ца хеташ болу политикаш а къеззиг ца хилар. Иштта, вай лакхохьа хьахийна волчу Iамеркин НАТО-хь хилла волчу векална Волкер Куртана хетарехь, сепаратистийн боламаш хIинцале а болуш бу, тIкъа цара дIахьуш болу къийсам а буьсуш бу, Дуьненаюкъарчу Кхело Косово хьокъехь бинчу сацаме хьажна доцуш.

ТIкъа ХIаагерачу кхело бинчу сацаман кхолламах льацна аьлча, эксперташа дийцарехь, хIинца и сацам дIакхочур бу Сентябрехь (Гезгамашан-баттахь) гуллур йолчу Цхьанакхетначу Къаьмнийн Инарлан Ассамблейга. Цигахь хир ю Косовох лаьцна керла дебаташ.

XS
SM
MD
LG