ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIилбаседа Кавказехь Адамаш ЛечIорна ТIехь Болх Беш Йолчу Данерачу Суьрташдахархочунна Басташевски Марина Шайн Махка Яр Дихкина Оьрсийчоьнан Iедалша.


КIилбаседа Кавказехь адамаш лечIорна тIехь болх беш йолчу Данерачу суьрташдахархочунна Басташевски Марина шайн махка яр дихкина Оьрсийчурча Iедалша. Маршо радион интернет сайт тIехь зорбане даьхна ду цо Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а даьхна долу суьрташ. Цаьрна тIехь ю коьртачу декъана лар йоцуш байинчу нехан хилла йолу яьсса х1усмаш. И суьрташ гина волу стаг бен д1а а доцуш вуьсур вац.


Шен «Артикл I26» аьлла цIе йолу, суьртийн проект дIайолийра Басташевски Марис ши шо сов хьалха, Мемориало интернетехь зорбане яьккхина йолу Къилбаседа Кавказехь адамаш лечIкъорах а, уьш йина кхел а йоцуш, дайарх а лаьцна йолу материалаш йешначулла тIаьхьа. Нохчийчу а, ГIалгIайчу а Дагестане а йоьдаш, цигахь лар йоцуш байинчу нехан гергарчерца цхьа а кхеташ, цу нехах йисина йолу яьсса хIусамаш яхара цо шен фотокамери тIе.

И болх беш коьрта цуьнан накъост яра стохка I5-чу Июлехь Товбецан-баттахь лачIкъийна дIа а йигина, къиза йина йолу Мемориалан белхахо Эстемирова Наталья. Кху шеран аьхка, Соьлжа-гIала а яхана, Натальян яссайелла йолу хIусам яккха дагахь яра Басташевски Мари. Амма иза дан цуьнан аьтто ца белира.

23-чу Июнехь, Мангалан-баттахь, Басташевскис дехар дира КопенхIагенехь йолчу Оьрсийчоьнан векалалле шена журналистийн виза лахьара, аьлла. Низмо ма баххара, кхо де даьлча, цунна жоп делира, цуьнан дехар Москохахь къастош ду, аьлла.

Кхин а кхаъа къирнах Басташевски гIиртира шен дехарх хIун хилла къасто.

Амма Оьрсийчоьнан Iедалша я хIаъ, я хIахIа аьлла цхьа а жоп ца ло шена бах цо. Басташевскина хетарехь, Оьрсийчу яха бакъо ца ялар доьзна ду цо Къилбаседа Кавказехь бинчу балхаца:

«Векалалло суна цIкъачунна цхьа а жоп ца делла. Арахьарачу ГIуллакхийн Министраллан векалша жоп делла Рудницкая Анне, Оьрсийн репортер олучу онлайн-журналан корреспонденте, суна цу махка некъ бихкина бу аьлла. Суна хетарехь, иза доьзна ду Шереметьево кеман-портехь цара сан компьютер чохь йолчу информацин копи яьккхича, цу чохь цаьрна карийна долчуьнца. Иза кху шара дара, со Кавказера цIа йогIуш».


Амма суьрташдахархо Басташевски Мари йоцург кхин а дуккха а журналисташ а, юкъараллийн жигархой а бу Оьрсийчоьнан Iедалша шайн махка бахкар дихкина.

Нохчашна гIо дина йолчу Японерачу Кикучи Юкикона Оьрсийчу яр дихкина Москохо 2008-чу шарахь. 2004 шо чекхдолуш Мосокхарчу университетехь доьшаш йолу 25 шо долу Кикучи Юкико хилира Бакохахь, дуккха а Нохчийчура мухIажарш дIатарбеллачу цхьана кIоштIахь.

Цхьана гуманитаран организацино дIахьуш йолчу программехь дакъа лоцуш яра иза. Бакохахь цунна дуьххьара гира Оьрсийчоьнан кемано бомбанаш тохар бахьана долуш, коьрта тIехь йиллина чов йолуш, бала хьогаш волу I4 шо долу Юнусов Имран. Лоьраша шайн дан накъостталла дац аьлла тесна витинчу цу кIантана гIо дар Iалашонца, банкехь леррина чот схьа а йиллина, интернетехула гIо дийхира Кикучис шен махкахошка, дархо Японе а вигина, цунна дарба лахархьамма.

Кхиазхочуьнах къа а хетна, гIо дан лууш дуккха а нах бевлира дукха хан ялялае. 2006-чу шарахь Кикучи йина йолчу Хиросаки олучу гIалахь Юнусовна кхиамца операци йира японерачу лоьраша цунна, даьIка метта леррина кечйина йолу пластикан чалх а юллуш.

Кикучи Юкико йина а кхиина а ю Японин Къилбаседехьа. Хонсью олучу гIайри тIехь. I7 шо лдоуш дуьххьара хилира иза Оьрсийчохь. Чернобылехь хилларг толлуш а, Совтеан пачхьалкхан территори тIехь йолу конфликташ толлуш яра ша бохуш дийцира Маршо радионна ша йеллачу интервьюхь Кикучи Юкикос.

ХIинца Кикучис гIо дина волу I8 шо долу Юнусов Iимран шен доьзалца вехаш ву Соьлжа-гIалахь. Меттигерачу уиниверситетехь программистан дешар доьшуш ву иза.

2008-чу шеран 8 чу Сентябрехь Гезгамашан-баттахь Нохчийчу яха дагахь Москоха йеана йолу жима зуда, Москохарчу аэропортера юха Японе дIахьажийра Оьрсийчоьнан Iедалша. И бахьана долуш шаьш реза ца хилар хоуьйтуш нота яхьийтира Японин Москохарчу векалалло Оьрсийчоьнан арахьарачу гIуллакхийн министралле.

ТIкъа хьуна стенца доьзна ду аьлла хета хьо1 Оьрсийчу ца йитар аьлла шега хаьттича, Маршо радионна ша йеллачу инртервьюхь Кикучи Юкикас элира иза нохчашца ша лелош долу гергарло бахьана долуш дацахь, шена-м ца хаа, аьлла:

«Со масийттоза яхана Нохчийчу. ТIехула тIе, сан дуккха а уьйраш ю махкал арахаьа бехаш болчу нохчашца. Нохчийн мухIажарш бехачу дуккхачу а каппашкахь хилла со. И бахьана долуш хила мега иза».

ТIом а машар а бийцаре бечу Лондрнерачу таллман институтан Кавказан декъанна куьйгалла деш ву Де Ваал Томас. Нохчийчохь болх бина ву иза, Хьалхара тIом боьдаш. Шена гиначух лаьцна «Нохчийчоь-Кавказера бохам» цIе йолу книжка зорбане яьккхина Де Ваал Томаса.

ТIехула тIе иза дакъа лоцуш вара Закаев Ахьмадана тIехь Лондонехь хиллачу кхелехь. Амма цултIаьхьа Оьрсийчоьнан Iедалша дихкира цунна Оьрсийчу вар. ЦултIаьхьа дукхха а шераш девлла, амма Де Ваал Томас йиш йоцуш ву Оьрсийчу ваха.

Адвокат Зернова Александра Iамерки Гуантанамо набахтехь латтийна болу ГIебартлойн-Балкаройчура кегийрахой Iалаш бан гIерташ кхелашкахь дакъа лоцуш яра. Амма дукха хан яляле, Оьрсийчу яр дихкира цунна. ХIинца Зернова Лондонехь йехаш ю. Оьрсийчу йелла д1аяллалц яха йиш йолуш яц ша бохуш яра иза:

«Цкъачунна дойуш-м дац тхо, амма цара ша-дерриг а дина, тхо Оьрсийчоьнан Федераце ца дита. Вуьшта аьлча, йелла дIаяллалц Оьрсийчу яха йиш йоцуш ю со. Цуьнан бахьана ду, со даиман а критикан хьажар долуш хилла хилар Оьрсийчурча Iедалан векалша лелочуьнга. Аса даиман а бакъдерг дийцара цу пачхьалкхехь хуьлуш долчуьнахъ лаьцна. Аса даиман а бакъдерг дийцара Къилбаседа Кавказехь хуьлуш долчуьнах лаьцна».

Прохазкова Петра дика йевзаш яра Нохчийчохь. Цкъа дуьххьара журналист болх бира цо. ТIаккха берашна гIо дон гуманитаран вовшахтохараллехь болх бира Прохазковас. Амма 2000-чу шарахь бIаьста 5 шаранна ара яьккхира иза Оьрсийчура, цхьа а бахаьана а ца дуьйцуш.

ХIинца, 3 шо долу къант а кхиош, Прах1ина генадоццуш цхьана эвлахь йехаш ю и жимазуда. Оьрсийчу яха хIинца а аьтто бац цуьнан, цунна тоьхна долу 5 шо диъ шо хьалха чекхдаьллехь а.

Прохазкова Петрица цхьана болх бина волу журналист Штетина Яромир хIинца Чехийн Сенатан декъашхо ву. Нохчийчохь болчу тIамах лаьцна цо яздинарг бахьана долуш дихкина ду цунна а Оьрсийчу вар.

Амма Штетина Яромирана а, кхин болчу, вай лакхохьа хьахийна болчу, нахана шаьш Оьрсийчоьнан мостагIий ду аьлла ца хета. Мелхо а демократи новкъа яьлла йолчу Оьрсийчоьнна г1о дан г1ерташ дара шаьш аьлла хета цаьрна.

Цундела Оьрсийчоьнан культура а, дахар а девзаш а, дезаш а болу и нах сатесна бу цIкъа мацца а и хьал хийцалур ду аьлла. ТIаккха шайн аьтто хир бу, аьлла, хета цаьрна, дуккха а шерашкахь шаьш сатийсинчу Оьрсийчу, ма-дарра аьлча, Къилбаседа Кавказе кхача.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG