ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Горбачев Михаил - "Дуимвират" а, "Хечин Айла а"


Оьрсийчоь -- Горбачев Михаил ву шен офисехь, 11Чил2011
Оьрсийчоь -- Горбачев Михаил ву шен офисехь, 11Чил2011

Советан пачхьалкхан президент хилла Горбачев Михаила ондда критика йина Оьрсийчоьнна урхалла дечу тандемана – президентана Медведев Дмитрийна а, премьер-министрана Путин Владимирна а. Леррина Маршо радион Оьрсийн сервисан корреспондентана Телень Людмилина еллачу интервьюхь Горбачевс шена эхь хета элира, 140 миллион махкахойх лаьттачу пачхьалкхана урхалла даран хьокъехь, царшимаа дечу къамелех.



Оьрсийчура политикан системех лаьцна

Горбачев: Хьовсал, куьйгалла муха кхуллуш ду – шайн доттагIий, шайца дешнарш, цхьана урамехь баьхнарш, футболехь цхьаний лоьвзинарш, цхьаъ динарш а, деш берш а... Аьлчи а, коьртаниг хIун ду – тешаме, вевзаш, доттагIаллин юкъаметтигаш хилар. Суна и некъ товш бац. Аьттехьа а.

Маршо радио: Цундела шечара тешнабехк ма ца бо. Ткъа хьан уллерчу гоно хьуна тешнабехк бира 91-чу шеран, Марсхьокху баттахь

Горбачев: Цара къомана тешнабехк бичи хIумма а дац? Пачхьалкхан бахамаш лечкъа а беш, ахчанаш махкал ара а дохуш? Коррупцица къийсам а болийна, моттаргIанаш ю лелош. ТIаккха хIун хуьлу? Изза хеча ю, айла хьалха а йолуш, нахалахь олуш ма-хиллара.

Маршо радио: Таханлерчу оьрсийн Iедало дечунна стенна реза вац хьо?


Горбачев: Демократин проблемаш чIогIа меллаша къастайо.

Маршо радио: Меллаший? Ахьа чIогIа кIеда эли иза.

Горбачев: ХIуъа делахь а, цхьа деш ду. Делахь а, тIехьа теIар а долуш ду. Амма, оцу процессе, дуьненахь хуьлчуьнца а дустуш, хьажа веза. 20-гIа бIешо чекхдолуш бIе сов пачхьалкхашкахь хилла авторитаран а, диктаторийн а режимаш дIаевлла политикан аренгара. Делахь, цул тIаьхьа масех шо даьлча авторитаран лидершна юха а харжамхойн гIортор карийра.


Маршо радио: Оьрсийчоьнах лаьцна ала мегар дуй ишта?

Горбачев: Ду дера. Хьажал, вай – демократин тIегIанера хьаьжчи – вайн ша-дерриг а долуш ду. Парламент ю, кхелаш ю, зорба а ду. Ткъа жамIаш – мел кIезиг ду! Вай демократе дехьадовлучу новкъахь ду. Ах некъ бен ца бина вай. Демократин институташ кхоллаелла вайн, амма уьш эвсара яц. Царца хьулдо деш долу зуламаш а, хьарамлонаш а.


Маршо радио: Хьал иштта хIунда ду аьлла хета хьуна?

Горбачев: Вайна мегаш ду вай иштта караIамийна хилар. Цундела цара фитнесс-программаш а еш, дилха тIе а доккхуш, демократин механизамаш йохайо.


Маршо радио: Оьрсийчоьнан Iедал баьхкина нах оццул гена хIунда бу, «перестройкин идеалаш» олучу хIуманна?

Горбачев: Уьш хаьржина боцун дера. Боккъалла а, демократин процессашна а, демократин институташна а тIетвжина хилла боцу нах баьхкина Iедале. 89-гIа а, 90-гIа а шераш дIадевлча, бертийн республикашкахь дуьххьара демократин харжамаш дIабаьхча, вай долчехь маьрша харжамаш банне а бацара. Дагадаийтал 96-гIа шо! Зюгановс толам баьккхинера боху цу харжамашкаь. Цунна иза хаара а боху. Цуьнга аьллера иза, амма иза кхеравеллера.


Маршо радио: Владимир Владимирович ма вара харжамашкахь толам баьккхинарг. Цуьнгахьа кхаьжнаш ма тесира 2000-чу а, 2004-чу а шерашкахь.

Горбачев: Нагахь санна харажмийн кампанеш мелла а маьрша елхьара, цуьнца и дарж къовсалур долчу оппозицин ницкъийн векалш дуккха а хир бара.

Харжамаш буьззина хир бара, тIаккха и кхин истори хир яра. Кхин политикан дахар хир дара. Схьаэцал, демократи кхиина яьлла пачхьалкхаш – цигарчу парламентехь масех парти ю. Царах цхьанненан а яц 40 процентал сов. Дукхаллехь болчеран а, опоозицица барт бан безаш хуьлу.


Маршо радио: Хьуна хетарехь, авторатизмехьа хIунда теIа Iедал?

Горбачев: Iедале веанчух доьзна ду иза.

Маршо радио: Стагаххий?

Горбачев: ХIаъ, адамах а, цуьнан амалх а, зеделларех а. Вайчеран хIун зеделларг ду? КараIамор а ду, кхерорца карахь латтон Iемина бу. Цкъа мацах, Черкесов Виктора ма-ларра (наркотикашна тIехьожучу Федералан урхаллин куьйгалхочо), чекистийн система ю кхьоллина.

Маршо радио: Хьо цуо бохучунна реза вуй?

Горбачев: Чекисташ массанхьа а дIатарбелла болуш бу. Иза лортIехь дац. Со, ала дашна, царца гамо йолуш а вац. Амма, ницкъийн структураш тIех ницкъ болуш хиларна а, политикан хаттаршкахь церан бакъонаш тIех дукха хиларна а, нехан дахарна юкъагIерта церан бакъо хиларн а дуьхьала ву со. Иза хилийта йолу хIума дац. Цундела аса тахана боху: уггар а коьрта проблема, хьалхара проблема – вайна карлаяьккхина харжамийн система оьшуш хилар ду. Нахана, боккъалла а, харжа бакъо луш йолу.

Маршо радио: Ахьа хьастагIа айхьа ма-ьаллера, 2012-чу шарахь презилент Медведев Дмитрий вуьсур ву, ткъа 2018-чу шарахь юха а президент Путин Владимир хир ву, аьлла.


Горбачев: Хьуна бакъдерг дехазь, аса ца аьлла иза. Хьахон дезарг хIун дай, пачхьалкхан куьйгалхоша вовше деш долу къамелаш ду, президентан харжамех лаьцна долу. Ткъа цхьаммо доладой, тIаккха вукхуо доладой, вовше дуьйцу, - хан тIе ма-кхаьччинехь, шаьш охьа а хоьвшина, къастор ду, муха-хIун дан деза, харжамашка мила гIур ву... Ма эхь ду иза! Суна эхь хета цара лелочух. Эхь доцуш лела уьш. Юкъаралла а йоцуш санна, Конституци а йоцуш санна, харжамийн система а йоцуш санна. Царшимма къастор ду. Дуимвират! Вай стенгахь ду, 140 миллион адам? Суна ца тов иза. Уьш-м тешна бевлла, шаьш Даймохк кIелхьарбахархой хиларх. Суна хетарехь, цунна тIекхача дукха гена ду.

Маршо радио: Дуьйцуш ду, «КПССан деши» тайп-тайпанчу махкашкахь КГБено схьайиллинчу фирманашка дIасадахана, бохуш. Цул тIаьхьа и фирманаш шайн дола яьхна, лерринчу сервисашна уллехь болчу наха. Цундела бу оццул дукха хьал долу нах, оцу структурашкара арабевллачарна юкъахь...

Горбачев: Суна хетарехь, олигархаш а, миллиардаш долахь долу нах а, массарна а евзаш йолу приватизаци олучу, «катохаран» муьрехь гучубевлла бу. Оццу хенахь, аса керста ца до, лерринчу сервисаша цкъа мацах цхьаъ дIалачкъийнера бохург.

ЛадогIа цхьа интерес йолуш хIума дийца аса хьуна. Ельцин президент волчу хенахь цо цхьа Iамеркан фирма лаьцнера пхи миллион долларх. Болх а бина царна карийра, керлачу номенклатурин банкий чоташ. Цхьа ткъаг вара моьттуш ву-кха со оцу цIейозанехь. Амма уьш массо гайдаран Iедалера а, цуьнан гонера а бара.


Маршо радио: Таханлерчу Iедалан бизнесехь хьашташ дац аьлла хеташ вуй хьо?

Горбачев: Ду аьлла хета суна. Лаа лакхадаьлла моьттий хьуна, ахча сел дукха махкал а арадаккхар? Дiалечкъош ду ахчанаш, оффшорашкахь дIадохкуш ду. Бенефициар юьсуш ма яц. Иза ю-кха карарчу хенахь вайна кхузахь урхалла деш...


Маршо радио: Оцу кепара политикан режим Мисар-пачхьалкхехь санна юхур ю аьлла хетий хьуна?


Горбачев: Цул тIех-эккхаш хила а мега.

Маршо радио: Оьрсийчохь и тайпа хIума хир ду аьлла хета хьуна?

Горбачев: ХIаъ, хир ду. Вай хан дIаяхийтахь; тIе а дирзина, адамийн бакъонаш лар ца яхь; Iедална тIехьожур йолу эвсара парламент ца кхоллахь... Хаттар кхоллало, хьан ца дойту и урхалла? Массо бакъо йолуш ма ю, аьлла хета. И бохург ду супермеханизмаш а, бухара механизмаш а ю бохург... Нагахь санна, хIинццал санна массо хIума дисахь, мисарехь хилларг кхузахь хила а тардаларан таро совъйолу.


Маршо радио: Схьахетарехь, Оьрсийчура политикан система кеста хийцалур яц...


Горбачев: Хьуна хIун хаьа? Ма лаца хьайна тIе дукха хIума.

Маршо радио: Ишта аьлла хеташ ю-кха со.


Горбачев: Хета-м йиш ю хьан. Хьо марша стаг ю, мотта йиш ю.

Маршо радио: Хьуна хIун аьлла хета?

Горбачев: Ленине хаьттира цкъа журналисташа: «И революци маца хир ю те, накъост Ленин?» Т1аккха цо элира: «Тiекхуьучу чкъуран гIуллакх ду иза». 17-чу шеран Дечкен бутт бара иза. ТiебогIучу Чиллан баттахь революци иккхира. Иштта ду-кха.

Маршо радио: Оьрсийчохь хир болчу политикан хиламех лаьцна хIумма а эр дарий ахьа?

Горбачев: Дацара.

Маршо радио: Цхьана иттех шаран мукъа а?

Горбачев: ХIан-хIа. Тешаме демократин механизмаш болх бан юьйлаялар ду хIинца коьртаниг. Политикан маьршонашна а, кхечуьнан доларчу хIуманна а тIекхийдачу нахана оцу механизмашца дуьхьало яйтар. Система ю болх бан йолаяла езаш – и ю Iалашо. Хiинца хуьлуш дерг хIун ду?... Тхан Ставрополехь уггар а вуо колхазан гIанта мила ларарий, ша уьдуш верг, ша нарядаш йоькъуш верг, хIоранге а, хIун дан деза дуьйцуш верг.

Маршо радио: Хьанца дустуш ву хьо иза?


Горбачев: Дустуш вац... Иштта, коьрта чу деанера...

Маршо радио: Гена дIавахийтина хилла волу Сахаров ахьа цIаверзийначу хенахь, керла хенаш тIеяьхкина билгало хетара иза. Ходорковский маьршаваьккхича, иштта билгало хир яра аьлла хетий хьуна?

Горбачев: ХIуъа дичи а оцу бакъдолчунна тIекхочуш вац-кха со. Суна оьшу информаци яц соьгахь, Ходорковскийца доьзначунна тIаьхьакхиа.

Маршо радио: Ходорковский Михаил набахтехь латтор, иза оьрсийн Iедална наха хоржур волу политикан лидер, шена конкурент санна хетарца дузий ахьа?


Горбачев: Суна хетарехь, иза лидер вац. Ткъа цунах уьш кхоьруш белахь, иза церан гIуллакх ду.

Маршо радио: Хьан цхьа ойла яра хьайн социал-демократин парти юхакхолла. Цунах гIуллакх хIунда ца хилира?

Горбачев: «Ахьа хIун до цунах, элира соьга. Оха хьоьга хIете-вете а регистраци йойтур яц цунна», аьлла.

Маршо радио: Стаг велира хьоьга нийсса оцу кепара хIума ала?


Горбачев:
Сурковс элира. Тхойшиннен хиллачу къамелехь. Цул тIаьхьа гIо дира юкъараллин болам кхолла. Аса, ала дашна, цунах лаьцна дийцинера.

Маршо радио: Цо хьога и къамел динчул тIаьхьа, ахьа иза нахала даьккхича, Суркован хьаькамаша цуьнан гIалат нис ца дира? Лакхара дина омар дара аьлла хета хьуна иза?


Горбачев: Хета дера. Со тешна ву цунах. Вуьшта, церан йиш-м яра, Сурковс цхьаннега, хIумма а ца аьлла, ала. Кхечу тайпана дан йиш а яра...

ДагадогIий хьуна, Борис Никлоаевича ша пенсехь волуш, цкъа Iедална критика йина? Путина элира цхьа парггIат: «Борис Николаевич пенсехь ву. СадаIа вита иза. Вай цунна «Дала маршалла дойла эр ду...» МаьIна дара – тхан гIуллакхашна юкъа ма гIерта.

Маршо радио: Масала, 2018-чу шарахь юха а Путин Владимир Оьрсийчоьнан президент хила лаьий хьуна?


Горбачев: ХIан-хIа. Суна хетарехь, билгалдаьккхина хила деза, шоззий бен оцу даржехь цхьа а вита йиш яц, аьлла.

Маршо радио: 2012-чу шарахь хир болчу президентан харжамашкахь политикан конкуренци хир ю аьлла хетий хьуна?

Горбачев: Цкъачунна, хир яц эр дара аса. Оьрсийн элита сел чIогIа Iедале безам мел бу... Вай Iедал Далла а лакхара ма ду! Цкъа дуьххьара цхьа гIурт бо, тIаккха килсчане боьлху, чкъурамаш а оьций – Деле шайн кхинош гечдар доьху. Сан даго хьоьху суна, хIинцале цхьа тоба ю гучуйолуш, президентан гIант къовса векал хьалхататта.

Маршо радио: Хьо а ма вара оццу зерах чекхвала везаш – хIуъа дина а, Iедал дIа ца хеца.


Кхета хала ду, Советан пачхьалкх йолуш а, Горбачев шегара архаш дуккха а кхечу нахана дIасадекъа волавелла хилар? Суна хетарехь, аса нийса дина хилла. Тешна ву. Аса хаьржинарг иза дара.

XS
SM
MD
LG