ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчурча Милицин ЦIе Хийцина Полици, Аьлла. Ткъа Хийцабеллий Чулацам?..


Russia -- A police officer gets a fresh set of his uniform at a store in Moscow, 24Feb2011
Russia -- A police officer gets a fresh set of his uniform at a store in Moscow, 24Feb2011

Зазадоккхучу-Март-беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна милицина реформа йеш керла низам болх бан долалуш долуш ду Оьрсийчохь. Амма цу гIулкхана реза боцучу наха дийцарехь, милицех полици алар бен кхин хийцалур долуш хIума дац.

Вуно во юйцуш йолчу Оьрсийчоьнан милицино Зазадоккхучу беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна кхин цIе лелор ю. Амма хIу хуьйцур ду цо?

Милицех полици алар цхьа гIулч ю, Оьрсийчоьнан Iедалша иза коррупцех цIанян гIерташ йоккхуш йолчех. Амма Оьрсийчура юкъаралла цатешарца хьоьжуш ю цу гIулкхе.

Николай Петров Оьрсийчура вевзаш волу политолог ву. Милицина реформа йо аьлла, баккъалла а йолу реформа сийсаз яр ду бах цо Оьрсийчурча Iедалша деш дерг.


-Милицех полици аларо цхьа а хIума хуьйцур ду аьлла ца хета суна. Иза реформийн идея сийсаз яр ду. И гIуллакх вочу агIора доьрзур ду милицина хьовха кхин йолу реформаш ярна.

Мурашов Аркадий Советан пачхьалкх йоьхначу хьалхарчу деношкахь Москох милицина куьйгалла дина ву. Цунна а ца хета полици аьлла цIе тилларх цхьаъ дикачу агIора хийцалур ду аьлла.

-Зазадоккхучу-Март- беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна милицех полици эра долуш ду оха. Амма милицино во болх ма барра, полицино а во болх бийра бу.

Милицина полици аьлла цIе а туьллуш, реформа ян йеза аьлла меттах ваьлларг президент Медведев Дмитрий ву. Иза жоп ду цо делла долу махкахь цхьамоггIа милцоша нахана тIелешетарш дарна.

Иштта Москох супремаркетчохь кхо стаг вен а вуьш, 6 лаза а веш тапча йиттира бехк-гуьнахь а дочуцу нахана милицин майоро Евсюков Дениса.

Кхечу миллицин полковнико, герз а тоьхна, вийра ло дIадоккхучу машенна урхалла деш хилла волу стаг, цо шен машен саттийна аьлла.

Милицина йийра йолчу реформаца а догIуш, тIе богIучу I0 баттахь 20 процентана лахдийра долуш ду полицин белхахойн терахь. Полице балха эцар а чIагIдийра долуш ду. Кхин а цхьамоггIа керла хIуманаш юкъадохур долуш ду полицица доьзна долу.

Амма «Левада центро» дIабаьхьначу талламца 52 процент нахана полицех лаьцна низам дукха тIехула ду аьлла хета.


Делахь а, цхьа хIума дика ду бохуш дуьйцу керлачу низамехь ницIкъаллийн структурех лаьцна яздечу «Агентура ру» олучу интернет-сайтан коьртачу редакторан когаметто Бороган Иринас.


-Суна хетарехь, цхьа дика хIума хилла, и реформа йо аьлла. ТIех сов болу милцой дIабаьха дагахь ду Iедалш. Урамашкахь а, метро чохь а ха деш болу милцой боккха кхерам бу могIарерачу махкахошна.

Оьрсийчоьнан Парламенто, массо а реза а волуш, тIеийцира полицех лаьцна долу низам, зударшна чхьонкарш йетта бакъо хилар а, цхьа а бахьана а доцуш, неха хIусамашна чулелха йиш хилар а дехкахьара, аьлла, долу нисдарш, тидаме а ца оьцуш.

XS
SM
MD
LG