ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харцонаш Лелийна Дагестанехь а, Адыгейхь а Хиллачу Харжамаш


Mettigera Kharzhamash
Mettigera Kharzhamash

ДIадаханчу КIиран-дийнахь, Зазадоккху-беттан I3-чу дийнахь харжамийн де дара Оьрсийчоьнан 74-ъа субьетехь. Кхажтасарехь дакъалоцуш вара 24 миллион стаг. Цара харжира 20 эзар цхьацца тIегIанаштIера депутаташ а, меттигерачу администрацийн куьйгалхой а. Амма тIаьхьарчу хенахь ма-хиллара, дуккха а харцонаш лелорца билгалбевлира и харжамаш Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Дагестанехь а, Адыгеяхь а.

Бозуш боцучу тергамхоша хаамаш бо кхажтосуш дуккха а харцонаш лелийна бохуш. Иштта, масала, харжамийн каппаш дIакъоьвллинчу хенахь, Дагестанехь 75 процент кхъаьжнаш а гулдеш, толам боккхуш яра "Оьрсийчоьнан патриоташ" олу парти. Амма тIаьхьо и терахь хийцаделира. ХIинца "патриотийн" гайтам охьабоьжна I3 процентана тIе. Карарчу хенахь толам боккхуш «Цхьаалин Оьрсичоь» парти ю, бохуш дийцира тхан Дагестанерачу корреспонденто Магомедов Закира.

-ХIинца ала мегар ду карарчу хенахь «Цхьаалин Оьрсийчоь» хьалха яьлла аьлла. Цо гулдеш ду 65 процент хилла кхаьжнаш. Амма дукха харцонаш гучу йевлла. Масала, цхьана тергамхочо дийцира соьга ша волчу харжаман куьпахь делкъахенахь кхажтеснарг 50 хиллала стаг вара, амма центре дIадахьийта терахьаш ло аьлча, цара дIаяздира кхаж теснарг 500 хиллала стаг ву, аьлла. Ткъа иза бакъ дац. Царра бюллетенаш чукхиссина. И бюллетенаш чукхуьссуш йерг «Цхьааллин Оьрсийчоь» парти ю, хIунда аьлча «Цхьаалин Оьрсийчоь» партин векалш цу куьпа дукха баьхкинера, цара кхаж таса чубоьлхачу неха кара луш дара шишша кхоккха бюллетень.


Даханчу кIирандийнахь Дагестанехь хилла болу харжамаш баш хийцабелла а бацара республикехь цулхьалха хиллачех, бохуш дуьйца Магомедов Закира. ТIаьхьарчу хенахь республикехь хуьлуш болчу харжамашкахь харцонаш лела йо бохуш дуьйцу цо.

-ТIахьарчу шерашкахь республикехь хуьлуш болу харжамаш массо а аьлча санна, цхьатера бу. Уьш тайп-тайпана тIегIантIера харжамаш хила а мега, эвлара депутаташ а, кIоштIийн куьйгалхой а, ткъа хIинца хаьржанарш Хьлкъан Гуламан депутаташ бара. Амма массо а и харжамаш цхьа сценарий йолу бу, низамаш а дохош.

Ткъа ала мегар дуй, наха баккъалла а беш борг харжам бу? ХIора стеган а кхаж тидаме оьцуш бу аьлла хетий хьуна цу харжамашкахь, аьлла шега хаьттичи Маршо радион корреспонденто билгалдаьккхира.

-Аса эра дара, уьш статисташ а бац, кхаж тосуш болу нах хьовха. Иза беламе хила а мега, амма нехан кхаьжнаш цхьаммо а чоьте оьцуш а дац. ХIунда аьлча, нагахь уьш тидаме оьцуш хилча «Цхьааллин Оьрсийчоь» партино оццула дукха проценташ кхаьжнаш гулдийра дацара. Иза хила йиш йоцуш ду. Харжамашна кечамаш беш а даккхийн низамаш талхор дара. Масала, «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин кампанехь дакъа лоцуш вара Дагестанан президент Магомедов Мохьмад-Салам. Халкъан Гуламе харжамаш бара дIахьуш берш, тIкъа президентан бакъо яцара цу Гуламан декъашхо хила. Амма, хIундда далахь а, "Цхьааллин Оьрсийчоьнна" кхаьжнаш ло, аьлла долчу плаката тIехь ву республикан президент а, премьер-министАр а. Стаг, кхаж а тесна, цхьана хIуманна тIеIатIкъам бо бохург алар а беламе ду, баккъалла а аьлча.


Делахь, муха ду таханлерачу харжамийн сурт? Маршо радион корреспонденто дуьйцург да воккхавуьйра волуш сурт дац.

-Адамаш цига лоохкуш ду. Иза дукха атта деш ду. Уьш хьалхе дуьйна лелийна йолу механизмаш ю. Масала, ишколе директорна тIе а богIий, олу хIоккхула хьехархо кхаж таса вало веза олий. Машенашца кхаж тосучу меттигашка бала бо уьш. Цу кепара цаьрга кхаж тосуьйта. Беламе хIумнаш а хуьлу цу процессехь. Масала, оьшучу кандидатехьа кхаж тасар тIечIагIдайта мобилан телефонаца бюллетенан сурт даккхар тIедожа до и кхаж таса воьдуш волчунна цо кхаж оьшучу стагана тесна хилар гайта. ХIунда аьлча, оьшшучулла процент ца хилахь, цу стагана догIуш долу таIзар дан мега.

ТIкъа муьлаш бу эххар а Дагестанан Халкъан Гуламе хоржуш болу нах? Цаьрна юкъахь буй хьехархой а, ахархой а, белхалой а? Магомедов Закир.

-Тхуна-м лаара уьш хьехархой а, кхин берш а хуьлийла. Амма и нах могIарерачу доьзалшкара бац. Уьш дукхачу хьолахь Iедалан белхахойн гергара нах бу, я цхьана дош лелаш болчу наха хьалхатеттина болу нах бу, иштта иза ала мегар далахь. Масала, Халкъан Гуламан декъашхошна юкъахь хIунда далахь а дуккха а спортхой бу. И нах дика спортхой хила а мега, амма спортхой дика тIахьакхуьъа ала хала ду цхьацца политикан а, низмашдахаран а нюансашна.

Цу бесса кечбеш а, дIахьуш а балахь а, дукха забаре боцу къийсамаш гIуьтту Дагестанехь харжамаш дIахьуш бохуш дуьйцу Магомедов Закира.

-Депутатин меттигашка болчу кандидаташна герз деттар а, цаьрна кхерамаш тийсар а, харжамашна юкъа ма гIерта бохуш, и тайпа меттигаш йолуш ю. Кху харжамашкахь а хилира уьш. Вешо ваша вийна меттиг а ю харжамаш дIабоьлхаш. Иза кху харжамашкахь ца хилира, Дагестанан кIоштIийн куьйгахой хоржуш хилира. Цундела Дагестанехь нийса а, демократин кеп йолуш а харжамаш хир бу бохург тамашийна хIума ду ала мегар ду.

Оппозцино а, бозуш боцучу тергамхоша а, масала «Голос» цIе йолчу ассоциацин декъашхоша, дIахьедарш до цу харжамашкахь дуккха а харцонаш лелийна бохуш. Иштта, цара дийцарехь, меттигаш яьхкина харжамхой оьцуш а, къайлах йолу агитаци йеш а, хьалххе кечдина долу харжамийн бюллетенаш чу кхуьссуш а.

Адыгеяхь а яра меттигера парламент хоржуш. Цигахь а Харжамийн комисино дIахьедар дина, тоьлларг «Цхьааллийн Оьрсийчо» ю аьлла бохуш дуьйцу тхан цу республикерачу корреспонденто Ашинов Рамазана.

-Нагахь цу терахьех тешча, харжамашкахь дакъа лаьцначу нахах 57 проценто шайн кхаьжнаш дIаделла «Цхьаалин Оьрсийчоь» партина. Коммунисташ реза бац цунна.


Адамаш дог доьхна ду, харжамшкахь харцонаш лелош хиларна бах Ашинов Рамазана. Уьш тешаш бац, цхьаъ хийцалур ду бохучух, бохуш дуьйцу цо.

-Со дуккха а нахаца цхьанакхийтира. Нах дог доьхна бу. Харжамийн комиссино дIахьедар дина харжамашкахь дакъа лаьцна 45 процент харжамхоша аьлла. Амма иза а шеконе дуьллуш ду кхузахь, хIунда аьлча эвланашкахь кхаж таса баьхкинчу нехан терахь дукха лахара дара. Даханчу Шоьта а, КIиран а деношкахь аса къамелаш дира нахаца. Цара массара а бахара кхаж тесча а, ца тесча а хийцалур долуш хIума дац. Ирх-пурх а «Цхьааллин Оьрсийчоь» парти хьалхарчу меттехь хир ю, хIун гIуллакх ду тIаккха эрна цига а воьдуш, цхьанна кхаьжнаш дIадала. Ма-дарра аьлча, адам тешаш дац цхьаъ хийца аьтто хир бу бохучух.

Оьрсийчоьнан Коьртачу харжамийн комиссино бинчу хаамца, цаьрга кхаьчна 90 латIкъам а, дехар а. И латIкъамаш а, дехарш а дуккха а алсам девра ду аьлла хета, Дагестанехь а, Адыгейхь а харжамаш дIахьуш лелийна йолу харцонаш тидаме эцча.

XS
SM
MD
LG