ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-но Жигардаьккхина ГIаттамхойн Уьйраш Лехар


Нохчийчоь -- Соьлжа-ГIалахь ФСБ-но тIемалошна дуьхьал дIаяьхьна операци йирзинчул тIаьхьа, 25Оха2011
Нохчийчоь -- Соьлжа-ГIалахь ФСБ-но тIемалошна дуьхьал дIаяьхьна операци йирзинчул тIаьхьа, 25Оха2011

ТIаьххьарчу шерашкахь Оьрсийчоьн боккха аьтто баьлла Къилбаседа Кавказехь шена дуьхьал лаьтта гIаттамхой хIаллакбарехь. Доккхачу декъанна, оцу аьттонан бухехь бу Къайлахчу сервисо тIемалойн уьйраш лохуш бен болх. Оцунах лаьцна дуьйцу Маршо Радион аналиста Карлсон Лизас (Elizabeth Karlson) шен артикл тIехь.Оха нохчийн маттахь довзуьйту цуьнан маьIна.


Хууш ма-хиллара, гIаттамхойн болам муьлхха а эскар санна хуьлийла дац, юьстахара гIо деш нах а боцуш. Амма оцу нахаца дерг уггаре ледара меттиг бу Къилбаседа Кавказехь Iедалшца къийсам дIахьош болчу гIаттамхойн. Оцу бахьанийца, кху тIаьхьарчу хенахь дуккха а тIеман куьйгалхой а, могIара тIемалой а схьа а лецна, байъа а байъина цигахь Оьрсийчоьн кхерамазаллин ницкъаша.

Ца Хилча Ца Йовлу ЗIенаш

Муьлххачу а эскаран санна, гIаттамхойн боламан а йиш яцара шайна гIо деш нах бацахьара. ТIеман говзалла йолуш, тIеман гIуллакх Iамийна тобанаш хила а тарло, цара тIеман операцеш кечъян а мега, нагахь санна царна ахчанца гIо деш, герз, хIоъ-молха тIехьош, кхача, молханаш латтош нах белахь.

Оцу тобанашна оьшу мостагI волу меттиг юйцуш а, цуьнан Ιалашонаш толлуш а нах хилар. Цул совнаха, оцу нахана гIо деш хила беза цхьацца косташ дIатоха кийча болу нах а, уьш дIасабига кийча а болуш, машенашца лела нах а, ткъа иштта царна тхов-къело яла кийча болу нах а. Цундела гIаттамхойн уггаре ледарлонехь юьсу меттиг ю царна гIо деш хуьлу и нах.

Оцу бахьанийца и нах дIа а лоьцуш, цаьргара хаамаш бохуш хьийза Оьрсийчоьн Федералан кхерамзаллин сервис. Шайн карабаьхкина нах, къаьсттина тIемалой, церан куьйгалхой болу меттиг схьайийцийтархьама, хьийзабечух тера а ду ФСБ-н белхахоша.

Оцу тактико кхиам бохьуш хилар гойтуш ду кху тIаьххьарчу массийтта шарахь, къаьсттина Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчоьхь а, лаьмнашкахь шуьйра маша а тесна, цхьацца тоьланаш чохь хан токхуш болу тIемалой болчохь хуьлуш дерг.

Бахьанаш -- Тайп-тайпана, Жам1 -- Цхьаъ

Оьрсийчоьн хаамийн гIирсаша довзуьйту, 20I0-гIaчу шеран Зазадоккхучу беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна Къилбаседа Кавказехь вийначу а, дIалаьцначу а тIемалойн 14 куьйгалхочух 12 цхьаммо ямартло йина вийна а, дIалаьцна а хилар.

Висина шиъ, дукха хенахь дуьйна тIемаш беш лелла Абдуллаев Супьян а, Iаьрбийн махкара Нохчийчу тIом бан веана хилла МухIанад а вер ларамза нисделла. Абдуллаев вийра Зазадоккху бутт болалуш ГIалгIайчохь Лакхара Алкун-эвлана гена йоцчу тIемалойн бази тIе ракеташ а тоьхна. Ткъа МухIанад вийра Оханан-беттан 22-чу дийнахь Веданан кIоштIахь нохчийн милицин ницкъаша шуьйра талламан операци дIахьош.

Оцу хена чохь, ФСБ-н агенто дакъа а лоцуш, гIаттамхошлахь вийнарг ву цхьа куьйгалхо. Иза ву аль Судани Ясир. Цо а, цуьнан тIемалоша а биина хилла агенташа дIовш тоьхна кечбина кхача.

Айкханчех а Оьцу Пайда

Даханчу шарахь ши леррина операци дIаяьхьира Оьрсийчоьн къайлахчу сервисийн белхахоша. Зазадоккху-баттахь Экажево-эвлахь вийра Бурятский СаьIид. Иза волу меттиг, схьагарехь, ФСБ-н белхахошка йийцинарг вара меттигера вахархо. Цхьаболчара бахарехь, мотт тоьхна шена Бурятский бахьана долуш зулам дала мега аьлла хеттачу лулахочо.

Даханчу шеран Мангалан-баттахь МаьлгΙабекехь ФСБ-но йийсаре лецира «Амир Магас» цΙе лелае тIемало Тазиев Iела. Дукха хан ялале, Товбецан-беттан 7-гIачу дийнахь, "ХIунафа" олучу гIалгIайн гIаттамхошна тIехIоьттина йолчу интернетан сайта тIехь тIемалоша хаам бира, Магас ФСБ-на воьхкина ямартхо вийна шаьш, аьлла. Цуьнан цIе яьккхира цара--Арсельгов Тимур.

И стаг шайна юкъаваийтина агент хилла, ша снайпер хиларх тешийтархьама, цо милцой а байъира, чIагIдо гIалгIайн къайлахлелачу тобанийн векалша. Амма и стаг вевзаш хиллачу наха дуьйцу, Арсельгов кхиаме бизнесхо вара, ткъа иза вийнарш цуьнгара ахча даккха гIоьртина зуламхой бара, бохуш.

Юххера Накъост -- Кхераме МостагI

Стохка Марсхьокху-баттахь Гунибехь вийра суьйлийн тIемалойн тобан куьйгалхо Вагапов Мохьмад. Иза чохь волчу хIусамна го бинера милцоша а, эскархоша а. Вагапов караваха реза ца хилча, цIенна тIе герзаш диттира милцоша. Кхеташ дац, ФСБ-на Вагапов волу меттиг муха хиина.

Вагапов веле хьалха, Хасу-Юьртан кIоштIахь, Керла ГΙагΙатIли-эвлахь, милцоша дIалецира тIемалошна гIо деш хилла цхьа стаг. Оцу стагна хууш хиллачух тера ду Вагапов лечкъина Ιен меттиг.

Вагаповн метта хIоьттина Велиджанов Исрапил а вийра милцоша баханчу баттахь. Иза чохь хилла машен ца соцуш тIехъэккха гIоьртина хиллера милцойн гIаролашна. Дагестанехь арадолучу «Керла гIуллакх» газето яздо, Велиджанов чIогIа ларлуш стаг вара, бохуш. Ткъа цуьнан машенна дуьхьал бевллера милцой, шайга кхаьчначу оперативан информацех пайда а эцна. Хууш дац, Велиджановх лаьцна информаци еллачу стага иза шен лаамехь дина, я цуьнгара иза нуьцкъах яьккхина.

ХIара шо долалуш, Дечкен-баттахь, Велиджановн тобанера, Дагестанерчу Къилбаседехьарчу секторан куьйгалхо Гусейнов Адам а, цуьнан хIусамнана а йийра Хасу-Юьртахь шаьшшиннан хIусумехь.

Дуккха а шерашкахь Iедалшна дуьхьал лаьттина Абдулкеримов Ахьмад а вийра ФСБ-но шен чохь даханчу шеран ГIуран-баттахь. Дагестанехь ломаца лелачу гIаттамхойн лидер вара и стаг. «Амир Адам» олура цунах.

ДоттагIчо ДоттагIчух Жоп Ло...

Уггаре боккха аьтто баьлла ФСБ-н тIемалошна гIо деш болу нах дIалецар бахьана долуш, гIаттамхойн куьйгалхой лаха а, уьш байъа а ГIебартойн-Балкхаройчохь.

20I0-гIaчу шеран Зазадоккху-баттахь Нальчикехь цхьана кафе уллехь ФСБ-н къайлахлелачу белхахошна вевзира оцу хенахь ГIебарта-Балкхаройчоьн а, Кхарачойчоьн а гIаттамхойн куьйгалхо лаьттинчу Астемиров Анзоран юххера накъост Этезов Валерий. Иза вер бахьана долуш карийра ФСБ-н белхахошна Астемиров волу меттиг. Дукха хан ялале церан аьтто белира, Астемиров Анзорна къело а йина, иза вен.

Астемировн метта хIоьттина Яппуев Аскер а, цуьнан когаметта Ташуев Казбек а, Шамеев Ратмир а, («Закария» а олура цунах), кхин а 9 тIемало а вийра Охан-беттан 29-чу дийнахь, кхо кIира хьалха Нальчикехь а, Чегеман кIоштIахь а дIалаьцначу 6 стагах цхьамма ямартло йинчул тIаьхьа. Зорбан гIирсаша бинчу хаамца,оцу ялханнах цхьаъ хилла Яппуевн машенлелорхо.

ГIебарта-Балкхаройчоьн куьйгалхочо Каноков Арсена тIаьхьо дIахьедар дира, и нах болу меттиг йийцинарг Яппуевн лулахо вацара, аьлла.

Ши баьчча Цхьана Тхов КIел Тарлур Вац

Оцу деношкахь «Исламан Дин» интернет сайта тIехь комментареш йитира дуккха а наха. Царех цхьамма яздора: «Хьаъа йинехь а, ямартло йина хир ю, амма хаттар кхоллало, цхьана а кепара ларбала а ца хьовсуш, Яппуев а, Ташуев а, Шамеев а хIунда хилла буьйса йоккхуш,» -- аьлла. Кхечо яздора, ша кхеташ вац лаккхарчу даржехь волу а, зеделларг долу а кхо куьйгалхо муха нисвелла цхьана меттехь,бохуш.

И саннарг хьалха цкъа бен ца хиллера Къилбаседа Кавказехь -- цхьанаметта тIемалойн кхо куьйгалхо леш. Иза хилира 2000-чу шарахь, Дечкен-беттан 31-чу дийнахь, Соьлжа-гIалара нохчийн тIемалой арабовлуш. Дудаев Леча а, Хункарханов Хункар-Паша а, «Жима Асланбек» а вийра минанаш йоьхкинчу аренгахь, шайн тIемалошна чекхбовла некъ боккхуш хиллера уьш. Цу минийн аренгахула массарел хьалха чекхбовла беза тIемалойн куьйгалхой, аьлла, сацам бинера хΙетахь Басаев Шемала.

XS
SM
MD
LG