40 эзар гергга стаг гулвеллера Еарийн дийнахь Норвегерачу коьртачу гIалахь Ослохь террорахо Брейвик Андерс хезча ца мегаш волу «СтелаIадан бераш» цIе йолу йиш лакха. И йиш язйинарг ву вевзаш волу меттигера композитор Нильсен Лиллерберн. Франс пресс агенталло дийцарехь, цкъа дуьххьара цигахь гулвала дагахь вара 5 эзар стаг.
Амма цу акцин декъашхойн терахь, ца моьттачу кепара, алсам делира. Царна юкъахь бара баккхий нах а, заьIапхой а, кегийра бераш а. Норвегийн байракхаш а, кара роза олу зезагаш а эцна, Брейвикана машаран жоп дала баьхкинера и нах цунна тIехь кхел дIайоьдучу хIусамана хьалха.
Цулсовнаха цу акцехь дакъа лоцуш бара Норвегин а, Исландин а, Данин а, Финляндин а, Швецин а културин министарш а, Норвегин премьер-министар Столтенберг Йенс а.
Столтенберга баркалла элира Ослохь гулбеллачаьрна.
Йиш лекхначулла тIаьхьа, гулбеллачара меллаша, вовшен куьйгаш а лаьцна, кхелан хIусамана тIе а баьхкина, зезгаш дехкара Брейвика байинчу нехан сий деш.