Оьрсийчоьно сацон еза журналисташна духьалъяккхина лела къизалла, талла деза Дагестанехь «Черновик» газетан да Камалов Хьаьжмурд вер, аьлла, дΙахьедина дешан маршонан дуьненаюкъарчу денна леринчу пресс-конференцехь, Вашингтонехь, Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан векала Тонер Марка.
Пхи бутт хьалха ХΙинжа-ГΙалахь герзаш диттина вийра журналист Камалов. Ιедалан ницкъийн урхаллаш, цара нах идорца доьзна, Ιорайохура цо. Тергамхоша чΙагΙдарехь, и веран бахьана дара цо бечу балхаца дозуш а, кхечу журналисташна кхерам тасарна тΙехьажийна а.