ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Базарахь юург оьцуш кIезиг нохчий бу: цаьргахь ахча дац


Соьлж-гΙалин урамехь ахчанаш хуьйцуш волу стаг, 04Ман2012
Соьлж-гΙалин урамехь ахчанаш хуьйцуш волу стаг, 04Ман2012

Оьрсийн сом охьадожаран хьокъехь, Оьрсийоьнан кхечу регионашкахь санна йоккха ажиотаж яц Нохчийчохь. Ша ерриг а пачхьалкхан экономикех йоьзначу республикера бахархой сом оьцуш я духкуш а бац. Цхьаболчу тергамхоша цуьнан бахьана лору, нехан карахь я дIадехкина ахчанаш ца хилар.


Оьрсийн сом, долларна а, еврона а хьалха цIеххьана охьадуожаро, цкъачунна Нохчийчохь цхьа а жигаралла ца кхоьллина. Иза кеста хила мегаш хIума ду аьлла хета дукхах болчу тергамхошна. Коьртачу сурсатийн мехаш хIинца а хьаладоьвлла дац, амма, иза дан а зама гена яц бохуш чIагIдо цара. МогIарера нах а бу, ахча дерш а, доцурш а, лерг диллина Iаш, соьмо кхин дIа хIун до теша: я охьадужу, я айало бохуш. Ишшта хир ду я вуьшта хир ду ала цхьа а ца хIутту, амма, доккхачу декъана, хетарехь, кеста тIеян мегаш ю, гIодаюкъ къовла еза зама.

Экономикехь цхьа лестамаш буьйлабелча, юккъараллехь болу сингаттам гойтуш дерг хуьлу, ахча къасточу нехан жигаралла. Тахана Соьлжа-гIалахь, «Беркат» базарахь уьш латтачу меттехь и жигаралла йоцуш ю. Доллар а, евро а айдаларо, шай болх хийцина бац боху цара. Мовлди цIе йолчу ахча къасторхочо бахарехь, чухьаьдда, цхьанна а стага валюта я оьцуш а, юьхкуш а яц.

Ахчакъасторхо Мовлди: Ажиотаж я-м хьа яц кхузахь. Суна иза ца го. Хьалха доллар оьцуш бара, амма хIинца ца оьцу. Нахехь карахь ахча ца хиларца дузу ас иза. Наха ахча соьмашкахь латтадо хIинца. Иза а бахьана ду аьлла хета суна. Тхуна башхалла яц ахчанна мах охьабаьлча а, я хьалабаьлча а. Цкъацкъа соьмана тIехь, цкъацкъа долларна тIехь болх бо оха.

Маршо радио: Ала догIу, хIара къамел дIаяздан, цхьана сохьтехь лела дийзира, ахча къасторхойн могIанашна юкъахь. Дуьйцуш бахьана а доцуш, реза ца хилара уьш къамел дан. Карахь, мел лаххара а, цхьа ах миллион сом хила мегаш, тIехула резенка хьарчийна йолу ахчан туп йолчу цхьаммо, къамел дан ша реза ца хиларан, гуттар а, беламе бух балийра: «ХIинца соьгара интервью а эцна, иза шай радио чохь эфирехь хазийта гIерташ хира вара хьо», аьлла.
Журналистаца къамел дан нах баьхьаш ца хилар, таханлерчу Нохчийчоьнан билгало ю, цундела, цаьрга хIума олийла дац. Дуккха а хIума лайна а, ловш а схьабогIуш бу нохчий.

Базарна юкъахь, дуккха адам гуттар а хуьлу. ХIума оьцучарна юкъахь а дукха нах хуьлу, шайна юкъахь шортта хьоьжурш а болуш. Къеггинчу малхах динчу жимчу четарна кIела а яхана, ша йина йолу тайпа-тайпана салаташ юьхкуш латтачу Марем цIе йолчу зудчо дийцира, нехан карахь ахча ца хиларх а, оцу бахьанца шай мах ца хиларх а лаьцна. Экономикан кризис хIинцале шайна хаалуш ю аьлла тидам бира цуо.

Марьям: Кризис хIокху базарахь муха ца хаало, стохка хуьлуш хилла болу мах а ца хуьлу хIинца. Суна-м чIогIа кризис хета хIара. Массо а хIума язлуш ю вайна. Наха хIун до суна-м ца хаьа. Хиллачуьнга хьаьжча, эхан ах мах а ца хуьлу. Аргуне йоьдуш а я Хасав-юьрта йоьдуш а, схьаоьцу аса сурсаташ. Куржка чохь йолчу салатах кхо туьма бен деха а ца доьху аса, хIетте а дIа ца йоьду иза. Цига юха яха хIума а йоцуш юьсу-кх со.

Маршо радио: Нохчийчохь тахана нахехь карахь мел ахча ду олийла дац, хIунда аьлча, иза нахера оьцуш а духкуш а болх беш банкаш яц. Оцу а, кхечу а бахьанашца, пачхьалкхан Iаьржа бода санна тIейогIу экономикан кризисан керлачу тулгIено кIела хьошура болуш дукха нохчий бац. Иза чIагIдеш ала мегаш хIума ду, хIунда аьлча цаьргахь дIадиллина ахча доцун дела.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG