ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шо хьалха шалха теракт а йина, байинарш дагалецира Норвегехь


Норвегехь дагалалецира цхьа шо хьалха Ослохь эккхийтар дина а, Утойя гIайри тIехь герз диттина а байинарш. Норвегин премьер-министро Столтенберг Йенса зезагийн кочар диллира Ослохь Брейвик Андерс цIе йолчу террорхочо эккхийтар динчу меттехь. Берриг а махкахь килсанашкахь байинарш дага луьйцуш гIуллакхаш деш бара мозгIарш.

Iаьржа духаран церемонехь вист хуьлуш, Столтенберга дIахьедар дира, ультра-аьттохьарчу экстремистан Брейвик Андерсан аьтто ца белира норвегин юкъаралла хийца аьлла. ТIаьхьо иза хилира Утойя олучу гIайри тIехь а.

Шалха теракт яр бахьана долуш 77 стаг вийра Брейвик Андерса. 240 сов стаг лазийна вара.

И стаг лортIехь хилар лоьраш тIечIагIдахь, иза чу вуллур волуш ву велла дIаваллалц аьлла, хан а тоьхна. Цуьнан кхоламах лаьцна сацам бийра болуш бу тIебогIучу беттан 24-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG