30 шарахь шаьш долчохь болх бечу «Бераш кΙелхьара дахар» цΙе йолчу сагΙа доькъучу юкъараллан кхечу пачхьалкхийн векалшна махкахбовлар тΙедожийна Пакистанан Ιедалша.
Цуьнан бахьана официалехь довзуьйтуш дац. Оцу тобан юкъараллаца зΙе латточу декъан куьйгалхочо Кадри Гулума бахарехь, ши кΙира далале махкахвала декхаре ву цуьнан 6 накъост. И омра динарг ю Пакистанан арахьарчу гΙуллакхийн министралла.
Цхьаболчу хаамийн гΙирсашна хетарехь, бахьана дозу, Пакистанан Ιедалшна хетарехь, шо гергга хьалха Аль-Кхайдан куьйгалхо Бен Ладен Ιусама вуьйш, «Бераш кΙелхьара дахар» юкъаралло Ιаьмеркан лерринчу ницкъашна гΙо дина хила тарло бохучуьнца.
Оцу юкъараллехь болх беш ву ши эзар гергга пакистанхо.