Узбекистанерчу Сох-анклавехь дIалийцина болу гIиргIизой цIабирзина шайн даймахка. Цунах лаьцнна хаам бина и анклав йолчу Баткен-кIоштIахь волчу Узбекистанан Iедалан векало. Хьалхо Узбекистанан къоман кхерамазаллин сервисо бехке бинера гIиргIизойн дозанхой, шайн дозанехь, пхи узбек лаза а вина, дов даккхарна.
Цара дийцарехь, ГIиргIизойчоьнан Iедалша шайн дозанерачу гIоьпе серло ялош, шина пачхьалкхо бина болу барт а бохош, тоькан бIегIий хIитто долийна хилла Сох-анклавехь. И бахьана долуш дов иккхинера меттигерчу бахархойн а, ГIиргIизойчоьнан эскархой а.
ГIиргIизойн Iедалша дийцарехь, Сохехь бехачу узбекаша тIелатар а дина, дIалаьцнера 40 гергга гIиргIизо. Оршот буса царах 14 стаг дIахецнера.