ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу урхалло ТехIране дехар дина вен кхел йогIучу зуламийн терахь лахде, аьлла


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу урхалло ша саготта ю аьлла, ГIажарийчохь 21 шо хиллачу стагана, вуьйш кхел ярна. 17 шо долуш Надери Iелас дина зулам бахьанехь, цунна таIзар деш иза вийна Дечкен бутт болалуш.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин оцу урхалло бахарехь, 18 шо кхачаза болчу нахана йиш яц вен кхел кхайхкон. Оцу документо далочу кехато хьехайо берийн бакъонаш ларъеш йолу Дуьненаюкъара конвенци а, махкахочуьн а, политикан а бакъонаш ларъен Дуьненаюкъара пакт а.

Организацино дагадоуьйту, ГIажарийчоь оцу шина дуьненаюкъарчу актан декъашхо хилар.
ТехIране вен кхел кхайкхош долчу зуламийн терахь жимдар дехна адамийн бакъонийн урхалло.
XS
SM
MD
LG