ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лата хаар дика ду. Амма хьекъал кхин а тоьлу


Франци - Каннаш, Дуьненаюкъара Филмийн фестивал дlахьош йолу меттиг, 22Сти2012
Франци - Каннаш, Дуьненаюкъара Филмийн фестивал дlахьош йолу меттиг, 22Сти2012

Европехь бехаш болу нохчийн кегирхой декъа а болуш хиллачу латарех рогIера хаам баьржина кху деношкахь. Аьлча, хилларг ши шо хьалха хилла дара, амма пIераскан буса цу латаршкахь дакъалаьцначу нохчийн кегирхошна кхел кхайкхоро бахьана даьккхина хаамийн гIирсашна, кхин цкъа а вайнах вуочу агIор бийца.

Грас олучу Францерчу гIалина кхело хенаш тоьхна масех нохчийн жимачу стагана. Уьш лийцинера 2011-чу шарахь Каннашкахь буса сакъоьручу клубан хехойх летар бахьана долуш. Цу муьрехь Каннашкахь дуьненна евзаш йолу кинофестивал дIайоьдуш хилла хиларо, цуьнца доьзна кхерамазаллин белхаш вуно алсам баьхна хилла хиларо а болчунна тIе а базбина кегирхойн бехк.
Цу девнан дийцар иштта ду.

2011 шеран стигалкъекъа баттахь масех нохчийн жима стаг VIP Room цIе йолчу цхьана уггаре а езачарехь буса сакъоьручу клуба чукхача гIоьртина хиллера, амма хехоша уьш чу ца битина хилла. Дош дашера даьлла, уьш цигахь мелла а вовшашца эвхьаза бевлла тIаккха.

ШозлагIчу Iуьйранна, Iедалхоша чIагIдарехь, шайца кхин шортта накъостий а баьхна, вайнехан кегирхоша кIело йина балхара цIабоьлхучу клубан хехошна. ТIаккха уьш цигахь вовшахлетта. Масех хехочунна чевнаш а йина, уьш лоьрийн цIийна бига дезнера, бохуш, дийцира кхелахочу, шен сацамна бух балош.
ХIетахь полисхойн кадаьллера, латаршкахь дакъалоцуш хилла аьлла шайна хеташ волу 4 кIант лаца, ткъа пхеалгIа верг лаца ца веллехь, амма цIарца билгалваьллера царна.

ХIинца цу пхеанна хIоранна а диъ-диъ шо набахтехь яккха тоьхна, цара шаьш латарийн декъа дацара, и Iоттабаккхам нисбеллачу хенахь цу уллохь машен чохь Iаш дара шаьш, бохуш, чIагдеш хиллехь а.

И тайпа хIума дуьххьара нисделла дац Европехь. Бакъду, даима а ца хуьлу церан бахьанаш а, цу латаршкахь бехке берш а Iедалхоша я журналисташа ма-дийцара. Хийлаза нисло, бехк-гуьнахь а боцу вайнехан кегирхой сонталла къовса арабевллачу зуламхойн закъалташ хуьлуш а. Ца ваьлла, шена йинчу гIелонна дуьхьала ян а дезий, и бахьана долуш лата дезна, Iедалхойн каравахна верг а хуьлу.

Иштта нисло хийла полисхоша, Оьрсийн къайлахчу сервисийн дехарца вайнехан кегирхой, боцучу бехкана, масала тIамехь дакъалаьцна хилла я тIемалошна гIо деш хилла, олий, лоцуш а. Я, массарна а дагадогIуш, масех шо хьалха оццу Францехь нисбелла сингаттам санна дерг а.

ХIетахь, карладаккха догIу, сахуьлчу хенахь, цхьа а бахьана доцуш, нохчийн масех жима стаг вехачу петар чу лилхинера, неI а кагйеш, меттигера Iедалхой. Дикка набарха валанза волу цхьа нохчийн жима стаг, шена чу лилхинарш мацах тIом болчу хенахь Нохчийчохь лилхина хилла болу оьрсий бу моьттуш, церан кара ца ваха, корехула ара а кхоссавелла, шена хиллачу чевнех кхелхинера.
Делахь а, нисло лела ца везачухула лелла я цхьа майралла я еса сонталла къевсина шена а, нахана а зулам даьлларш а.

Европехь вайнехан мухIажарийн хьал дика девзаш волчу Исханов Хьусейна, цхьана хенахь Нохчийн Республика Ичкерин парламентан депутат хилла волчу, дийцира Маршо радионе, нохчийн кегирхойн цхьацца Iедалшца я кхечу къомах болчу шайн нийсархошца Iоттабаккхамаш нисбаларан бахьанех лаьцна.

Исханов Хьусейн: „И тайпа хIума дукха нисло ала мегар дац. ХIетте а нислуш-м хуьлу иза. Вай кегирхойн кхузахь да-нана а, баккхий нах а уллохь ца хилар ду цу хиламийн бахьанашкахь. Вай кху Европехь мелла а керла къам ду, вай амалш кхарна евзаш яц. Вай мелла а сихо а ду. Вайн кегирхой дош-дашера ма даьлла, буй тIе тоха беза, аьлла, хеташ хуьлу. Ткъа кхузахь берш кхин башха лата карах долуш нах ца хуьлу.

Вай цу оьрсашца тIемаш бина, Iемина ду, лата а, дуьхьало ян. Нохчийн божаберашна жима долуш дуьйна Iамош хуьлу, юхавала мегар дай, юхь-Iаьржо хир ю, бохуш. Цхьаболчу дай-наношна ца хаа, и бераш кханенна Iамон деза. Спорте воьдург буй-тIара ечу спорте воьдуш хуьлу, ткъа коьртаца болх бан а, Iамон а дезачу спорте луш берш цкъачунна кIеззиг бу“.

Маршо радио: И хIума тIейогIучу хенахь алсам ца далийта а, нохчийн кегийчу нехан, хууш я ларамза, Iедалца а, шайн нийсархошца а тассадаларш ца дийлийта а цхьа некъ го Исханов Хьусейна- цаьрца кхетам кхиоран болх бар а, вайнаха вовшашца уьйраш алсам яхар а.

Исханов Хьусейн: „Нохчийн вовшашна бевзаш бац кхузахь. Урамехь, масала, гIали юккъехь вогIу-воьдуш цхьа нохчийн бер гича, и бер хьенан ду ца хиъча, хьан цуьнга „Хьо кхузахь хIун деш ву?“, аьлла, олийла дац, цунна хьо вевзаш ца хилча. Вевзаш хилча-м и сацо хала ма даций. Амма, Даламукълахь, вайга нислур долуш, толур долуш хIумнаш ду уьш. Кхузахь вайн коьртачех Iалашо ю – вай вовшашна довза, вовшашна тIегIорта деза, къехка а ца къехкаш. Цкъачунна къехкар ду вайца мелла а. Гергарлонаш лело, вовший долчу чудахар, и бераш а, вай ваьшна а довзар – иштта и некъ хета суна цу тайпачу хIуманех кIелхьарадовла“.

Маршо радио: Ткъа Каннашкарчу латаршкахь декъа хилла бохуш волу кхин дIа волу масех жима стаг хIинца а Iедалша лохуш ву. Цу девнехь бакъ-харц мила хилла бохург къасталур дац, Iедало официала бехк вайнехан кегирхошна тIе теттинехь.
Амма билгал хууш дерг кхин ду: тIамех бевдда, Европе схьабаьхкинчу вайнехан кегийчу наха буса сакъоьручу маьттазчу клубашкахь леха а, царна цигахь карон а цхьа а дика хIума дац.
XS
SM
MD
LG