Гуьржийн премьер-министро Иванишвили Бидзинас бахарехь, Оьрсийчоьнца долу шайн пачхьалкхан дов дерзор «цуьнан боккха лаам» бара. Амма оцу лаамо иза дешнйин тIамехь латтаво гуьржийн президентца Саакашвили Михаилца а, цуьнан белхан накъосташца а.
Даханчу кIирнахь Саакашвилис ондда критика йира Иванишвилина, цо Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблейхь Гуьржийчоьно «дукха гIалаташ» дина, Москохана муьтIахь хиллачу сепаратистийн Абхазица а, Къилба ХIирийчоьнца а йолчу юкъаметтигашкахь, аларна.
«Хьенан дегнаш эца гIерташ ву иза?» аьлла хаьттира Саакашвилис. «Цо вуо тIеIаткъам бийр бу Гуьржийчоьнан йозуш ца хиларна а, маьршонна, кханенна, латтанийн цхьааллина а», элира гуьржийн президенто.
И критика, тIаьххьара масала ду, Саакашвилина, Иванишвилина юкъахь Тбилисин, Москох юкъаметтигашна тIехула ца хуьлчу бертан.
Даханчу шарахь конституцехь бинчу хийцамашца а догIуш, президентан коьрта архаш, царна юкъахь арахьара гIуллакхаш а цхьаьна, премьер-министре а, парламенте а дIаделла.
Аналистийн хьесапехь, Оьрсийчоьнца йоьзначу политикина тIехула Иванишвили Iедалан а, Саакашвилин администрацин а иръеллачу юкъаметтигаша Гуьржийчоьнна хьалха лаьтта доккха хаттар гойту – хьалха хиллачу советан республикашка шен виртуала колонешка санна хьоьжучу, воккха а, нуьцкъала а лулахочуьнца гIуллакхаш муха дIакхехьа деза, бохуш долу.
Саакашвилис санна, шога позици лацахь, цунна дуьхьал шога реакци йоккхур ю. Амма Москох дукха улле ялоро а, тIекIаяро а цунна гуттар а Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIерта, шуьйра неIарш схьаеллар санна хIума ду.
Джонс Стивен, Маунт Холиок колледжере дуьненан юкъаметтигийн профессор а, «Гуьржийчоь: Йозуш йоцуш хилчхьана дуьйна политикан истори» цIе йолчу жайнин автор а ву. Цо элира цу хьокъехь.
Джонс: Гуьржийчоьнан Iаламат чолхе лулахо ю Оьрсийчоь. Гiуллакхаш лелон чIогIа хила ду цуьнца. Оьрсийчоь хIинца а ю Советан пачхьакхана юкъайогIуш хилла республикаш шен колониш хеташ. Амма Гуьржийчоьно къасто тарлуш некъаш ду. Цара ерзор яц гуьржийн-оьрсийн юкъаметтигашца йоьзна проблемаш. Я Абхазин а, Къилба ХIирийчоьнан а политикан статус а хуьйцур яц. Амма цара цхьа гIирс кхолла тарло, юкъаметтигаш къастон йолор мукъа а йолуш.
Иванишвилис а, цуьнан арахьарчу политикан коьрта министрша а бахарехь, Гуьйржийчоьнан малхбузенехьа гIертар хуьйцуш а, я НАТОна а, Европан Бертана а юкъаяха гIертарна а новкъарло еш а бац уьш. Саакашвили санна, цара а боху, Гуьржийчоьнах дIакъаьстина Абхази а, Къилба ХIирийчоь а, Гуьржийчоьнан дакъа ду. Цул сов, Оьрсийчоьно и ши республика йозуш ца хилар къобалдар юха а эцна, цигара 10, 000 хиллар шайн эскарш ара ца дахахь, Москохца дипломатийн юкъаметтигаш нисъян дуьхьал а бу.
Амма оццу хенахь, керлачу Iедало боху, Москохца йолу юьйлина юкъаметтигаш жимма мал а йина, йохка-эцар тайпа гIуллакхашкахь Оьрсийчоьнца цхьа Iалашо лаха гIерта уьш.
Гуьйржийчоьнан тIеман министро Аласания Ираклийс билгалдоккху дуьллу, «140 миллион стагах а лаьтташ, заррат герз долу пачхьалкх» церан къилбаседерчу дозанера тIеза йовр яц. «Хаза хетахь я ца хетахь, Тбилисино «гIуллакхаш лелон» а, «хIилланца эшо» а еза Москох.
Аласания: «Тхуна ца хета Оьрсийчоьно шен Гуьржийчоьнца йолу политика хуьйцур ю, латтийн цхьаалла къобалъйийр ю, я НАТОна юкъадаха гIертар къобалдийр ду аьлла а. Амма тхуна садаккха таро еза, кхиа Iалашонца, вовше деш даккхий дIахьедарш Iад а дитина. И аьрха къамелаш Iад а дитина, йохка-эцарехь юкъаметтигаш нисъян лаьа тхуна. Оцу кепара, тхайн институташ а, экономика а кхион. Абхазашца а, хIирашца а гIуллакхаш лелон меттиг а юьтуш. И ю ойла. Оха цунах Оьрсийчоьнца тарлун агIо олу.»
Оцу юкъанна, и ойла къобалъеш ю юкъаралла. Цхьанатоьхначу Штатийн Къоман Демократан Институто дIадаьхначу хеттарша гайтина 68 процент гуьржий, Гуьржийчоьнан Гiан олучу партина Оьрсийчоьнца тоьллачу кепара юкъаметтигаш дIанисъйийр ю аьлла хеташ. 54 процент теша, цо пачхьалкх НАТОна юкъаюьгур ю, аьлла.
Гуьржийчура сурсаташ Оьрсийчохь дохкаран хькоъехь барт бина Iедало. Цу юкъахь чагIар а, мела хи а ду. Официала дипломатан юкъаметтигаш ца хиларе терра, Москохца йолу юкъаметтигашна дола дан леррина векал Абашидзе Зураб хIоттийна Иванишвилис.
Саакашвилин къоман кхерамазаллин хьехамча волчу Бокерия Гигас бахарехь, урхалла дечу коалицино Гуьржийчоьнан хьашташна зе дан тарло.
Бокерия: "Йохка-эцар, тIеверза йиш йолу хаттар ду. Амма, йохка-эцар – Оьрсийчоь Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIертар делахь – оккупаци йина ца Iаш, Гуьржийчоьнан Евро-Атлантикан новкъахь зе дан хьажар – суна хетарехь, гIалат хир дара. И хIума доза доцуш а, цхьана ца дараш долуш а ду, сингаттам кхуллуш а ду.»
Керлачу Iедало бахарехь, Гуьржийчоьнан Iалашо Абхазица а, Къилба ХIирийчоьнца а юхакхетар хиларе терра, иза дан некъ а болуш бу. Цу латтанашна тIехь урхалла дарах Саакашвили къехкачу хенахь, Иванишвили мелхо а, абхазхойн а, хIирийн а юкъараллашца алсам уьйраш таса лууш ву. Гуьржийчоь цкъа мацах Европан дакъа хирг хиларх, и дIакъаьстина ши мохк тIекIабан бахьана хIоттор ду.
Оцу хьокъехь Гуьржийчоь юхавовшахтохаран министр волчу Закареишвили Паатас элира.
Закареишвили: Оьрсийчоьнна а, керлачу, демократан, Европан дакъа хир долчу Гуьржийчоьнна а юкъахь къастон аьтто бала дезаш ду тхо.
Шайна ечу критика дуьхьал, Iедалан декъашхоша тидаме дуьллу, Саакашвилис Оьрсийчоьнна дуьхьал дIахьедарш дахь а, цо Гуьржийчоьнна куьйгалла дечу юкъанна пачхьалкхан инфраструтктурин инзаре доккха дакъа оьрсийн компанишна доьхкина. Цара иштта, дагадоуьйту, Оьрсийчоь Дуьненаюкъарчу Йохка-эцаран организацина юкъахарна дуьхьало ян, Саакашвилис ветон бакъонах пайда эцна ца хилар.
Гуьржийн парламентан спикер волчу Усупашвили Давида бахарехь, Тбилисин керла политикина ондда гIортор йо НАТОно а, Европан Барто а, Цхьанатоьхначу Штаташа а.
Усупашвили: "Европахоша а, Iамеркахоша, НАТОн векалша а Гуьржийчоьне де бохуш, хьехна хIуманаш ду оха деш дерш. Цхьана агIра, тхо теша, оха и хIуманаш дан дезаш хиларх. Вукху агIора, (Малхбузено) тхуна хьехна хIума ду иза.»