Бакъоларъярхойн Амнести Интернейшнл тобано шен рогΙера рапорт кечдина, Юккъерчу Азехь а, Оьрсийчохь а, Украинехь а Ιедалан кхерамзаллин урхаллаш декъахь ю нах идорна а, барна а, харцонца лецарна а, сецийначу нахана тΙехь гΙело ярна а, аьлла.
Кхаарийдийнахь даржийначу оцу документо бахарехь, къаьсттина Юккъерчу Азин пачхьалкхаша харцонашца ницкъ арабоккху, кхечу мехкашкахь къайлабевлла шайна товш боцу шайн бахархой лецна цΙехьабига, хΙаллакбеш а нисло.
Амнести Интернейшнло тоьшалла до и тайпа зуламаш алссам даьржина хиларх а, цаьрца доьзна Европерчу кхеле кхочучу гΙуллакхех дукхахдерш листа цалуш дуьсуш хиларх а.