Немцойн лакхарчу куьйгалло сацам бина, Оьрсийчуьра лерина сийначу басахь долу, хьукматхо санна даржехь стаг вуйла къастош долчу паспортийн дайшна маьрша, визанаш а йоцуш, Евроберта юккъе йогIучу пачхьалкхашкахула дIасалелар ца магон. И хIинца-хIинца баьржина болу Германера хаам Оьрсийчуьрчу арахьарчу гIуллакхийн министраллийна Iаламат боккха эшам бу.
ХIунда аьлча, масех бутт а бац, дуккхаъчу шерашкахь Цхьанакхеттачу Европица дагадовларш дIакхехьначул тIаьхьа, эххар а визийн хьокъехь кхиаме гIулчаш яьхна шаьш, бохуш, Лавров Сергейс куьйгалла дечу хьукматан векалша хазахетаре дIахьедарш дина.
Бакъду, хазахетаре и кхаъ могIарерачу бахархошна а боцуш, Iедалан белхахошна, ма-дарра аьлча, ишттаъ-вуьштаъ дийна цхьа могIа даладаларшца билгалбаьхна болчу, шайн дахар дуккхаъчу тIегIанашна тIехь мискачу нехачул аттох а, аьхнох а хиларца къасташ болчу Iедалхошна а, вуно шортачу оьрсийн махкарчу хьукматийн белхахошна а бара.
Ткъа хIинца меттигерачу „Зюддойче Цайтунг“ газетано, шен хьостанашна тIе а тевжаш, яздина ма-хиллара, и кхиаме гIулч бIостанехьа йирзинчух тера ду. ХIунда аьлча, немцойн урхаллерачу министраллийн векалша а, канцлер Меркелан аппаратан белхахоша а барт бина, хIинцаъ Оьрсийчуьрчу хьукматхошна дозанаш схьаделла хьалхехь ду, аьлла.
Бахьана – Германин лакхарчу Iедалехь резацадацар IаьIна, Оьрсийчохь оппозицин боламаш дукха тIех дера Iедалан ницкъаша хьоьшуш хиларх а, оппозицин жигархочунна Навальный Алексейна хан кхайкхор а, цу махкара кхелан система дукхе дукха Iедалан куьйгаллех йозуш хиларх а.
„ И тайпа гIулч вай яьккхича, иза-м, мелхо а, вайн Iедал а маьрша юкъаралла а, дешан а, гуламийн а маршонаш а хьоьшучу нахана белшаш гIортош долуш санна туда йиш йолуш хIума хир дара“, - аьллера цу хьокъехь уггаре а вевзаш волчех немцойн Оьрсийчоьнах волчу аналисто Шоккенхофф Андреаса шен „Зюддойче Цайтунг“ газетин журналисташца хиллачу къамелехь.
Шен Путин Владимиран а, цуо кхоьллинчу системин а ира критика ярца вевзаш волчу Шоккенхоффа билгалдаьккхира, Путинна шен политикана гIортор йолчу нахана визанаш йоцуш дIасалела маршо яккха лаьа, ткъа „Германи, мелхо а, студенташ а, Iилманчаш а, адамийн бакъонашларъярхой а маьрша дIасалелийта гIорта езаш ю“, аьлла.
Кхин а дера мах хадийра Оьрсийчоьнний, Евробертаний юккъехь хьукматхойн визийн хьокъехь бан кечбина хиллачу бертан „Баьццарчу“ партин цIарах Бундестаган депутат волчу Бек Фолькера. Цуо Меркелан урхалла хьераяьлла хиллачух тера ду, нагахь санна иза и тайпа барт банне а бан дагахь хиллехь, аьлла, элира.
„Муха гIо дийр ду, шайн махкахь нахана дуьхьал репрессеш а еш, амма шаьш хаза шайн зуламечу некъашца гулдина долу ахчанаш Малхбузене ара а дохуш, лелаш болчу нахана визанаш йоцуш дIасалела?“, - аьлла цец а волуш. Депутатана хетарехь, немцойн Iедало, мелхо а, адамийн бакъонашларъярхошна а, Iедалера репрессеш ловш болчарна а схьаделла деза Евробертан дозанаш.
Ала дашна, и тайпа кхайкхам, Оьрсийчуьрчу, амма къаьстина, Къилбаседа Кавказера а, Нохчийчуьра а адамийн бакъонашларъярхошна а, репрессийн закъалташна а визанаш йоцуш дIасалела маршо лахьара аьлла, бинера даханчу шарахь ша Бундестагехь йистхуьлучу хенахь евзаш йолчу оьрсийн адамийн бакъонашларъярхочуо Ганнушкина Светланас а. Амма хIетахь и кхайкхам немцойн депутаташна ца хезаш бисира.