Оьрсийчоьнан Инарла прокурора дΙахьедина, шена билгалдаьлла Москох мэран дарж къовсучийн могΙарахь волчу оппозиционерна Навальный Алексейна Малхбузено низамехь доцу ахчан гΙо латтадо, аьлла.
И къамел дина прокурора шен хьукмато либералан-демократин партин векалша дина арз теллинчул тΙаьхьа. Оцу хьокъехь бехктакхаман гΙуллакх айдан а тарло, хаам бо Инарла прокуратурано.
Навальный Алексейн харжамийн штабан куьйгалхочо Волков Леонида оршотдийнахь дацаре дира прокуратуран дΙахьедар.
Дахначу кΙиранах Навальный Алексейс ша а даржийра прессехула цхьа хаттар: кхечу, коьрта кандидат ларалучу Собянин Сергейн йоΙана-кхиазхочунна стенгара яьлла 5миллион доллар мах болу Москохара петар, аьлла. И петар Собянинна 2006-чу шарахь еллера, цо иза низамехь долаяьккхина, бохуш ду, цуьнан пресс-секретара делла жоп.