ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масхадов верна бехке яц Оьрсийчоь



Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело шен сайта тΙетоьхна керла хаам. Нохчийн президент Масхадов Аслан верна Оьрсийчоь бехке яц аьлла хилла болу шен хьалхалера сацам ша юха ца боккху, бохуш бу иза. 2

005-чу шеран Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь Соьлж-ГΙалина гена доццуш, Девкар-Эвлахь, вийра Масхадов, цо кхайкхийначу машарца а догΙуш, Ичкерин ницкъаша герзаш совццийначу муьрехь. Дакъа гергарчаьрга дΙа ца доллийтина хΙинца а.

Страсбурге арз динарш бара Масхадов Асланан цΙийннана Кусама а, ши бер Анзор а, Фатима а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG