ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуттар цхьана агIора таьIаш Iедал ду нохчийн юкъараллин


Нохчийчоь -- Соьлж-гIалахь хафизийн школа схьайоьллучу церемонехь, 15Сти2012
Нохчийчоь -- Соьлж-гIалахь хафизийн школа схьайоьллучу церемонехь, 15Сти2012

Нохчийчохь йилла йолийна пхиалгIа хьафизийн школа. Цигахь Iамор ду Къуръан дагахь Iамон. Советан заманахь коммунистийн Iедалша дин лелор а, динах лаьцна литературина зорба тохар а дихкина хилла хиларна, баккхийчара кегийчарна Iамийнарг бен ца дацара. Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа бусулба дин кIоргера довза болу лаам Iаламат алсамбаьлла хиларе терра, дукха литература яржийра. Цул сов, цIахь Iаьрбийн мотт а, Къуръан а Iамор юьхьарлаьцнера дешначу наха. ХIораннен а динах болу кхетам шениг хиларна делахь я, цхьаннен тIеIаткъамца доьзна делахь а, динна тIехула цхьана ца дараш ду Нохчийчохь. Дин хьоьху я КъурIан Iаморан доьшийлаш яхкаро кхин а кIаргдина иза. Нийсса дIаала ца бахьахь, юкъараллехь наха тIе ца юьту, Iилма шуьйрра, кIорггера Iамош йоцу кеп. Ненан мотт дIа а тесна, буьззинчу барамехь Iаьрбийн мотт хьехарехь а, зе го нахана.

Пхи бIе гергга бераш дешархой а долуш,къурIан дагахь Iамочеран йиъ хьуьжар ю Нохчийчохь болх беш,ерриш бохург санна КадыровгIеран я церан юххерчу гергарчийн цIарх. 2010 шарахь дуьйна ЦIонтарахь схьайиллина, мехкан куьйгалхочуьнан вешин Кадыров Зеламхи цIарах хьуьжар.

Цул тIаьхьа Гуьмсехь шен болх дIаболийна Къуръан дагахь Iамочеран ишколо. ТIаккха Соьлжа-гIалахь. Юха, дукха хан цу юкъа йолале, царех тера доьшийла схьайиллина Хьалха-Мартан тIехь а.

Къуръан дагахь хуъчу говзанчийн пхиалгIа доьшийла ян йолийна Устрад гIалахь.Муфтиятан хьостано хааме даккхарца тIедогIучу 2014-чу шеран юьххьехь йина йоккхур йолуш ю Кадырова Айманин ненан Байсултанова Табарик цIарх еш йолу хьуьжар.

Кху деношкахь цуьнан бух-фундамент юкъа ботт юьллуш дакъалаьцна мехкан куьйгалхочо.
Официалан кхайкхорца,Iедалан бохча хьа ца деш, Кадыров воккхачуьнан цIарахчу юкъараллин фондо шена тIелаьцна харж. Цхьаболу бахархой цакхетарг ду оццул сиха, 4-5 баттахь, Iаьнан шийлачу хенахь иза йина яла еза аьлла дIакхайкхор. И ца кхетар кIаргдо ян езаш масийтта гIишло хиларо: дешаран корпус,бIе сов стаг дIатарлуш, мутIаIеламийн юкъарIойла,маьждиг,кхачанан хIусам,ишта кхийолу хьаш-дезарийн чоьнаш а. Муфтиято дийцарехь керлачу хьуьжарехь доьшуш хир ву итт шо дузаза волу бIе кIант.

Цхьаболчу могIарерчу бахархошна хетарехь,куй биллал жимачу махкахь цкъа делахь оьшуш ца хетало оццул дукха дин Iамо доьшийлаш,шозлагIа ,царна хетарехь,оццул дукха доьшийлаш хиларо махкахь дебош,стамбеш бу вахабхойн го.Ишта хьажам-ойла йолчех ву Старопромысл-кIоштера Ката цIе йолу вахархо.

Бусалбан динан доьшийлаш, хьуьжарш дукха мел хили а иманехь берш,шуьйра хаарш дерш, Нохчийчохь алсамбовларан тоьшалла лорий ахь аьлла динчу хаттарна тIера доладелира хьуьжарийн хьокъехь сан а, нохчийн меттан говзанча а,байтанча-гочдархочо а волчу Хатаев Хьусайна а къамел.

Соьца къамел динчу яздархочуьнан Хатаев Хьусайнин санна нохчийн мотт Iамочеран хьуьжарш яхка йогIура махкахь аьлла ,къастам боллуш ойла сецнарш кIезиг бац. Бакъду царна некъ ца го кхерам а боцуш шайна хетарг юкъараллин кхеле дилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG