ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Нохчийчоьнан Дог" маьждиган 5 шо кхочуш



Нохчийчохь Къилбаседа Кавказан муфтеш гулбелира еарий дийнахь, мовлид а йоьшуш, ГΙурба а даздеш. Мехкан муфтиятна хьеший кхайкха бахьана делларг ду Соьлж-ГΙаларчу «Нохчийчоьнан Дог» шех олучу маьждиган пхи шо кхачар.

Хьешашлахь вара ГΙезалой-махкара муфтий Самигуллин Камил а.

Европехь уггаре доккха маьждиг лору «Нохчийчоьнан Дог» мехкан Ιедалша. Цуьнца цхьана йоьзна лаьтта муфтиятан гΙишло а, Киши Кунта-Хьажин цΙарх йолу исламан институт а, мутьΙеламийн хΙусамаш а, жайнеш чохь кхобу библиотека а, хьешан цΙа а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG