Варшавехь хиллачу конференцехь Оьрсийчура а, Польшера а политикаша кхайкхам бина Сочера Олимпиадина бойкот ян еза аьлла. Маршо Радион Варшаверчу корреспонденто Лемешевский Александр дийцарехь, «Диктаторца ма ловза» цIе йолчу конференцехь Полшин Европан Парламентехь волчу депутато Марек Мигальскийс аьлла, Евробарто политикан бойкот ян еза Сочехь хир йолчу Олимпиадина аьлла.
Цунна хетарехь, Сочехь хир долу Олимпийн ловзарш классикан масалла ду, спортан хиламах шога режим бакъонехь еш пайда эцаран. Мигальскийна хетарехь, Евробарт реза хила мегар дац цу гIуллакхана.
Шен агIор Оьрсийчура оппозицин векло Немцов Бориса кхайкхам бина Малхбузерчу политикашка, Путин Владимирна хьалха ультиматум хIоттаяхьара аьлла.
Цунна хетарехь, Евробертан лидерша шаьш Сочи догIур дац, Оьрсийчохь политикан тутмакхаш дIахецча а бен аьлла, дIахьедар дахь, и нах дIахеца а мегара. ТIаккха оцу Олимпиадах цхьа пайда хила мегар аьлла хеташ ву Немцов Борис.