Украини президент Янукович Виктор цхьаьнакхетта Москох Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца. Коьртачу декъана цара дийцинарш ду энергетикица доьзна хаттарш. Хьалхо зорбанан гIирсаша хаам бира шина президенто куьйгалла а деш Москох кхеташо дIахьош бу Оьрсийчоьнан а, Украини а пачхьалкхийн комиссин декъашхой аьлла.
Украини Iедалш сатесна ду Оьрсийчоьно шайна доккха кредит лур ду аьлла а, газаца йоьзна проблема дIаерзор ю аьлла а. Украини оппозици синтем байна ю, Януковича тIе куьг таIор мегар аьлла Оьрсийчоьнца а, Белорусица а, Казахстанца а Таможнин барт беш долчу кехаташна. Украина Таможнин Бертана юкъа ца яхийта шайн агIончашка Киевехь Незалежности майданахь «Халкъан вече» гулло аьлла, кхайкхам бина оппозицино.
ТIаьххьара болчу хаамашца, Путин Владимира дIахьедар дина, шаьш Украинин мехала кехаташ оьцур ду, 15 миллиард доллар ахча а доьхкина аьлла. Ткъа Украино оьцучу газан мах охьабоккхур бу эзар кубометрх 268 долларе кхаччалц. ХIинццалц цуьнан мах бара 400 сов доллар эзар кубометрх.