Ткъа шо гергга хан яра Теркйист кIоштан ЧIуьлга-Юьртахь йоккха базар болх беш йолу. Цигахь юхкуш яра Iар-дахарехь оьшуш мел йолу хIума: тIе-кога духа а, даа-мала а, массо тайпа хьашт-дезарийн гIирс а. Хийла да велхош, хийла дена миллионашкахь зе хуьлуш, Iедалдайша масех де хан а елла и базар сихаллехь дехьаяьккхина, цигга ЧIуьлга-Юьртахь, некъ очакх болучу меттехь, цIе яьлча санна чехка, шерачу меттехь йина яьккхинчу керлачу йохка-эцаран метте.
Цхьаболчара и дика ду боху- базара юьртана нацкъара а хир ю, федералан некъаца ваха-ван халонаш а хир яц. Цу тIе цара дийцарехь и базар хиллачу меттехь, новкъа мел йолу гIишло дIа а яьккхина, югIур йолуш ю берашна а, баккхийчарна а лерина бен-бен садоIийлаш, ткъа цхьаболчара боху цигахь керла кIоштан маьждиг догIа лоьруш ду Iедал.
Бахархошна гIоленна дехьа яьккхина базар бохург буххера дуьйна а харц до кхечара. Иза ишта хилча боху цара, и хийцамаш, кхин кIел диллина хIума а доцуш, бахархойн аьттонна, церан дуьхьа бина хилча, и базар йоьгIна, цуьнан долахо а, цигара белхой а дIа стенна баьхна, церан буйнара а яьккхина кхин дай хIиттийна, кхечеран кара дIа стенна елла базар?
Шина –кхаа шарахь,гIадал гIаддайча цхьана шарахь шайн лаамехь стенна ца битна совдегарш, луучо кху базарахь къахьега, луург дIо керлачу базара дехьавала аьлла. Уьш санна иттаннаш хеттарш ду жоьпаза дуьсуш. Доцца аьлчи нахана харжам ца битна, керла йинчу базара дехьа довларрий, я болх-некъ, бизнес охьа а тесса, юьстах довларрий бен. Шайна хиллачу бохамах а, бинчу тIеIаткъамах а дуьйцуш бу шаьш бахархой. Соьца къамел деш волчу Сидекъан йоI а, хIусамнана а хилла цу йохийначу базарахь рицкъ доккхуш.
Ма-дарра аьлча, дукхахболчу бахархоша цхьатерра кхетадо ЧIуьлга-Юьртара базар некъ очакхболучу метте дехьаяккхар. Церан Iалашо хилла боху базара долахой юьстах а баьхна, кхин нах хIиттор, базаран урхалла шайн каралацар. И тIечIагIдо меттах мел хьавинчу вахархочо. Царех ву Теркйист-кIоштан ЧIуьлга-Юьртара Рахьман а.
Доцца аьлча ткъех шарахь лаьттина базар дIаяккхарна бахархойн реза бац бохург стенна дуьйцу, уьш хаза нехан санна оьгIазбахна бу. Уьш кхеташ а бац хуьлчух. Хьалха базар хилллачохь яккхий машенаш, кранаш, тракторш тIе а оьзна кхехкаш ду белхаш. ГIишлош йохош, отуш, има-беркат хIаллакдеш долу белхаш.
Керла йинчу базар кертахь а дац, адам тIетаттаделла кхин заздаьккхина хьал. Цхьа наггахь хаало нах-белхой боцург, тховх лаьхьа боьллачу хIусамехь санна, тамаше тийналла яра цигахь олалла деш. ХIара йина яьккхина а йоцуш дIораниг стенна йохийна хаьттича дуьхьал кхеттачу муьлххачо а дацаре белш саттайора. Къамел дан кхин дIоггара стаг воцуш адамийн «йокъалла» яра керлачу базаран кертахь.
Дерзош аьлчи, урхаллехь болчара,бахархойн лааме хьаьжна а доцуш бинчу хийцамашна резаберш Теркйист-кIоштахь дукха бац.