ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн доьзалшкара Австрин Iедало схьадохучу берашна дола дан Iалашо ю цигарчу нохчийн


Австри - Нохчийн школехь доьшуш ду нохчийн бераш, Вена, Дечкен беттан 16, 2014
Австри - Нохчийн школехь доьшуш ду нохчийн бераш, Вена, Дечкен беттан 16, 2014

Даьржаш ду тIаьхьарчу хенахь Европехь бехачу вайнехан доьзалшкара Iедалан белхахоша цхьацца бахьанашца бераш дIа а дохуш, уьш меттигерчу бахархойн доьзалшка кхион дIадалар. Австрехь и тайпа сингаттам нохчашлахь шуьйра баьржина. ХIинца цигарчу нохчийн доьзалша гIулчаш йолийна, и вайнахера дIадаьхна долу бераш, хийрачу нахе ца кхочуьйтуш, шайн хIусамашкахь тIеэца.

Берах къаьстина нана а, нанах къаьстина бер а – доллучу дуьнентIехь массо а халкъашлахь а, массо а заманчохь уггаре а боккхачу сингаттаман васт хилла лаьттина ду и сурт. Ткъа да-нана дийна а, могуш а, маьрша а долуш, уьш берех, я бераш царех къастар – иза боккъал а шен эрчаллийца а, гIайгIаналлийца кхин совбала йиш йоцуш сингаттам бу.

ХIетте а, тIаьхь-тIаьхьа алсам хIунда долу теша шелонехь боцуш, мацаллехь боцуш, баланехь а боцуш, Европехь дIатарбеллачу нохчийн доьзалшкахь и тайпа хIума? Муха нисло теша могуш-маьршачу де-ненера бер Iедало дIадаккхар? Хала хаттар ду иза вуно, хIара аьлла цхьанаэшаррехь, цхьа билгал жоп шена карон йиш йоцуш. ХIунда аьлча, и сингаттам шена тIеIоттабеллачуо хIораммо а тайп-тайпана дуьйцу.

Дукхахболчара, шаьш дIабаьхчахьана, кхин дIа мел долу дуьне а цу хIуманна бехке а деш. Амма берашна, - шайн дай-нанойх мичча а цхьаьна бахьанца, я бахьана данне а доцуш, къастийна долчу,- цу хаттарна жоп ца оьшу, царна иза бен а дац. Уьш ду уьш, цу хьеннан а– Iедалан я ден-ненан кхачамбацарца, - кхоллабеллчу сингаттаман закъалташ.

ТIаьхьарчу хенахь Австрехь бехачу нохчийн доьзалшкара Iедало дIадохуш долчу берийн терахь, иза кхин тергал а ца деш Iойла доцучу бараме доьрзуш хилар тидаме а эцна, цхьа тоба вовшахкхетта, и Iедало дIадохуш долу бераш, австрихойн доьзалшка а ца кхочуьйтуш, меттигерачу нохчашка схьадалийта Iалашонца. Венехь вехаш волу 40 шо долу Абубубара леррина цу сингаттамца цхьаьнакхетаралла кхоьллина, „Бераш & Ирс“ аьлла цIе а йолуш. Абубакара дийцарехь, мел кIезга а диъ шо ду иза а, цуьнан накъостий а и бераш дIадахаран сингаттаман юхьарлаьцна лелаш болу.

Абубакар: „Цхьана кепара шайн синош довдийна баьхкина нах бу кху аренцараберш, дик дахар лоьхуш баьхкина а бац. Кхузахь Iаш хилча, кхеран Iедалан низам а, кхерам мотт а, гIиллакхаш а довза деза. Вай кхуза дахкале а, хьалхехь дуьйна, бIешерашкахь шайн цхьа низамаш долуш – берашца долчунна а, - Iийна пачхьалкхе ма юй хIара.

Масала, и бер схьадаккхарца долу хIума а хьалхехь дуьйна шайн махкахь цхьа эшам ца хиллехь, берашна ницкъ беш меттигаш ца хиллехь, кхара нисдина хир дацара аьлла хета суна. Ткъа цу юккъехула вай схьакхаьчча, ткъа вай схьадаьхкина башха дукха хан а яц.

Цхьана агIор вайн бехк а бац, хIунда аьлча, низамаш Iамон а цхьа чкъор кхиа деза, деша а дешна. Иштта цу хIуманна сагатдеш, масийта доьзал вовшахкхетта, цхьаьнакхетаралла кхоьллинера оха, дукхахьолахь цу берашна сагатдеш. И бер дIадаккхар-схьадаккхар дукха луьра дуьйцуш а хезна, цунна сагатдеш. ХIунда аьлча, вай санна, масала, шайн берашна долалдеш нах, уьш дезаш, и бераш цIена а, хаза а лелош нах суна сайн дахарехь гина бац, дозаллийна а ца боху ас иза. Ишколехь делахь а, спортехь делахь а кхиаме а хуьлу уьш“.

Бераш Iедалан даххане а бага ца дахийта, цхьана доьзалан Iедало кIирбелла тидам бан ца болабайта уггаре а хьалха цу берийн хьакъ царна дала деззачу хьесапехь дIадала деза, бохуш, дуьйцу Венерчу доккхачу маьждигехь хьехамаш беш волчу Iелимо Мусас.

Муса: „Пайхамара, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, шен хьадисехь хьахийна ду, доьзал кхиор. И доьзал вуно чIогIа тидам а беш, бусулба динехь, Дала ма -бохху, хьехар а деш, гIиллакх-гIуллакх а долуш кхио безаш бу. Вайн муха хуьлу? Ша цхьанхьа гIелвелла чувеъча дас я нанас и бераш, къаьстина и доьзал боккха болчара, и бераш шаьшна царех кула ца далийта, шайна бIарг гучура уьш дIабевлчхьана олий, уьш арахь леларх бен ца хета, я телевизиона хьалхехь Iийча а, бен ца хеташ, церан тидам кIеззиг бо.

Амма бусулба динехь царна тидам чIогIа бан безаш бу. Доьзал кхион безаш бу, царна хIума Iамон дезаш а ду, уьш дукха кегий болчу хенахь дуьйна. Вайнахаца долуш ду и хIума – бер чехор. Ткъа бер бер ду, цуьнца собаре хила веза. Цуо цхьа ца мегаш долу хIума динехь, иза мегар доцийла дIахаийтар ша ду. Дас-нанас шайна тIехь болх бан беза уггаре а хьалха“.

Ткъа нагахь санна и бер цхьана бусулбачу доьзалера дIадаьккхинехь, цунна гуонахьара бусулбанаш декхарийлахь бу, шайн ницкъ кхочучу кепара цу нахана гIо дан, боху Iелимо.

Муса: „Бусулба нах вовшашна гIо деш хила безаш бу. Абу-Хурейрас дийцинчу цхьаьна хьадисехь Пайхамара, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, аьлла, нагахь санна бусулба стагана цхьа сингаттам тIебеъна, иза балехь велахь, цуьнгара шена ницкъ кхочучу барамехь бала дIабоккхуш бахьана динчунна Дала дуьненахь дуьненан бала а дIабоккхур бу, эхартахь къематдинан бала а дIабоккхур бу, аьлла. Доккха хIума ду иза Далла гергахь.

Иза дIабаьккхинчу нахана гIо дича, я и бер ша шега схьаоьцу аьлла а, я и болх бечу меттехь дIавазвелла а, кериста доьзале иза дIа ца балийта, шега далуш дерг дича, Далла гергахь деза хIума а ду иза, и доьзал дIабаьккхинчу нахана синтем а бу иза“.

Нохчийн Iадаташ а, бусулба динан бехкамаш а, муьлха а адамаллин агIо схьаэцча а, инзаре хIума ду бер шен доьзалах а къаьстина, хийрачу нахехь кхиа дезар. И хIума цу хьола тIе ца далийта, ткъа нагахь санна иза хилла даьллехь, и сингаттам Iоттабеллачу доьзалшна гIо дар – иза ду „Бераш & Ирс“ цхьаьнакхетараллин куьйгалхочуо Абубакара а, цуьнан накъосташа а юхьаралаьцнарг.

Абубакар: „Цу гIуллкхана са а гатделла, цу Югендамт олучу хьукмате а дахна, нохчашкара оццул дукха и бераш схьадахаран бахьана хIун ду теша, аьлла хаьттира оха. Цара тIаккха лерина цхьа информацин суьйре йира тхуна, хеттаршна жоьпаш а луш. И хIума тхуна чIогIа инзаре а, луьра а хIума ду элира оха, хIунда аьлча, тхо схьадаьхкинчу меттехь хьан чуьра стаг дIавигча, иза лар йоцуш, тIепаза вов тхан.

Цундела тхуна чIогIа лазаме ду иза, дена а, нанна а. Да-нана а цомгуш хуьлу, и бер дIадаьккхича, аьлла. Ткъа цара хIун боху? Лулахоша арз дича, я ишколера я берийн бешара арз дича, масала, и бер гIийла ду, цунна ницкъ беш бу, иза деладелла-декхаделла дац, аьлла, тIаккха иза шайна бахьана ду, и бер дIадаккха боху.

Цара иштта элира, нохчашка и бераш дIадала аьттонаш бац шайн, хIунда аьлча уьш тIеэца кийча нохчийн дай-наной шайн ца хиларна, цундела шаьш уьш меттигерачаьрга дIало, элира. Ткъа оха нохчаша а иштта дан йиш юй иза, и бераш схьаэца рогIе а хIиттина, аьлча, цара дан йиш ю, шаьш долчу схьавеанчунна шаьш дерриге а хьоьхур а ду, цхьана ханна и бер шега схьаэца хIун дан деза, аьлла элира“.

Нагахь санна боккъал а цу вайнахера дIадохуш долчу берийн а, церан дай-нанойн а кхолламехь дакъалаца лууш меттигера нохчийн диаспорин векалш белахь, церан муьлхачу а хенахь таро ю немцойн маттахь „Amt fuer Adoptiv - und Pflegeertern“, ткъа нохчийн маттахь аьлча, „Бер долаладаккха а, цунна ханна Iунал а дан а луучу дай-нанойн хьукмат“ аьлла цIе йолчу хьукмате а бахана, цигахь шаьш нохчийн я бусулба бераш тIеэца луучу дай-нанойн могIаршла дIаяздайта.
XS
SM
MD
LG