ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боккхачу бохамна гергаяхана Украина


Украина - Протестхоша Киеверчу майданахь яьккхина цIе йойуш бу Iедалан белхахой, 22Деч2014.
Украина - Протестхоша Киеверчу майданахь яьккхина цIе йойуш бу Iедалан белхахой, 22Деч2014.

Украинехь цхьана агIор, протест йижо гIерташ, низамаш чIагIдан гIаьттина парламент, вукху агIор Европах дIаэн ца туьгу шайн махкара Iедал къардан гIерта гуламхой. Хьал ду девне дирзина - Iаьнна дуьххьара цIий. Вийна 3 протестхо...




Шинна а агIор, - дуьхьалончийн а, Iедалхойн а, - лазийначеран терахь тоххарехь бIеннал тIехдаьлла, официалан хаамашца. Бу хIинца эгнарш а.

Киеван майданашкахь тийсадаларш хIинца а тийна ца хиларна, цецволийла дац, лазийнарш кхин а алсам бовлахь.

Уггаре а луьра тийсадаларш хиллачу Грушевскин цIарахчу урамехь, мел кIезга а, 2000 дуьхьалонча лаьттара, бохуш дуьйцу тешаша. Уьш дукхахберш коьртахь газна дуьхьал юхку туьтмIаьжигаш а йолуш бара, Iедалхоша бIаьргах хи доккху газ хецахь а, аьлла. Царна дуьхьал бирзина, омра ма-кхаьччехь, тIелата кийча полисхойн леринчу тобанан, Беркутан, бIаьхой бара.

Украинехь лаьттачух лаьцна Маршо Радионца къамел динчу журналиста Раяна ВолхIа Черныхс вуно кхераме ду аьлла туьду Киевера хьал. Иза маца доьрзур ду я муха бохург ала хала ду боху цо, адам Iедалан къизалло хазанесанна карзахдаьккхина а, оьгIаздахийтина а хиларна. Къаьстина меттигера кегирхой.

Раяна ВолхIа Черных: „Доккхахчу хьолехь, со кхетарехь, и нах Европица уьйраш чIагIйар дезаш бу. Уьш, коьртачу декъехь, къоначу чкъуран векалш бу, кегирхой а, студенташ а, 35 шо кхачанза болу нах а.

Иштта къенуоха берш а бу царна юккъехь, пенсехь болу нах. Ала дашна, кхузахь ас дукха къамелаш дина ГIирмерачу гIезалошца. Симферополехь, масала. Царех дукхохберш, я массо а аьлча санна болу ГIирмера гIезалой, политикца къемата а бала боцурш а тIаьхьа, уьш а бу Евроинтеграцехьа. ХIунда аьлча, уьш теша, Европехь церан бакъонаш, - кху махкахь шираллехь дуьйна схьа орамаш долчу, амма Iедало цхьа кхечанхьара тIебаьхкина хийранаш санна лоруш долчу къоман бакъонаш, - ларйийр ю аьлла“.

ГIалин юккъерчу „Динамо“ стадионна гуонахьа а дара оршот дийнахь къепе дацарш дIадоьлхуш. Цигахь Iуьйранна иттанаш дуьхьалончаш, юхь тIе йоьхкина тутмIаьжигаш а йолуш, Iедалхоша хIоттийначу хех чекхлелха гIоьртинера, амма церан цу тIехь аьтто ца баьллера.

Хаамийн гIирсаша дийцарехь, дуьхьалончийн тобанаша полисхошна тIулгаш а, „Молотовн коктейл“ шайх олуш долу лоьлхуш долу шишанаш а кхуьйсу. Ткъа Iедалхоша царна резаьнки патармаш долу герзаш детта. ГIовгIа а, серло а етта гранаташ а, бIаьргех хи оьхуйту газ а ю Iедалан векалша кху шина дийнахь жигара лелош.

Ткъа цу юкъана „Автомайдан“ цIарца вовшахкхетта болу меттигера жигархой, - шайна юккъехь цхьа бIе сов жимачу а, юкъерачу а бизнесан цхьаьнакхетараллаш а йолуш, - Украинин урхаллийна дуьхьал дIахьочу къийсаман куьйгалхо вевзаш волчу боксах латархо, „Удар“ партин куьйгалхо волу Кличко Виталий дIакхайкхон кечлуш бу. Украинахошлахь мацах цкъа оранжийн революци яьлча дуьйна схьа шен политикан жигараллийца вевзаш а, лоруш а волу спортхо Евромайдан цIе йолу болам дIахIоьттича дуьйна цу къийсаман хьалхарчу могIаршлахь ву.

Шен Фейсбук агIонна тIехь „Автомайданан“ жигархойх волчу Булатов Дмитрийс яздинера, кху деношкахь дешнел а, лозунгел а, планел а, стратегел а тоьлашха дерг - иза къахьегар а, хиина ца Iер а ду. „Автомайдан“ дуьхьалонан куьйгалхо билгалваьккхина яьлла. Иза Кличко ву. Цунна цуо Iедалан массо а тIегIанарчу низамдацарца дIахьочу къийсамехь белшаш гIортон кийча а ду тхо“, - аьлла яздинера цо.

Ала дашна, Грушевскин урамехь къепе дацарш лелош болчу дуьхьалончийн тобанаш совцон гIоьртина волу Кличко Виталий цу тобанаша шакаршца а, маьхьаршца а сийсазвинера. Цул тIаьхьа дукха хан ялале вевзаш волу спортхо а, политик а Украинин президент Янукович Виктор волчехь хилира, цуьнан Межигорерачу резиденцехь.

Президентаца къамел хиллачул тIаьхьа Кличкос хаам бира журналисташка а, оппозицин жигархошка а, Янукович дуьхьалончашца дагадовларш дIадахьа кийча ву, аьлла.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG