ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гейтс: ГIирма юхайерзалур яц Украине


Iамеркан хилла волчу тIеман министро Гейтс Роберта дIахьедар дина, ГIирма Оьрсийчоьне дIа ца лацийта тIаьхьа ду аьлла. «Фокс Ньюс» телекомпанина еллачу интервьюхь цо аьлла, Оьрсийчоьнан карар яла аьтто хир бац ГIирман аьлла.

Хьалхо хаам бинера Iамеркан президент Обама Барак аьттонаш лоьхуш ву Москохе оьрсийн эскарш ГIирмера арадахийта аьлла. Iамеркан президентан администрацин белхахошна хетарехь, Вашингтонан а, цуьнан дуьненаюкъарчу бертахойн а аьтто бера бац Путин Владимире ГIирмера эскарш арадахийта а, оккупаци саца яйта а.

Дуьненаюкъаралла сихлуш яц Оьрсийчоьнна дуьхьал санкциш кхайкхо. Хьехош дерг ду визанаш ялар сацор а, цхьаболчу нехан банкера чоьташ болх бечура совцор а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG