Шоьтан дийнахь дайна долу «Боинг-777» некъахойн кема лоьхуш бу орцанхой Андаманан хIорд чохь. Цуьнах лаьцна хаам бина Малайзин некъахойн авиацин урхаллан куьйгалхочо. Амма цо ца аьлла кема лоьху меттиг хийцаран бахьана хIун ду. Шинарин дийнахь и Боинг лоьхуш дара Къилба Китайн хIорд чохь.
Malaysia airlines-компанин лайнерна тIехь хилла 239 стаг. И кема дара Куала-Лумпурера Пекине доьдуш. Цхьаъ хилла, орца дала аьлла, сигнал ца елла кемано. Вьетанаман Iедалша хаам бина, шайн бердашкахула и кема лехар сацийна шаьш аьлла. Гергарчу хенахь цу мехкан кеманаша масийтта тIаьххьара го тосур бу Боинг лохуш. Ткъа Вьетнаман хIордан кеманаш сацийна талламан операци дIаяъхьар.