ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненаюкъаралло гIортор йир ю Украинина


ГIирме шен эскарш а хьажийна, Оьрсийчоьно дуьненаюкъара бакъо а, Украинин цхьаалла а йохийна аьлла дIахьедар дина Iамеркан президенто Обама Барака. Президенто и дIахьедар дира КIайчу ЦIийнехь Украинин премьер-министрца Яценюк Арсенийца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь. Обамас дийцарехь, нагахь Оьрсийчоьно ГIирмера шен эскарш ара ца дахахь, и территори шех дIатохахь, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, цуьнан бертахоша а шайга далург дийра ду цуьнга оьшуш болу мах охьабиллийта.

Цуьнца цхьаьна, Iамеркан президенто дийцарехь, ГIирмехь хир йолу референдум лорур яц Вашингтоно. Нагахь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир ша юьхьарлаьцначух юха ца валахь дуьненаюкъаралла лаьттар ю Украинин агIор элира Обама Барака.

Шен агIор Яценюк Арсенийс билгалдаьккхира Оьрсийчоьно тIелатар дина хилар йозуш йоцучу пачхьалкхана. Цо баркалла элира Iамеркана шайна гIортор ярна. Украинин керлачу Iедалша дикачу агIор хийцамаш бийр бу бохучух тешаш ву ша, амма иза кхочуш дан совцо деза оьрсийн эскарш элира Яценюка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG