ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирман парламент дIасахеца сацам бина Украинин Лаккхарчу радано


Хенал хьалха ГIирман парламент дIасахеца сацам бина Украинин Лаккхарчу радано. Цу низамана гIортор йина 278 депутато. Верриг а цу хаттарехь кхаж теснарг вара 296 депутат. ГIирман парламент дIасахеца йеза аьлла кхаж тесначаьрна юкъахь ву Регионин Партин цIарах волу 19 депутат а. Коммунистийн партин цIарах болу депутаташ кхаж тосуш бацара. Чиллан-баттахь Iедал хийцаделла Украинехь.

Iедал шен караэцначу Лаккхарчу радо lаржера дIаваьккхира президент Янукович Виктор. Оьрсийчоьно къобул ца дира Украинера керла Iедал. Изза дира ГIирмерчу Iедалша а. ТIеман барзакъ доьхначу наха дIалаьцначу меттигерчу парламенто шайн премьер-министр хIоттийра «Оьрсийн цхьаалла» цIе йолочу боламан куьйгалхо Аксенов Сергей.

Цуьнан дехарца Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира эскарш а хьажийна, гоне лаьцна латтош ду ГIирмера Украини эскарш. Къирандийнахь и ахгIайре Оьрсийчоьнах дIатоха дагахь референдум дIаяхьа дагахь ду ГIирмера Iедалш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG