Нохчийн къоман йозуш йоцу пачхьалкх кхолла лаам а, гIезалойн къоман а бозуш ца хила хилла лаам а охьатаIийна, Нохчийчохь хIинца а Iенаш цIий ду и бахьанехь. Нехан пачхьалкхан декъа ГIирме эскарш хьовсийна, цигахь Оьрсийчоьнах дIатоха йинчу референдум муха мах хадабо аша? - дара Маршо радионан хаттар
Украинера хьал леррина тидамехь латтадо Нохчийчура бахархоша. Дукхах болчара тоам ца бо, оьрсийн телевизионехь дуьйцучух. Ца тешарал совнаха, дукхах болчара ша дерриг а шеконе дуьллу. ИбрехIима ишта дийцира цунах лаьцна.
Нохчийчура Катас бахарехь, ур-атталла, оьсрийн телевизионехь а кIезиг нах гайтара референдумехь дакъа лоцуш. Иза бакъ ца хета цунна.
Салавди а ца теша, ГIирмера референдумехь къоман лаам билгалбаьлла хиларх. Иштта, Оьрсийчоьно шен исторехь хьалха дIаделла а, доьхкина а латтанаш юха схьадаха йолалахь, ша цецвер вац, элира Салавдис.
2003-чу шарахь. Нохчийчохь марсабаьлла боьдуш тIом а болуш, дIаяьхьна референдум шен бIаьргашна гина ву къано Муса. Тоьпаш тIе а хIиттийна тесна кхаьжнаш бакъ ца хета амма. Делахь а, хIинца шена оьрсийн телевизионехь гучух, тешначух тера ву.
Оьрсийчоьнца муьлхха а тIегIанехь бина барт-чIагIам, иза тIеяздинчу меха хета Вистина.
Нохчийчура Сулеймана бахарехь, шайн мохк Европан новкъа бала луучу украинхошна оьгIазвахана яьккхина гIулч ю иза Путина.