ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинина гIо дан некъ лохуш ю Малхбузе


Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Iамеркан пачхьалкхан секретар Керри Джон ву (Аьт) Украинан премьер-министрца Яценюк Арсенийга салам луш (Аьр) Вошингтонера пачхьалкхан Департаментехь, 12Заз 2014
Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Iамеркан пачхьалкхан секретар Керри Джон ву (Аьт) Украинан премьер-министрца Яценюк Арсенийга салам луш (Аьр) Вошингтонера пачхьалкхан Департаментехь, 12Заз 2014

Германин, Цхьанатоьхначу Штатийн куьйгалхоша Украинин хьокъехь кхоьллинчу белхан тобан цхьаьнакхетар дийцаре дина, ткъа G-7 тобан финансийн министраша Украинина дан лерина долу гIо билгалдаьккхина.


Еарин буса немцойн кацлерца Меркел Ангелица рогIера телефонехула зIе хилира Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Обама Баракан. Цара дийцаре динарг кху деношкахь кхоьллинчу „Украинин хьокъехь контактийн тоба“ цIе йолчу тобан кесталгIа дIадахьа леринчу цхьаьнакхетар дара.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн, Оьрсийчоьнан, Украинин арахьарчу гIуллакхийн министраший, ткъа иштта Евробертан арахьарчу гIуллакхех а, кхерамазаллех а йолу лаккхара комиссар Эштон Кетриний – и виъ стаг ву цу тобанна юкккъе вогIуш. Ткъа церан хьалхара цхьаьнакхетар, Украинехь а, цунна гуонахь а кхолладелла кризисан хьал политикан некъашца аттачу даккхар Iалашо йолу, охан беттан верхIитталгIачохь Женевехь хир ду.

Цу кризисах хьалхаваларан некъ, - лоьхушберг,- политикан некъ белахь а, амма Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Обама Барака шен Меркелца хилачу къамелехь кхин цкъа а билгалдаьккхира, нагахь санна Оьрсийчоьно кхин дIа Украинерчу хьолана эскалаци йен гIулчаш яхахь, тIаккха Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Евробарт а, царна тIетовжуш йолу кхин дIа йолу пачхьалкхенаш а кийча хила еза, Оьрсийчоьнна дуьхьал кхин а луьрох санкцеш юккъеяха, аьлла.

Нагахь санна керлачу санкцешка гIуллакх долуш хилахь, ши де хьалха Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона билгал ма-даккхара, уьш „Оьрсийчоьнан экономикан уггаре а мехалчу агIонех хьакхалур ю“. Цу мехалчу агIонашна юккъехь ю энергетика а, банкийн сектор а, тIеман гIирсаш кхиоран дакъа а.

ХIинцалц схьа Iамеркано а, Евроберто а юккъеяьхна санкцеш Оьрсийчоьнна, цуьнан куьйгаллера бIех стагана ша-шенна бен, юкъарчу хьесапехь экономикана башха лазаме ца хиллехь а, амма баханчу зазадоккху беттан 20-чохь Обама Барака куьг а яздина, амма хIинца а нуьцкъале йовланза йолчу санкцийн могIа Кремлана хилла ца Iаш, йоллучу пачхьалкхенан экономикна а вуно Iаткъаме хир ю аьлла хеташ бу аналисташ.

Венерчу университетан белхахочунна, политологин Iилман магистр волчу Чапханов Русланна а хета, хIинцалца схьа Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу гIулчаш мискъазаратталла бен яцахь а, амма цу пачхьалкхан экономикана боккъал а лазаме дерг хIинца а гучудаланза ду, аьлла. Цуо дийцарехь, уггаре а хала ловр ду Оьрсийчоьно Малхбузера лаккхарчу технологийн сурсаташ чудан йиш йоцуш ша йисар.

Чапханов Руслан: „ХIинцалца кхин хIара аьлла и санкцеш йолаелла яц. IАмеркано йинарш кхин башха я оьрсийн пачхьалкхенна а, я бахархошна а зе долуш яц. Делахь а, цаьрга цхьана дийнахь ялур йолуш яц уьш, кечам бан безаш ю. Амма Путинна ма-моьттура, атта дIадоьрзур долуш хIума дац иза.

ХIунда аьлча альтернатива оьрсийн яц. Цара шаьш БРИКС (Бразили, Оьрсийчоь, Инди, Китай, Къилбаседа Африка) цхьаьнакхетаралле юккъе йогIучу пачхаьлкхашкара сурсаташ оьцур ду боху, Малхбузено санкцеш яхь. Амма Оьрсийчоьно хIинцалца схьа а оьцуш ду цаьргара сурсаташ. Делахь а Малхбузера санна лаккхара технологеш йолу сурсаташ БРИКС юккъерчу пачхьалкхашкахь дац“.

Чапханов Руслана ма-аллара, шена муьтIахьчу пачхьалкхашкахь а, я Китайхь а Кремлан эца меттиг боцучу лаккхарчу технологийн сурсаташна юккъе догIуш ду, масала, заррат герзийн реакторшна оьшуш йолу чалхаш а, яйнаш а, ткъа иштта кхиинчу механикан гIирсаш а, чалхаш а. Оьрсийчоьнан шен и тайпа гIирсаш кхуллу технологеш яц, ткъа церан доккхаха долу дакъа цуо Цхьанатоьхначу Штаташкарий, Европерий оьцуш ду.

Кхин цхьа хIума а вуно Iаткъаме хила там бу Оьрсийчоьнна, нагахь санна Малхбузено керлачу санкцийн кочар юккъеяккхахь. Иза молханашца доьзна хьал хир ду, тергамхоша дийцарехь. ХIунда аьлча, цу махкахь духкуш долу фармакологин сурсаташ 70 процентана кхечу пачхьалкхашкара, уггаре а хьалха Европерий, Цхьаьнатоьхначу Штаташкарий чудахьаш ду.

Ала догIу, Вашингтонехь вовшахкхеттачу G-7 тобан финансийн министраша а еарий дийнахь шайн агIор билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнна дуьхьал кхин а алсамох санкцеш йохург хилар, нагахь санна цуо шен Украинера лелам хийца ца хийцахь. Дуьненан нуьцкъалчу ворхI пачхьалкхенан финансийн министарш вовшахкхеттера, Украинера экономика стабиле ерзорхьама цу пачхьалкхана дан дезаш долу гIо дийцаре дан. Гергарчу шина шарахь Украинина 18 миллиард долларан гIо дан барт хилла церан. Бакъду, и барт Дуьненаюкъарчу Валютийн Фондо тIечIагIбан безаш бу.
XS
SM
MD
LG