ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчу вар дихкина Джемилевна


ГIирмерчу гIезалойн лидерех цхьаъ волчу Джемилев Мустафана пхеа шаранна дихкина Оьрсийчу вар. И хаам бакъбина ша Джемилевс Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь. Цо дийцарехь, цуьнан бакъо яц Оьрсийчоьно дIалаьцначу ГIирме ваха а. Джемиловс шена ца хаьа боху и сацам бинарг мила ву.

Оршотан дийнахь оьрсашкахьара долчу ГIирмерчу Iедалша дихкина цигарчу «ГIирма» олучу пачхьалкхан телевизионна Джемилев Мустафа а, ткъа иштта ГIирман Меджлисан куьйгалхо Чубаров Рефат а эфирехь гайтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG