Соьлж-ГIалара Москох лелачу хIаваан кеман билетан мах охьбоккхура бу аьлла хаам баьржича нахана хаза хетна. Шен инстаграммехь йолчу агIон тIехь и кхаъ баьккхинарг Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вара.
Цуо бахарехь, аэропорте даржхой а бахийтина, царна тIедожийнера цо, цигахь хьал а теллина, Москох билетийн мах охьбаккхар. Вукхара иза сихонца дина. Тахана уггаре а дораха билетийн мах ялх эзар ах эзар сов сом бу. Иштта мах болуш диъ билет бен дац оцу кеман тIехь. Цул тIаьхьа догIуш долу билеташ кхиъ деза ду, иза оьцучу дийне хьаьжжина.
ГIалгIайн махкара а, ХIирийн махкара а лелара хIинцалц Нохчийчура бахархой Москох. Цигахь мах борах бара мелла а. Масех де хьалха билет оьцуш хилча, масала, кIира хьалха, иза дикка дорах хуьлура. Амма, Соьлж-ГIалара дIа а, схьа а, лелачарна кисанна дикка тапча кхетара.
Москоха кесста-кесста Соьлжа-гIалара лелачу нохчийн журналистин Дудуев Iабдулин, гIоле хетара ГIалгIайн махкара Сипсо-гIалара маршрут. ХIунда, дийцира цуо Маршо радиога.
Дудуев Iабдул: «Дукхачу хьолехь со ГIалгIайн махкар воьду Москоха. ХIунда аьлча-билеташ дорах ду. Цигарчу Iедало барт а бина церан авиакомпанийца «Боинг» кем аду лелаш. Иза дкиа а ду. 24 сахьт хьалхе регистрации ян а йиша ю хьан. Ваха а ванн аьтто болуш ду. Вайн аэропорте воьгIуш хилча, кху КъилбаСеда Кавказехь уггаре а лекха мах бу.
Вайн аэропорт схьайиллина массийта шо ду, амма, багаж дIалуш а, схьаоьцуш а долу лента а дац. Цхьаболчу хьешаша цунна терго йо, наггахь цара иза аьлча эхь а хета. И массо а хIумш дуьстича, ГIалгIайн махкара дIай-схьай вахар хуьлу».
Тахана, мах вахьбаккхар дика хIума ду аьлла хета Дудуев Iабдулин а, кхечу бахархошна а. Амма, оцу хIуманцани, пассажирийн аьттоне хьовса дезара боху цуо кхин дIа а.
Дудуев Iабдул: "Мах вахьбаккхарх ца тоьу, клиенташ тIекIо бан беза. ДIай-схьай лелачу нахана аьтто хила беза. Инфрастурктура таян еза. Аэропортехь схьаван а веза, ладоьгIуш Iан а веза., багаж дIаяла а еза. Иза схьаэццалца Iан а веза. И кхачамбацарш ду. Уьш дIа ца даьхча, билетийн мах вахьбаккхарх хIума кхачам болуш ца хуьлу аьлла хета суна».
Нохчийчуьрчу авиакомпанийн кеманийн парк а ю дикка юзаз. «Як» олуш долу кеманаш ду дукхачу хьолехь лелош дерш. Уьш лекха кхерамазалла йолуш ларахь а, ягорг дукха йойу цара. Стохка шо чекхдала герга дахханчу хенахь, хаам баьржира, Нохчийчоьно «Сухой» компанийно деш долу SuperJet 7 кема оьцура ду аьлла.
И барт хилла баьлла лоруш бара, амма, хIаваан кеманаш дечу компанийна Iамеркан долларш дезара и мах беш, ткъа Нохчийчоь соьмаш дала бен дагахь яцара. ТIаьххьара бина сацам бу, французаша деш долу Airbus ши кема эца.