ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керлачу санкцеша а юха ца яьккхина Оьрсийчоь, Украинехь питанаш лелочара


Украина -- Оьрсийчоьнехьа волу, герз карара стаг шен сурт доккхуьйтуш ву бераца, яханчу буса сепаратисташа лаьцначу гIишлонна хьалха, Константинивка, 28Оха2014.
Украина -- Оьрсийчоьнехьа волу, герз карара стаг шен сурт доккхуьйтуш ву бераца, яханчу буса сепаратисташа лаьцначу гIишлонна хьалха, Константинивка, 28Оха2014.

Оршот дийнахь Цхьанатоьхначу Штаташий, шинари дийнахь Евробертой керла санкцеш юккъеяьхна Оьрсийчоьнна дуьхьал, и пачхьалкхе ша Украинехь лелочунна доьпалле озорхьама. Нагахь санна, Iамеркано 7 оьрсийн лаккхара хьукматхо къастийнехь, Евроберто 15 стаг билгалваьккхина шайн гIуданашца.

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран гергарчу гуонера 15 стаг ву Евроберто шен охан беттан 29-чохь дуьйна нуьцкъалле йоьрзучу санкцешна къастийнарг.

Царех шуьйрачу юкъараллийна уггаре а вевзачарех ву Оьрсийчоьнан вице-премьер Козак Дмитрий, Инарла Штабан куьйгалхо Герасимов Валерий, ала дашна, Нохчийчохь тIемаш болчу хенахь шен куьйгакIеларчу эскархойн къизаллийца гIараваьлла волу, Коьртачу талламийн урхаллин куьйгалхо Сергун Игор, Пачхьалкхан думин вице-спикерш Швецова Людмила а, Неверов Сергей а.

Иштта цу могIаршлахь ву Малхбалерчу Украинехь къепедацарш лелорна жоьпалле болчарех масех стаг.
Цу нехан массеран а, елахь, Евробертан пачхьалкхашкара банкийн чоташ а гIорор ю, ткъа царна шаьшна Европе боьду некъ боьхкур бу.

Цхьа де хьалха шаьш Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу керла санкцеш зорбане ехира иштта Цхьаьнатоьхначу Штаташа а. ВорхI стаг ву Вашингтонехь къастинарг, шайна юккъехь уггаре а вевзашниг „Роснефтан“ куьйгалхо, Оьрсийчоьнан президентан уггаре а гергарчу доттагIех цхьаъ волу Сечин Игор а волуш.

Ву царна юккъехь иштта „Ростех“ концернан куьйгалхо Чемезов Сергей а, Кремлан администрацин куьйгалхочун гIовс Володин Вячеслав а, Думерчу дуьненаюкъарчу гIуллакхийн комитетан куьйгалхо Пушков Алексей а волуш.
Нагахь санна Евроберто шен санкцеш цхьа-цхьаццачу билгалчу нахана дуьхьал яьхнехь, Цхьаьнатоьхначу Штаташа цхьаъ санна верхIитта оьрсийн яккхий кампанешна дуьхьал а яьхна уьш. Цу концернашна юккъехь ю банкаш а, авиакампанеш а, гIишлошйаран фирманаш а, газлелоран гIирсаш а, некъаш а до кампанеш а.

Ала догIу, Сечин Игоран цIе Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн могIаршна юккъе язйар, хIинцалца схьа Вашингтоно а, Брюссело а яьхначу гIулчех Кремлана уггаре а лазамех ерг ю. Кремлана хилла ца Iа. Тергамхошна хетарехь, цу хIумано деккъа шен Сечинан кисанан харжаш йина ца Iаш, йоллучу Оьрсийчоьнан экономикана а зе дан йиш ю. ХIинцале а, и санкцеш юккъеяьхна де бен ца даьллачу хенахь, Сечинс куьйгалла дечу Роснефтан акцеш 2 процент герга лахъелла.

Бакъду, Малхбузено хIуъу санкцеш юккъеяхахь а, цара оьрсийн кампанешна я хьукматхошна мел гIуданаш деттахь а, Кремл ша юьхьаралаьцначу некъа тIера ер яц аьлла хета тергамхошна. ХIунда аьлча, Оьрсийчоь ша Украинехь лелочу политикехь, иза мел харц елахь а, халкъ хьалха а туьттуш, цу халкъан лаамана ша тIетевжачуха лелаш хиларна.

Ткъа вайнзаманахьлерчу дуьненчохь цу кепарчу леларна дуьхьал даха низамаш я гIирсаш дуьненан юкъараллехь дац. Политологин Iилманчина Асхабов Хьамзатна хетарехь, хIоьттина долу хьал, мелхо а, Оьрсийчоьнна пайдехь ду, тIехула дIахьаьжча цуьнан экономикана зе хуьлуш делахь а.

Асхабов Хьамзат: „Царна дуьхьал еш йолу санкцеш кхиаме хир ю аьлла ца хета суна. Царех пайда бер бу аьлла а ца хета суна я Iамеркана а, я Украинина а. Оьрсаша юьхьаралаьцна йолу политика, халкъ хьалха а туьттуш, шайн ницкъа, ахча, кхин дIа йолу ресурсаш а цу хьталкхана тIехьа а латтош, йолу политика ю.

Тахана дуьненчохь политикехь лелаш долчу гIиллакхашца иштта дIахьош болу къийсам гуттар а толаме хир бу, иза мухха белахь а. И стратеги цара хийца а ца хуьйцуш, дIахьур ю аьлла а хета суна, хIунда аьлча, царна цунах пайда бу. Нахана гуш дерг хIун ду – цу меттехь дехаш долу халкъ гIаьттина хилар ду. Ткъа цу тIехьа лаьтташ мила бохург лоруш а дац“.

Малхбузерчу пачхьалкхийн куьйгалхоша а, политикан Iилманчаша а гIайгIанца мукIарло до, Кремло юьхьаралаьцна болу некъ – иза и пачхьалкхе изоляце юьгуш болу некъ бу, бохуш. Амма Асхабов Хьамзатна хетарехь, Кремл цу тайпанчу шайхаллех кхоьруш яц. ХIунда аьлча, иштачу хьелашкаь цуьнга, мелхо а, шен къам цхьана юкъарчу идеяна гуонахьа берта далон а, цуьнан кхетам алсамбаккха а таро дикох хир ю.

Асхабов Хьамзат: „Соьга хаьттича, бакъйолу изоляци, хьалха санна, ян а лур яц. И глобализацин процесс цу Iамеркано а, Малхбузено а шаьш, нахана иза езахь а, ца езахь а, кхоьллина а ю, ткъа цу глобализацино, мел чIогIа лиъча а, изоляци ца йойту. Изоляцино Оьрсийчоь чIагIйийр ю-кх. ТIаьххьара а цунах хиндерг иза ду. Халонаша къоман барт а чIагIбийр бу, Iедалний, къоманий юккъехь йолу юкъаметтигаш а, царна юккъера кхетам а чIагIбийр бу. Цундела тахана дIадоьдуш долу хьал Оьрсийчоьнна эшам болуш хир дац аьлла хета суна“.

Цу юкъана, Малхбузе, кегийчу гIулчашца, гарехь, хIинций-хIинций Кремлан дай шаьш леринчунна юхабевр бацара те аьлла болу сатийсам кхин дIа а кхобуш, цу пачхьалкхан куьйгалхошна тIеIаткъам бан гIерта. Юкъерчу хьесапехь, хIинцалца схьа Евроберто шаьшна дуьхьал санкцеш яьхначу оьрсийн хьукматхойн терахь 48 стаге кхаьчна.

ТIейогIучу хенахь Оьрсийчоьнна дуьхьал финансийн, экономикан санкцеш яхар дийцаре деш а бу Европера политикаша, даханчу кIиранахь немцойн канцлера Меркел Ангелас Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дIахаийтина ма-хиллара.
Ткъа цу дIахаийтаро Кремлан коьртачу гIентан дена мел тIеIаткъам бина бохург гуш ду.
XS
SM
MD
LG