ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харцо толийта, стаг вен кийча ю Оьрсийчура кхелийн система


Франци -- Страсбургерчу Европан Кхелан гIишлонан сурт, Лахьанан бутт 27, 2013
Франци -- Страсбургерчу Европан Кхелан гIишлонан сурт, Лахьанан бутт 27, 2013

Нохчийчохь дукха хан йоцуш юхалиста дуолийна 24 шаран хьалха чуоьвоьллинчу Тангиев Тимуран дов. 10 шо чохь даьккхинчу оцу стеган бехк хиларан тоьшалаш, цунна тIехь ницкъ а беш, Iазап а латтош, гулдина аьлла ду.

2003 шарахь дуьйна схьадогIуш ду Соьлжа-гIалара вахархочуьнна Тангиев Тимуран дов. Иза дIалаьцнера кIоршме а, тIехь сов кIоршме а зуламаш дина аьлла. Набахтехь яьккха билгалъяьккхина хан яра 24 шо. ХIоку шарахь, чохь валлачу Владимиран кIоштера иза Нохчийчуьра набахте схьавалийна.

Цуьнан гIуллакх юхлиста аьлла омра деллера Оьрсийчоьнан Лаккхарачу кхело. Оцу доьвнехь, долу тоьшаллаш тутмакхана тIехь Iаткъам а беш, хьийзош даьхна лоруш ду. Европерачу адамийн бакъонашкахула кхело бинчу сацамца хийцабала мегаш бара Тангиев Тимуран кхоллам.

Доьххьара иза моьттура цунна шена а, цуьнан гергарчарна а. Амма, Нохчийчу, юх дов хатта иза схаьвалийча, боккха тIеIаткъам болийна шен кIантан тIехь бохуш Маршо радиога дуьйцу цуьнан нанас Тангиева Яхита.

Тангиева Яхита: « Кхело бина сацам хийца, цунна тIехь ницкъ бина бара, аьлла сацам бича, кIант а , со а чIогIа хазхеташ дара. Кхузахь цхьа гIуллакх хира ду аьлла хетара. ХIицна, даиманна тIеIаткъам беш бу. Корреспонденташ тIекхачийта аьллера ас цунна. Цуо шен балша бийца гIоле хила мегар аьлла. Хьуна моьттург бакъ даций, хьо аравера ву бохург бакъ даций, оха хьо араволуьйтура ваций, тхайн кхин дан хIума ца хилахь, оха хьо вуьйра вуй, бохуш и Iактаъм беш бу-кх цунна».

И беш болу Iаткъам ла а ца белла Тангиев Тимура шен пхенаш хедийра Соьлжа-гIаларчу талламан изолятор чохь. Цуьнан бахьан хIун дара а дийцира Тангиева Яхита.

Тангиева Яхита: «Иза ша дерг лелийна цара. II дийнахь цуьнга, хьо РУБОПе дIахьажош ву аьллера. «Хьан доттагIий» хьоьга цигахь хьоьжуш бу аьллчулла тIаьхьа, доьхьалонна цуо шен пхенаш хедийра. Прокуратуре арз а дина цуо. Иза ара а ца далийтина цигара. Ша Рамзане эра ду аьллера цуо. Тхо кхоьруш стаг вац бохуш хIумш дийцина цуьнга цара. Цхьа а цуьнан арз цигара арадолуьйтуш дац. Мелхо а, кхелхо а, бехккъастархой а тхан карахь бу боху цара».
Тангиев Тимурехьа болх беш масех адвокат ву. Цара массара а цхьатерра бакъ до, цунна Iаткъам беш хилар. 2003 шарахь, иза чувуллуш а, цуьнан гIуллакх дIахьош хилла болу нах, иза волчу набахте чубаха аьтто болуш хилар тамашийна хета адвокатех цхьанна Аветисян Григорна. Цуо Маршо радиога иштта элира.

Аветисян Григор: «Тхуна хууш ду Тангиев Тимурийн хьокъехь кхерамаш хуьлуш бу аьлла. Халахеташ далахь, Iедалша цу меттехь цунна терго ца йина, иза ларавархьам. Тхуна хаарех, цуо ша боху иза, вен кхерамаш тиссина нах бу 2003 шарахь цунна тIехь къизалш йинарш. Иза чIогIа кхераме хIума ду. Европерачу кхело бинчу сацаман хьокъехь, Тимуран тIехь къизалш йина болу нах жоьпе уозоран болх беш бац. ШозлогIа хIума ду, оцу нехан аьтто бу иза волчу тIекхача. Иза билгалдаьлла хIума ду».

Тангиев Тимуран гIуллакх, шен башхалла йолуш ду, цу тайпа кхечарах, аьлла хета цуьнан адвокатан Аветисян Григорна. Европерачу кхело бинчу сацамна тIе а тоьвжина, цу тайпа сацамаш юха оьцуш бац, дуьненан практикехь, элира цуо.

Аветисян Григор: «Къизалш а, кхелан нийсонца боцу сацам гучбоккхучу кIезгачу гIуллакхехь цхьаъ ду Тангиев Тимуран гIуллакх. Иза, шен башхаллийча Нохчийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а билгалдаьлла Iаш дац. Иза, Европерачу адамийн бакъонашкахула кхелан практикехь а наггахь бен хуьлуш а дац. Хала ду и къизалш хилар гучу а даьхккхина, цуо кхелан сацам нийса ца хилийтина аьлла къасто.

Европерачу кхелан сацамо къаста ца бо, адамийн бекх бу, я бац. Оцу сацамо аьтто ло пачхьалкхан и гIуллакх юхалиста. Цу юккъера цара дIадокху, къизалшцаний даьхна долу тоьшалш. Иза, шуна лаахь, пачхьалкхан системина аьтто бу, шен тIехь нийса кхел ца йинчу стаган , юккъараллан хьалхахь а цIанъяла. Суна хета, ас са а туьйсу нохчийн Iедалша оцу аьттонах пайда оьцура бу аьлла».

Тангиев Тимуран дов толлуш, кхелан рогIера кхеташо дIахьура ю хIокху баттахь 12 дийнахь. Цигахь хоржур бу бехккъастархой.
XS
SM
MD
LG