ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Меркел Ангела Iамерке яхана, Оьрсийчоьнна тIеIаткъам бан керла некъаш лаха


Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Iамеркан президент Обама Барак а, немцойн канцлер Меркел Ангела а цхьаьний зобран-конференци луш ду, Вошингтон, 2Сти2014.
Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Iамеркан президент Обама Барак а, немцойн канцлер Меркел Ангела а цхьаьний зобран-конференци луш ду, Вошингтон, 2Сти2014.

ПIераскана Iуьйранна дIайолаелла Малхбален Украинехь сепаратисташна дуьхьал операци. Ханна хIоьттинчу Киеверчу Iедало эскарш хьажийна Славянск гIала, цигахь къепе юхаметтахIоттон. Малхбузера пачхьалкхенаш цу юкъана кризис дIаерзон а, Оьрсийчоьнна тIеIаткъам бан а некъаш лоьхуш ю.

Еарий дийнахь Вашингтоне яханчу немцойн канцлеран Меркель Ангелин коьрта Iалашо, кхеташ ма-хиллара, Украинина а, Оьрсийчоьнна а гуонахьа хIоьттинчу хьолехь яха йиш йолу керла гIулчаш лахар ду. Ларамаза ца лору тергамхоша, иза Цхьанатоьхначу Штаташка шен Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца рогIера телефонехула къамел хиллачул тIаьхьа, мукъа де долшехь, яхар.

Меркел цига официала визитца яхана яц, иза цуьнан белхан визит ю. ХIетте а, даима хуьлчул дуккхаъ чолхех а, юьзнох а ю цуьнан хIинцалера программа, хаийтина канцлерамтерачу цуьнан прессица болчу гIоьнчаша журналисташка. Масала, цкъа а ца хиллачу кепара, деа сахьтана Цхьанатоьхначу Штатийн президентаца Обама Баракс ша-шеца дагадовларш дIахьур ду цуо. Ткъа цу дагадовларийн тема - юха а Украина а, Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш а.

Вашингтоне яхале Оьрсийчоьнан президентаца Путинца шен хиллачу къамелехь Меркел Ангелас цуьнга дехар динера, Женевехь масех кIира хьалха хилла болу бартана ша реза ву аьлла официала дIахьедар де, аьлла. Иштта иза гIоьртинера, цуьнан гуоно чIагIдарехь, Малхбалерчу Укранера Оьрсийчоьнгахьа йолчу къепе дацарш лелочу сепаратистийн тобанашка Iад Iе аьлла вистхилар Путинна тIедожон.

Амма цу шинна а хIуманна тIехь цуьнан ка ца делира, Путин Владимирца барт бан. Ткъа цул тIаьхьа масех де далале Малхбалерчу Украинехь цIий Iена доладелла, цигарчу сепаратисташа Женевера барт кхочуш бан ца тикарна а, къепе дацарш кхин а кIорге довларна а.

И дерриге а тидаме а эцна, Обама Баракца хIинца санкцийн кхозлагIа гуо биййаре бан дагахь ю Меркел. ХIун хир ду цу керлачу гIуданашкахь бохург билгал хууш дац, амма Малхбузерчу тергамхоша чIагIдарехь, уьш коьртачу декъехь йоллучу оьрсийн пачхьалкхана лазаме хин йолу экономикан санкцеш хила там бу, масала, Оьрсийчонца махлелорна дуьненан юкъаралло эмбарго яр, ГIажарийчоьнна дуьхьал йиначу санкцех терра.

КхозлагIа санкцийн гуо билгал хир бу бохучунна тIехь цхьаннан а шеко яцахь, амма маца я Оьрсийчоьно хIун дахь юккъейохур йолуш ю и кхозлагIа санкцеш бохург а цкъачунна хууш дац. Иштта, масала, еари дийнахь цу хьокъехь шега журналисташа динчу хаттарна Меркелан пресс-секретаро Зайберт Штефана догдатIарца жоп делира: „И санна хIума пресс-конференцешкахь кхайкхош ма ца хуьлу, уьш Европерчу а, трансатлантикерчу партнераш, вовшашца дага а бовлий, хоьуйтуш ма хуьлу“, - аьлла, Меркел цIайирзинчул тIаьхьа хуур ду бохучунна нундохуш.

Амма Европано а, Цхьанатоьхначу Штаташа а жим-жима юккъейохучу санцкцеша Оьрсийчоьнна беш башха хара бу аьлла тIеIаткъам бац аьлла хета дуккхаъчу аналисташна. Малхбалерчу Украинехь тIеман тийсадаларш дIадоладеллачул а, цIий Iена дуьйладеллачул тIаьхьа-м муххале а. Украинера хьал хаддаза шен тергонехь латтош волчу Европин стратегикаллин талламийн институтан экспертана Асхабов Хьамзатна хетарехь, Украинера кризис дIаяккха цхьа некъ бен бац, ткъа иза а эскарийн гIоьнца карон йиш яц.

Асхабов Хьамзат: „Соьга хаьттича, Украинин куьйгалло дан дезаш дерг – иза халкъо хьалха туьттуш болу нах схьа а гулбина, - къоман мэр, къоман губернатор бохуш цхьа нах бу-хк цигахь, - цаьрца барт бан безара цара. Цара иза хIунда ца до со кхеташ вац. Иза ца дар чIогIа эшаме хета суна. Ян езахь федеративан республика а, ца йича ца йолуш йолу муьлха а пачхьалкхан кеп ян а йина цигахь, цул тIаьхьа дIанислур дара цаьрга массо а хIума. Оьрсийчоь а ю кехата тIехь, низамца федеративан республика, амма бакъодолчехь иза унитаран пачхьалкхе ю, массарна а юйла а хууш“.

Цу юкъана пIераскана дийнахь дIайолаеллачу Донецкан кIоштарчу террорхошна дуьхьалчу операцехь хIинцале а масийта стаг вийна. Билгал долу байъинчеран терахь къаьстина дац, амма, тайп-тайпанчу хааршца, иза пхеа стаге кхочу.
Ткъа Украинера хьал цIий Iаноре даларх саготта болу Европера куьйгалхой шаьшна уггаре а дика бан хууш болу болх – дIахьедарш дар - беш бара пIераскана дийнахь а.

Иштта, Евробертан арахьарчу гIуллакхийн а, кхерамазаллин а лакхара комиссар йолчу Эштон Кетринс а, немцойн арахьарчу гIуллакхийн министро Штайнмайер Франк-Вальтера а юкъара дIахедар дира Берлинехь леринчу пресс-конференцехь, Украинехь „ницкъ баран градус лахъян“ а еза, сепаратисташа шаьш дIалийцина йолу гIишлош маьрша яха а еза, аьлла.
XS
SM
MD
LG