«Йижарий, хиджаб лелае!» бохучу йозанна бухахь лаьтташ жима зуда ю коьрта Iуьйра. Кхин цхьаъ – цIе корта болуш ю, Iаьржа куьзганаш доьхна – Персеполь херцашна уллехь сурт даькххина ю. Коьрта Iуьйра йолу кхин шиъ а, Таркхойн хIурдана йистехь самукъане хелха йолуш ю.
ГIажарийчура иттаннаш зударий коьртахь хиджаб йоцу сурташ дохуш бу, «Фейсбукана» тIехь дукха хан йоццуш кхоьллинчу агIонна тIехь. Цигахь йиш ю, коьртахь хIума йоцуш, къайлахчу маьршонах лаьцна дийца. «ГIажарийн зударийн къайлаха маьршонаш» цIе йолчу Фейсбук-агIо, цуьнан администраторша чIагIдарехь, цхьана политикан боламан долахь яц. Цо гIажарийн зударийн бакъонийн а, юкъараллийн а бакъонаш яцъярца йоьзна проблемаш бен гойту.
Сайтан администрацино бахарехь, цу агIонна тIехь мел долу сурт а, царна бухара йоза а ГIажарийчоьнан массо маьIIера доуьйту. Стигалкъекъа-беттан 3-чу дийнахь схьайиллинчу цу агIонна тIехь, «товш» хилар билгалдоккхуш, 27 эзарза «лайк» тIетаIийна. http://tinyurl.com/kotglum
«ТехIранерчу «Яс» спортан центрехь даьккхина сан сурт ду хIара», - аьлла яздина, хиджаб лелон езарх лаьцна дуьйцучу суьрта бухахь шен сурт даьккхинчу цхьана гIажарийн зудчо. Оцу кепара, зударшна къевлина духар лелор исламо тIедилларх лаьцна хьоьху плакаташ ерриг ГIажарийчохь массанхьа а дIатоьхна ду.
Iедалша цкъа а ойла йиний те, хиджаб лелор тIедилларх лаьцначу плакаташна бухахь зударша коьрта йовлакх дIа хIунда доккху те, аьлла»?- хоьтту цу зудчо.
Пересполь-херцаршла уллехь коьртаIуьйра сурт даьккхинчу зудчуьн суьрта бухахь йоза ду: «Масех секундана маьршо.»
1979-чу шарахь революци а иккхина, Исламан Республика кхоьллинчул тIаьхьа ГIажарийчохь хиджаб лелор тIедиллинчу кепе дирзира. Цхьаболчу гIажарийн зударша шайн лаамехь лелдо йовлакхаш, вукхара – полицех а, тухун долчу гIуданех а кхоьруш леладо.
http://www.rferl.org/content/Maybe_Irans_Women_Really_Can_Cause_An_Earthquake/2028935.html
Массарна а ган йиш йолчу сайта тIе сурт тохарна низаме озон тарло зударий. Схьагарехь, царна иза бен а ца хета. Мел кIезга а маьршонца йоьзна хенах самукъадолучух тера ду церан.
Исфахан олучу, шира хьежамаш болчу гIажарийн гIалара ю кхин цхьа жима зуда. Шен коьртара розийн басахь шарф коьрта тIехула а лаьцна, ломан буьххьехь мохе ловзайойту цо. Цо бахарехь, цхьаболчу божарийн «бIаьрг тохар», хиджабаш лелорна тIехьожучу полицел а буьрса ду.
«Нагахь санна, йовлакх лелон ца лаахь, со хIокху пачхьалкхера дIаяха еза бохучаьрга а эр ду, хиджаб аса сайна лаъа луъуш лелош яц, бохуш яздо цо. – Сайн даймахкахь маьршо еза суна».
ГIажарийчоьнан къилбаседа-малхбузера Тебриз-гIалин яхархочо ломан буьххьехь сурт даьккхина коьрта Iуьйра. Мохо месаш ловзош чIогIа там хиларх лаьцна яздо цо.
«Маьршо къайле хилла юьсург ца хиларна догдоху оха», - бохуш яздо аса.
Юкъ-кара дуьхьалонан акцеш дIахьо ГIажарийчура зударша.
Ши шо хьалха ГIажарийчура адамийн бакъонийн жигархой YouTube бевллера, тIом бала тарлуш хиларца боьзначу кхерамо бечу тIеIаткъамна шайн дуьхьало гайта.
---------------
ТIебазбелла тIамца боьзна кхерам болуш, баха атта дац гIажарошна. Къаьсттина, 1980-88-чу шерашкахь Иракъца хилла тIом дагахь лаьттачарна. Израило я, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа тIе герзаш тоха тарло боху даьржаш къамелаш а долуш, цхьа моггIа, гIажарийн жигархоша интернетах пайда эцна, тIамо я, ур-атталла, иза хила тарбаларца боьзначу кхерамо а, ГIажарийчура зударий эшош хилар дIагайта. Къаьсттина иза доьзна ду, къелла асамъяларца а, дан амал ца хиларца а, бакъонаш йохорца а.
Жигархоша масех видео яьккхина YouTube тIе, дуьненаюкъараллина мелла а шуьйра шайн хьал довзийта, бухахь ингалс маттахь йоза а яздина.
http://www.youtube.com/watch?v=_-pODmdgGcA&feature=BFa&list=UUf4327yfDqf3IMiteQvV3fA&lf=plcp
: 14 - NC030943 )
ГIажарийн зуда 1: «Зударшна беш болу ницкъ кхин а алсамбаьлла. Бакъонаш талхорца доьзна низамаш хийцийта оха латтош болу къийсам кхин дIа а дIахьош бу. Амма тIамах кхераро, зударийн дахар галдоккхуш ду, церан дегнашна беш болу ницкъ а бу совболуш.»
Кхечу видеона тIехь жигархочо дуьйцу, Iедало санна ойла еш боцуш совцор бу тIамо, бохуш.
18 - NC030945 )
ГIажарийн зуда 2: «ТIеман зама инарлашна ю, вовшашна хьалха дозаллаш дойтуш. Иштачу хьолехь, дуьхьалонан аз а, реза ца хилар а соцу. Со тIамна дуьхьал ю. ХIунда аьлча, суна хетарехь, маьршонехьа а, нийсонехьа а къуьйсучу божарийн а, зударий аьзнаш хаза ду, герзан татанал а.»
Кхин цхьа видеона тIехь, жимастаг-жигархо тIетов, жимазудчо-жигархочо дуьйцучунна.
В одном видео , молодой мужчина активист присоединяется к его коллеги-женщины :
(INSERT АУДИО - иранский человек в персидском - длина : 9 - NC030944 )
ГIажарийн стаг: «ТIамо нехан дахар дIадоккхуш делахь, милитаризмо меллаша нехан даккхар дIаоьцу.»
ТIаьхьарчу хенахь, цхьа моггIа гIажарийн а, дуьненаюкъарчу а Iилманчаша, адамийн бакъонашларъярхоша а варе дина, ГIажарийчоьнан заррат объекташна тIеман тIелатар дахь, ГIажарийчура адамийн бакъонашца доьзна хьал вуно чIогIа талхон тарло, аьлла.
Хьалха чувоьлла Iийначу социолого ГIазиян Хуссайна дийцинера Маршо радиога даханчу шеран гурахь, тIом болабаларх ГIажарийчоьнан Iедалшна дика кхаъ хир бара, цу пачхьалкхерчу демократина вуон кхаъ а хир бара, аьлла. Карарчу хенахь Цхьаьанатоьхначу Штаташкахь вехачу ГIазиянна хетарехь, «шайна дуьхьал берш охьатеIош ГIажарийчоьнан Iедалша пайда оьцу арахьа мостагI хиларх. ГIажарий муха бу аьлча, муьлхха а арахьарчу мостагIанна дуьхьала уьш бертахь цхьаьнакхета. Амма оппозици вовшахтоха гуьнах бац».
http://www.rferl.org/content/talk_of_military_strikes_on_iran_from_above_raises_fears_below/24385690.html
2009-чу шарахь гIажарийн президент юха а Ахьмадинежад махьмуд хIоьттича, шайна ца товчу кепара ойла еш болу нах а, адамийн бакъонашларъярхой а набахтешна чу а боьхкина, гIажарийн Iедал жигара делира шен политикан цензура совйоккхуш.