Нохчийчоь тIемаш буьйлабалле, маьрша дахар долчу хенахь дуьйна яра оцу сингаттаман рейтинган боьххьехь. Диндолу бераш леш хиларна, доьххьара бахьан гора, махкахь, къаьстина Соьлжа-гIалахь, мехкдаьттанца болх беш йолу, дукха заводаш хилар. Iалам а, экологи хIаллак еш хилла кхоам боцуш.
ХIета дукхачу нахана дагадогIу, гIала юккъехула охьадоьдучу Соьлжа хи чохь гуора, хьелийн даьтта санна, хьена, даккхий томмагIнаш. Болх бечу заводаша, цу чу хьоьцура , мехкдаьтта цIандеш, схьадаьлла долу дIовш. Цхьана юкъан, оцу хи чохь лаьцна болу чIара а хуьлура соляркийн хьожа йогIуш.
ХIинца, Соьлжа-гIалахь цу тайпа цхьа а завод яц болх беш. Мехкдаьтта доккхуш-м ду, амма, иза чекхдоккхуш хIума лелош дац махкахь. ТIеетташ бомбанаш а яц хIаваъ а, хиш а бехдеш, амма, дуьне чу доьвлачу берийн даларш, цхьана эшшара ала мегар долу лекха лаьтташ ду. Тахана а, и терахь ду, динчу эзар берех 17 бера леш ду.
Ткъа, юккъерачу барамехь Оьрсийчохь и терахь 8 бера бен дац. Нохчийчоьнан могашаллийн министраллехь даре до, кегий бераш даларца хьал дика ца хилар, амма, шо шаре мел долу и гIуллакх меттадало гIерташ болх беш ду шаьш боху цара. Iедалш тIеэцначу программийца 2020 шарахь бен аьтто бера бац, 1000 беран юккъера 9 бера лечу терахьан тIедало. Хууш ма хиллара, шаьш баккхий бан хIума доцучу меттехь, даржхошна иза дийца лууш дац.
ундела Маршо радиога, комментари ца елира министраллерачу говзанчаша. Амма, ЗАГС олучу урхаллехь, деккъа терахьаш довзийтира кху шерий, дIадаханчу шерий,мел масс бера дуьне чу даьлла а, царах мел делла а. Лариса цIе йолчу белхахочо иштта элира.
Лариса: «2013 шарахь 1058 динчу берех 66 делла. 2014 шарахь, 13251 дичну берех, 61 делла дуьненчу даьлла».
Ала догIу, кхузахь ЗАГСера белхахочо далош долу терахьаш, шерийн хьалхарчу биъ баттан бен дац. Шайга схьаделларш бен ца яздо цара. Дуккха а хуьлу берийн баларш, царна иза хаа ца хоуьйтуш а.
Хьалха-мартан кIоштехь ша лор йолчу Залино а даре до, дина долу бераш далар махкахь кесст-кесста хуьлу аьлла. Шена гуш дерг а, зуьйш дерг а ду элира цуо, цунна бахьанаш а дуьйцуш.
Залина: «Вайн махкахь берийн даларш лекха хIунда ду? Говзанчаш бац. Чубеана болу гIирс лело хууш бац вай. Коьрта бахьан ду, вайна чудиттина дIовш. Дуккха а цамгарш ду вайн. Кегий балахь а, зударий цомгуш хуьлу. Цара цомгуш бераш а до. Иштта дичну берашна, кхечу регионашкахь санна сихаллийн гIо дан аьтто а ца хьулу».
Лоьрийн гIонна кхачам ца хиларалла сов, тIеман тIаьхьалонаш а, бехке го лоьран Залинин. Гонахь хьаннаш йолчу юьртахь дехаш шаьш доллушехь, бераш дуьне чу доьвлча леш ду аьлла тидам бира цуо.
Залина: «Тхан юртахь сийсара вина кIант, тахана иза велла. Кесста-кесста бераш леш ду. Хьуна йистехь Iаш ду тхо. Оцу хьуьн чу ма йиттиний цара бомбанаш. И дIовш дIадолуш ма дац, иза дууш, муьйлуш а Iаш ма дай вай».
Лоьрийн говзаллица хьал дика ца хиларалла сов, зударийн шай бехк а лору говзанчаша. Нохчийчохь, масла, дукха бераш леш йолу регионаш а ю. Иза, ю Куршлойн кIошт. Цигахь, динчу 1000 берах 27 бера юккъерачу бароамехь леш ду. Иштта сурт хIора шарахь лаьтташ ду. Цундела, таро йолчу наха, шайна дарба лаха мехка дозаналла ара боьлху.