ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь керла президент харжа цхьа де дисина


Стигалкъекъа-беттан 25-чу дийнахь хенал хьалха дIахьуш болу президентан харжамаш буьйлабалале, агитацин тIаьххьара де дара тахана Украинехь.

Харжамийн бюллетена тIехь 21 кандидат ву. Хеттарийн хьесапехь, харжамийн кампанин лидер миллиардийн да Порошенко Пётр ву. Иза харжамийн хьалхарчу болахь тола а тарло бохуш дуьйцу.

Амма, Украинан Iедалийн коьрта лазам, цу мехкан малхбалехь харжамаш дIабахьарца доьзна ду. Донецка-кIоштан Украинан харжамхойн Комитето бечу хаамца, харжамийн каппашна гонахара хьал хIора денна телхина ца Iаш, хIора сохьтехь галдолуш ду. «Донецкан Къоман Республика» шайх олучу нехан векалша дIалаьцна, Донецкехь а, Макеевкехь а дукхах йолу харжамийн каппаш.

Цара ягийна харжамашна кечъйина бюллетенаш а, кхин йолу материалаш а. Дукхах болу харжамийн комиссийн декъашхой дIабоьлху, цу хьолехь болх а ца балой.

Украинан коьртачу харжамийн комиссино бечу хаамца, Донецкан а, Луганскан а кIошташкахь 34 харжамийн куьпах 18 куьпера болх сацийна.

Цу кIошташкахь, шайн ма-хуьллу, кхерамазалла латтон хьовсуш ду Киевера Iедалш, цигахь бехачу нехан харжамашкахь дакъа лаца аьтто бан гIерташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG