ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Президентан харжамашкахь «Украина ларъе» аьлла кхайкхам бина Яценюк Арсенийс


Украинан премьер-министро Яценюк Арсенийс украинхошка кхайкхам бина, кIиран дийнахь дIахьош болчу президентан харжамашкахь «Украина ларъе», аьлла. Шоьтан дийнахь ша динчу дIахьедарехь цо аьлла, харжамаш юкъахбаха гIерташ, «арахьарчу ахчанех бехачу талорхоша» мел кхерамаш тийсарх, жоьпалла ду укаринхошна тIехь, аьлла Яценюка.

Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа дIакъевлина, Украинан малхбалехь шайн урхаллехь йолчу кIошташкара кхаьжнийн каппаш. Оццу хенахь, Украинан Iедалийн ницкъашна а, шаьш шайх «Донецкан Къоман Республика» олучу сепаратисташна а юкъахь тасадаларш хуьлу.

Путина аьлла, шаьш Украинан къоман харжам лорур бу, амма, Украина ша ю бехке, «хаос а, махкахойн тIом а болорна».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG