ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу набахтехь ша верна кхоьру Тангиев Тимур


Набахтехь
Набахтехь

26 шо хан токхуш ву набахтехь Соьлж-ГIалара Тангиев Тимур. Оцу хенах 10 шо дIадаьлча Европан кхело Iораяьккхина Iедало цунна тIехь лелийна харцо. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело хIинца дов Нохчийчу а хьажийна, юхахоттуш ду. Амма шеконехь ду Тангиев харц нехан карара вер ву бохург.




Нийсса 14 шо хьалха, Кремль а, цуьнан Нохчийчуьра хьадалчаш а Iаьмнашкахь цIий Iенош, Соьлж-ГIалара бовданза бисина бахархой хIаллакбеш, дIалехьош хьийзачу муьрехь Катаямерчу ТангиевгIарех вигина доьза вайъира цхьаъ.

Вайна ваша лоьхуш, нохчашна гIелоеш лелачу нохчашна тIеэха вуьйлира Тангиев Тимур. Цуьнгара даьлла цхьа а зулам дац, иза дIахецахьара, ца хуьлучу даьлча, дакъа мукъане схьалахьара, доьхура цо.

Веза кхоьллина ваша лоьхуш хьийзачу Тимуре дуккхаза а баьхнера, тIаьхьаравала, шаьш хьох а вийр ву тIемало-террорхо. Балевелира къарлуш воцу Тангиев шен къам охьаотуш хьийзачарна. Уьш 2003-чу шеран бIаьста баьхкира Катаяме иза дIавига.

…Тахана шен а, Тимуран а берашца Норвегехь ехачу Тангиев Тимуран зудчо Фатимас зорбанехь иштта дагалецамаш битина туьтмIаьажигаш а йоьхкина баьхкинчех, цIийнда вигарх а лаьцна.

«Дийнахь дара иза. И нах цIеххьана чулилхина, сан майра схьа а лаьцна, цунна етта буьйлабелира. Ши шо долу Амина тIехьаьдда, ден настарх хьарчира. Берана тоьпан мукъ тоьхна, багара ши церг яьккхира, мо бу йоьIан хьаж тIехь хIинца а.

Шайн машен керта а яьккхина, цу чуьра герзаш лаьтта охь а даржийна, суьрташ дехира. Соьга тоьшаллин кехата тIе куьг таIаде бохура, ас иза ца дича, боьха мел дерг дийцира соьга. Майра дIавигича, лаьтта тIехь цIийн Iам бисинера.
...Юха дуккха а хан яьлча, суна иза набахтин коран ангалех чекхгира: цо шена тIера коч хьалаайича, букъ тIехь Iаьржий, боьмаший, можий томмагIаш дара, гуш дара цигаьркаш, сирникаш букъ тIехь яйъинийла. ПIелгийн мIараш яра кIарул-Iаьржа».

Иштта ду Тангиев Тимуран зудчо дина тоьшалла.

…Цхьа хан яьлча Соьлжа-ГIалахь кхел ян йолийра. 26 шо хан туьйхира Тимурна. Цунах массех милцо вийна террорхо ву элира. ТIаккха дIавигира Оьрсийчуьрчу набахте. Цул тIаьхьа итт шо делира. ТIаьххьара а бакъдолчун юьхь-марш гучуяла юьйлира.

Европан кхело бакъдира, Тангиев Тимурна тIехь низамца ца догIу дабагI а деш, талламчаша иза кхеле кхачийнийла. Дов юха а толлуш, 45 эзар евро
Тангиевна охьадилла тIедожийра Оьрсийчоьнна. Пачхьалкхан Лакхарчу кхело бакъбира Европан кхелан сацам. Стохка юхаталла Нохчийчу схьахьажийна набахтин 11-гIа шо токхучу Тангиевн дов.

Маршо Радионехула ша рогIера, шолгIа къайлаха къамел дан воллу аьлла, Тимура смс яийтича, къамел доладелча, оха хаьттира цуьнга, тхан радиоца ахь хьалха къамел дар бахьана долуш, хьо вуьйр ву аьлла, хьакамаш баьхкина хьийзина хьуна тIе, стенна оьшу хьуна юха а хьо гIелоне хьайн лаамца ваккха, аьлла.

Шена шеца Iедало лелаен харцонаш балеевлла, ша вийча а мега шена, дуьненна бакъдерг дIахезичхьана боху Тангиев Тимура.
Оха а ойла йира, Соьлж-ГIаларчу СИЗО-1 набахтехь лела харцо оха а, юха а нахала яьккхича мукъане а хийцалур дац-те хьал, эхь самадер дац-те гIелоечеран, аьлла. Хаац.

Иштта дара Тангиев Тимуран дийцар.



Тангиевна тIехь набахтехь мел латтийна, латтаен гIелонаш тергоне а оьцуш, уьш ялхош Страсбургерчу суьдах а ваьлла, цигахь тоьллачех ву «Низаманца гIо! (Правовая Защита» олучу адвокатийн юкъараллера Аветисян Григор, цуьнца а хилира Маршо Радион Тангиев Тимурах, оьрсийн ницкъаллин, кхелан системан къизаллах, Нохчийчохь нохчийн хьаькамаша шайн нахана тIехь набахтешкахь латтадечу Iазапах лаьцна къамел.

Аветисян: «Долу хьал шатайпа ду, хIунда аьлча, тхуна Лакхарчу кхелан сацам а, иштта прокуратурана хетарг а – цо шеконе ца дуьллура адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело Iорадаьхна факташ. Иза оха позитиве, цхьа шатайпа хIума лерира, Тимурна Нохчийчохь нисбала тарло аьтто, хуьлуш дерг. Амма СИЗо-1 изоляторехь иза кхобучу юкъанна цунна Iаткъам бу беш, вен кхерамаш а тийсиина. Иза цигара аравер а вац, кхин а, кхин а...

И Iаткъам ца лайна, шен пхенаш хедон а гIоьртина иза. Оха цунах лаьцна Оьрсийчоьнан талламан урхалле а хаийтина, дахарна кхерам тийсар толлуш бехктакхаман гIуллакх гIаттор а дийхира оха. Оха прокуратуре а яздина Тимуран дахарна а, цуьнан могашаллина а болу кхерам юхабоккхуш, далург дахьара аьлла.

Тимуран гIуллакх шатайпа ду, иза Лакхарчу кхелан цацанах чекхваьлла. Ас ца юьйцу шен Тимуран шанс. Ас бохург ду цуьнца лелларг кху пачхьалкхан бакъонийн майдана даьлла.

Хаац суна-м, кхелехь Тимуран довталлар талхошболучара пачхьалкхан кхелан системана доккха зен до. ХIунда аьлча, бехккъасторхойн кхелах Iедал ца дешийла гойту хьоло. Суьдхой а бац гIуллакх парггIат къасто маьрша. Талламчашна хаьа дов талла ма-дезза ца теллийнийла, уьш кхоьру шайгара мацца а цкъа жоп дехарна.

Кхузахь цхьа хIума ду – я вайн кхелан системах теша деза, иза Европан кхелан сацамца болх беш ма ю. Я лаккхара охьахьажийначу омрица болх бан беза, довлистарна дуьхьало ечу, иза низаман хоршара яккха гIертачу нахана ма-луъу.

Кхин хIуманаш а ду инзаре, Масала, соьга ас сайна кхерамаш тийсар туьдуш кехат деъна Тангиевн девнаца доьзна.

Иштта хIуманаш ду лелаш. Иштта бу бакъдолучо толаме бен некъ. Хала белахь а, некъ ма бу иза а. Хаац, аш соьга хоттур ду, муха доьрзур ду дов? Ас цIенна жоп лур ду шуна: суна ца хаьа хIун хир ду»

Тахана Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан сацамца Соьлж-ГIалахь юхатоллучу девнехь Тангиев Тимуран адвокат ву Ахильгов Батыр. Ша Iуьналле эцначу Тимуран а санна, цуьнан а бу кхело шаьш сатуьйсу сацам а бийр бу, Тимур къизачу нехан карара а вер ву боху тешам дено-дено-бешаш, бовш.
Кхелах а, Тангиев Тимурах а лаьцна къамел дира оха.
Ахильгов: «Дов хаттар хIайт-аьлла дIадоьду. Зен хилларш а, тешаш а лебеш ду тхо хIинца. Дегайовхо ян-м ю, теша лаьа бехккъасторхойн кхело нийсса вердикт тIеоьцур ю аьлла.

Делахь а, девна гонаха лелачо мелла а шеконаш кхуллу. Тхан тоьшаллаш ду ницкъаллин структураша тешашна кхерам барах долу. Цул совнаха бехккъасторхойн коллегина гонаха лелачо а шекдоху. Царна ца хеддаш прокурораша лергах мехий доху, цо сагатдойту тхоьга юха а, юха а. Бехккъасторхошца тхан букътIехьа болх бу беш.

Ткъа Тимур са онда долуш къонах ву. Иза воьхна вац. Теша бакъдолчух, иза толийта а гIерта».

Стенна оьшу шеца къийсалучу нахана тола аьтто битина а доцчу Iедалца къийса? Тийна таьIIина а Iаш, стенна ца войту ахь цуьнга хьо хIаллак, цо хьан могIара ша баьхна нах ишта а, вуьшта а бойъуш хилча, хаьттира Маршо Радионо. Тимур-м вац озалуш а.



Дерза гергакхочур ду кестта Тангиев Тимуран дов. Сацам цо муха бо хьоьжуш, даима а санна, гIийла йоьлхуш еха цуьнан нана Катаямехь, иштта сатийсамо хеназа къежйина Норвегехь лечкъина яха тIедоьжна зуда а.

Хазахетар хир ду массарна а царна, Тимуран адвокаташна, иза балех хьалха валахь. Амма ойла йой-те нохчийн къомо Тангиев Тимур санна бехк болуш а, боцуш а эзарнашкахь буйла набахтийн харц-Iазап ловш ночхий?

Набахтешкара СМСаш, гIодар доьхуш орцанаш кхочу Маршо Радионе кест-кеста. Оха-м довзуьйту уьш вайн къомана. Цкъа ца хаало къомо шех хадийначу къонахошна бен къинхетам. Хаабелча а, вуно ледара, цхьалха хуьлу лецначех дог лозучийн аьзнаш а....

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG