Аренца бехачу нохчийн доьзалшкара уггаре а йоккха гIайгIа муьлхарниг ю аьлла, кегий бераш кхуьучу дай-наношка хаьттича, схьахетарехь, царех дукхахчара берашна нохчийн мотт бицлуш хилар я иза бицбаларан кхерам боккха хилар хьахон мегара. ХIунда аьлча, хIинцале а Малхбузехь бехачу нохчийн цхьа чкъор хийцаделла а доцушехь, я, вукху агIор аьлча, хьалхарчу чкъурера мигрантийн доьзалшкахь шаьш кхууьш долшехь, кIезиг дац Европехь нохчийн доьзалшкахь ненан мотт ца хуу я иза ца буьйцу бераш.
Цу хIуманна тайп-тайпана бахьанаш ду. Амма долалуш дерриге а цхьатера долало: гуонахьара нах хийра меттанаш дуьйцуш хиларна, ткъа берийн я ишколашкахь я берийн бошмашкахь цу хийра мотт буьйцучаьрца алсамох уьйраш хиларна, цара лоц-лоцуш и мотт шайн цIахь, шайн йиша-вешица а, деца -ненаца а бийцар юьхьаралоцу. Ткъа дас-нанас и уггаре а ларон езаш йолу мIаьрго – шен доьзалхо шеца хийрачу маттахь къамел дан волалуш йолу, - я тергал ца еш йитина хуьлу. Я, мелхо а, шен берана хийра мотт Iемича, цуо иза бийцича, цунах дозалла а хеташ, лела. Ткъа чохь а, арахь а ненан мотт буьйцуш доцучу берана и мотт хербала масех бутт бен ца оьшу.
Нагахь санна Германехь а, Австрехь а оьрсийн а, туркойн а, Iарбойн мигрантийн доьзалшкахь дуьйцуш дерш шайн къоман меттанаш делахь, ур-аталла метро чохь воьду-вогIу нохчийн да-нана шайн доьзалхочуьнца гича а, хаза йиш хуьлу, царех цхьаболчара, шайна хаахь а, ца хаахь а цу шайн берашца немцойн мотт буьйцуш. Я оьрсийнарг. Я муьлха а кхинарг, нохчийнарг дIабаьккхичахьана.
Иза гIайгIане а, ойлане вожон а агIо ю махкал арахь бехачу вайнехан дахарехь. Амма синтеме ерг, дог токх доккхуш ерг а ю, цхьадика. КIеззиг бац Европехь шайн берашна ненан мотт биц ца балийта гIерташ, цаьрца къахоьгуш болу дай-наной а. Дукха хан йоцуш Венехь болх бан йолалеаллачу нохчийн а, кхечу а меттанийн курсашкахь церан аьтто бу, шайн берашна мотт хьехийта.
Цу ишколан куьйгалхочуо Динарас дийцарехь, „Маршо“ цIе йолчу цхьаьнакхетаралло схьайиллиначу цу мукъаденойн ишкалан тайпанехь ялх шарера берхIитта шаре кхаччалца долчу берийн аьтто бу, нохчийн мотт а, амма цул совнаха Iарбойн а, оьрсийн а меттанаш Iамон.
Динара: „Цхьа ши шо ду тхо хIара болх беш долу. ЦIахь тхаьш ца хиларх терра, берашна шайн ненан мотт биц ца балийта гIерташ, царна шайн гIиллакхаш диц ца далийта а, Iадаташ довзийта а аьлла Iалашо йолуш долийна хIума дара оха хIара. Берийн чIогIа самукъадолу кхузахь. Тхаьш дIадаьулалуш тхуна иштта хир ду а ца моьттура, ткъа хIинца схьаэца ца кхуьуш, рогIе дIаяздина дуккхаъ бераш ду тхан. Царна еша а, яздан а Iамадо оха, амма цул совнаха дуккхаъ шира нохчийн дешнаш а Iамадо. Иштта луучарна Iамабо оха кхузахь Iарбойн мотт а, оьрсийн мотт а“.
„Маршо“ цхьаьнакхетараллин ишколехь берашна Iарбойн мотт хьоьхуш волчу Шишани Мохьмада билгалдоккху, нохчийн берашна, ненан меттал сов, кхин а Iарбойн мотт Iамор а вуно мехала хилар. Бусулба динца доьзначунна сел сема болчу вайнахалахь берашна шаьшна Iарбойн мотт а хиъча, КъуурIан деша а хиъча, царна атта хир ду, бакъ - харц вовшех къастон а, бусулба динан цIарах шайна цхьаццаболчу харц-Iелимнаха кочатуьйсуш долу хIумнаш талла а, аьлла, тешна ву иза.
Шишани: „Суна лиънарг хIун дара хьуна аьлча, цу берашна Iарбойн хиъча, царна КъурIан деша хуур ду, шайн дин девзар ду. Нахе шаьш къехаъ ца дойтуш, наха луьйцучунга ла а ца дугIуш, шаьшна кхетар ду, диканарг стенгахь ду а, вуонарг стенгахь ду а. И Iалашо йолуш волавеллера со. Кхузахь кегийра бераш а ду, мелла а даккхийнарш а ду. Церан кхузахь самукъадолу я ца долу ца хаа суна, амма деша а, мотт Iамон а лаам-м бу цаьргахь вуно боккха“.
Даханчу мукъаденошкахь кху дешаран шеран тIаьххьара де дара Венерчу Vorgartenstrasse, I45 адресца оьшучарна карон йиш йолчу нохчийн ишколехь. Уггаре а дика шайн ненан мотт Iамийна долу бераш билгадохуш лерина цхьа къовсам дIабаьхьира хьехархоша берашлахь, тоьллачарна совгIаташ а, иэсана аьлла сертификаташа луш. Цкъачунна аьхкенна садоIа цIёахецна бераш а, амма тIебогIучу гезгмашин баттахь юха а шен неIарш схьайоьллур ю „Маршо“ цIе йолчу ишколо.