ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1075 стаг вийна Иракъехь кху баттахь


Шина кIиранна чохь 1075 стаг вийна Иракъехь, хаам бина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино. Суннатойн тIемалой гIевттинчул тIаьха махкахь байину нахалахь дукхахберш маьрша нах бу. Оршотдийнахь Иракъерчу курдойн автономин президенца Барзани МасIудца цхьаьнакхийтира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретар Керри Джон. Цигахь дийцира, Иракъна суннатой алссам декъахь а болуш, таханчул волехьа Iедал оьшуш хиларх лаьцна.

Оцу юкъанна, Исламан пачхьалкх Иракъ а , Леванта а боламан тIемалой а, царна гIодеш болу Iаьрба мехкашкара суннаташ а шаьш дIалаьцначу Иракъан ах-декъатIехь дIачIагIлуш бу. БагIдадо бакъ ца до гIаттмахоша Мосулна гергарчу Байджи-гIалара мехкдаьттан комплекс караэцна бохург. Иштта Iедало хаам бо, ша пачхьалкхана вуно хьашт йолчу Хьадитерчу гидроэлектростанцина динчу тIелатарехь а тоьлла бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG